ГIирмера маьждигаш: Орта-Джами ‒ ГIирмерчу ханан заманара схьа дуьйна кху деношка кхаччалц (фотогалерей)

Орта-Джами шира маьждиг лоруш ду. Дуьххьара иза хьахийна тептаршкахь 1674-чу шарахь
 

ГIирмехь Iедал латтош хан волчу заманахь коьрта рузбан маьждиг лоруш хилла ду иза

Кхоччуш иза дина далийтина ханаша Менгли II-чо а, Селямет II-чо а 1737 – 1743 шерашкахь

1881-чу шарахь маьждиге лелачу наха юхадира иза. 1929-чу шарахь дуьйна маьждиг дIакъевлина дара ламазе лелачу нахана, цунах културан цIийнах а, кинотеатрах а санна пайда а оьцуш

Ламаз оьцу меттиг. 1929-чу шарахь динца йоьзна гIишло санна  маьждиг юкъатуьйхира ГIирмерчу комитетто Iуналла дечу исбаьхьаллин а, ширачу заманан а, халкъан Iер-дахаран а эсаллийн тептарна

Маьждиган кертахь эца аьтто бу сувенираш

2001 шарахь Товбеца-баттахь Бахчисарай гIалин кхеташонан сацамца «Мустафа-Джами» олучу бусалбан юкъараллина юхаделира Орта-Джами маьждиг

Чувоьдучехь дIатоьхна ду дIахьедар

2012-2013 шерашкахь меттигерчу УмеровгIеран доьзало дӀадоладарца реконструкци йира ширачу маьждигана

2013-чу шарахь юхадинчул тIаьхьа юха а ламаз дан долийра маьждигехь

2013-чу шарахь дуьйна маьждигана дола деш ю ГIирмера Бусалбанийн урхалла

ХIора кIиранах рузбан ламаз до кхузахь

Кегийрхой богIу кхуза  зуда ялош бусалбан дино ма бохху мах бан

Бахчисарай гIалин историн декъан юккъехь лаьтташ ду Орта-Джами цIе йолу маьждиг. ГIирман-гIезалойн маттера гочдича иза ду "юккъера маьждиг" бохург. Орта-Джами ду гIалан визитан картанех цхьаъ. Динан гIишло ю Ханан гIала-цIенна маситта бIе метр гергахь. Цхьана хенахь цу чохь ламазаш дина ГIирман ханаш. ГIирма.Реалиин корреспондент хилира Орта-Джами маьждигехь, хIара суьрташ а дохуш.