Оьрсийчура Оппозицина ГIортор Йина Гэбриэл Питера

Британин рок-лакхархо Гэбриэл Питер, 28Деч2008

Дерриг а дуьненахь вевзаш ву «Дженезис» тоба кхоьллина волу Британера мукъамча Гэбриэл Питер. ГIарабевлла мукъамаш яззбина ца Iаш, иттанаш шерашкахь адамийн бакъонашкахьа къуйсуш а, Iалам а, дуьненан тайп-тайпаналла ларъярехь а къахоьгуш ву иза. Оьрсийчура харжамашца доьзна Iедалийн дуьхьалончашка вистхуьлуш видео дIаязъйина, политикан бахьанашца Оьрсийчу гастролашца вогIуш воцчу Гэбриэл Питера хIинца а.
Цхьа хан яра Оьрсийчохь, йоллучу а Советийн пачхьалкхахь санна, Питер Гебриэлан кхолларалла йихкина йолуш. Доллучу дуьнентIехь а уггаре а лоручех волчу цу мукъамчин эшарш а, мукъамаш а советийн идеологица цхьанабогIуш бацара, хIетахьлерчу терминологица аьлча „яхкалуш лаьттачу Малхбузенан тIеIаткъам“ бар кхерам бара цуо кегирхошна. Ткъа и зама чекха яьлла аьлла хеттачул тIаьхьа ткъо шо сов хан яьллачул тIаьхьа сахьт дац Гэбриэл Питер Оьрсийчохь юха а нон грата лоручех цхьаъ хила.

ХIунда аьлча гIараваьллачу мукъамчано интернет- машанехь яржийна йолу видео хIуммаъ оьрсийн Iедалшна товр йолчарех яц. Шен Оьрсийчурчу оппозицин ницкъашка а, Iедалийн дуьхьалонашка а хьажийначу къамелехь Питер Гэбриэла и дуьхьалончаш чIогIа майра а, доьналла долуш а го шена, бохуш дуьйцу. ХIунда аьлча, боху цуо, хаза нехан санна доьналла оьшу хьала а гIаьттина Iедалшка бакъдерг дIаала, и бакъдерг дуьйцуш хилла болу нах, Политковская Анна а, Маркелов Станислав а, Эстемирова Наташа а, кхин дIа берш а, къиза байъинийла хуушехь.

Питер Гэбриэл: Маршалла ду шуьга. Со Питер Гебриэл ву Лондонера. Суна сайн цIе аш еш йолу дуьхьало къобалъечу нехан могIаршна тIе тоха лаьара. Иза чIогIа гIора луш хIума ду- аш деш дерг гар. Дукха доьналла оьшу, хьала а гIаьттина, Iедалшка бакъдерг майра дIаала, и бакъдерг дийцина болу нах – Политковская Анна а, Маркелов Станислав а, Эстемирова Наташа а, Магнитский Сергей а, кхузахь, Лондонехь, Литвиненко Саша а - къиза байъинчул тIаьхьа.

Шун лелар йоккха майралла гойтуш ду. Амма цуо хийцамаш а кхуллу. Тхуна, хийрачу нахана, гуш хилча, шун премьер-министр волчунна дуьхьала наха шакарш еттар. Тхуна гуш хилча, аш гаррехь, кхечарна а гойтуш, дуьхьало еш хилар, дийна гIала гуоне а ерзийна, тIакха кхеташ хуьлу, кхерамаш тийсар, таIзарех кхерар – уьш хьалха санна нуьцкъала доцийла, хьалха бина болу тIеIаткъамаш цара хIинца ца бойла.

Кху харжамашкахь шу ца тола а там бу, амма аш тахана бугIуш берг керлачу Оьрсийчоьнан бух бу. Шун аьтто хуьлийла лаьа тхуна. Доьналлех ма духийла шу! Маршалла ду шуьга. Баркалла.

Ала догIу, Гэбриэл Питера хIинца дуьххьара тидаме эцна дац Оьрсийчура хьал. Нохчийчохь тIом боьдуш болуш шовзткъе итт дуьнентIехь цIеяханчу кхоллараллин белхалоша, шайна юкъехь яздархой а, мукъамчаш а, эшаршлакхархой а, режиссераш а болуш, схьадилина кехат яздинера Европерачу пачхьалкхан куьйгалхошка, Оьрсийчоьнна тIом сацабайта тIеIаткъам бе, аьллачу кхайкхамца.

Цу кехатна буха куьг таIийначарех цхьаъ вара Питер Гэбриэл а. Цул совнаха, Нохчийчохь тIемаш бар а, Оьрсийчоьнан куьйгалла адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар а бахьана долуш Оьрсийчу гастролашка ван туькуш вац Гебриэл.

Ткъа шен гIараяьллачу „Апри Муа“ (Apres Moi) эшар тIехь цуо цIерашца буьйцу Оьрсийчохь бакъдерг лехар бахьана долуш баъина нах, Эстемирова Наташа а, Политковская Анна а, Литвиненко Александр а хьехош.


http://www.youtube.com/embed/JQHvqIgToFQ?rel=0


Питер Гебриэл мукъамаш безачарна Нохчийчохь а шуьйра вевзаш ву. Советийн заманахь цуьнан кхолларалла, кхечу Малхбузерачу рок-мукъамхойн кхолларалла санна, официала йихкина хиллехь а, амма дуккхаъчарна езаш а, бовза-безачаьргахула карош а яра цуьнан „Genesis“ тобан юккъехь а, юха цхьа хан яьлча шен цхьаннин а эшарш а. Цул совнаха, Алан Паркеран а, Скорсезе Мартинан а гIараевллачу фильмашна саундрекаш язъярца а вевзаш ву иза.

Иштта къечу пачхьалкхашкахь дикадаран акцеш дIахьо цуо „Аьмнести Интернешл“ я „Доза Доцу Репортераш“ цIе йолчу юкъараллийн белхашна гIо а деш. Адамийн бакъонаш ларъярехь дакъалоцуш Питер Гэбриэла кхоьллина „Witness“ цIе йолу юкъаралла.

Цу юкъаралло доллучу дуьнентIехь а жигархошна видеокамераш йоькъу, адамийн бакъонаш хьешар а, кхин дIа йолу харцонаш а къайла ца яхийтархьама. Питер Гебриэлан фондера масех видеокамера Нохчийчохь тIом болчу хенахь меттигерчу стрингершкахь а яра лелош.