Таханлерчу дийнан тоьллачех долу сурташ

Испанерчу баскийн Гечо гIалахь Arnette Punta Galea Big Wave World Tour цIе йолчу сёрфистийн къийсаман декъашхо чувожийна тIеенчу йоккха тулгIено. (AFP/Rafa Rivas)

Саlуди lаьрбийн пачхьалкхера Табукехь дукха дlоганаш ихина, тlедевллачу хиш шен йохийначу хlусамера куьзгана хьоьжуш ву цу хlусаман да. (Reuters/Mohamed Alhwaity)

Индонезера Зомби Клубан декъашхо ву Джакартехь дlаяьхьначу маршехь дакъа лоцуш. Джакартехь тlе хиш девлла, хlусамех бевллачу нахана гlо-накъосталла деш, ахчанаш вовшахтухуш бу цу клубан бlеннаш декъашхой. (AFP/Adak Berry)

lедална дуьхьал Мисар пачхьалкхерчу Къахlирехь дlаяьхьначу дуьхьалонан акцин декъашхо ву шен пlелгех паттарчий доьхкина. Цо бахарехь, полицино Къахlирна юккъехь нахана тlе диттинчу патармех дисина ду уьш. Мисархойн президенто Мурси Мухьамеда чlагlйина раж кхайкхош ву кхаа гlалахь. Царна юкъахь, хlокху кlиран дийнахь 45 стаг вийна йолу Суэц-гlала а ю. (Reuters/Amr Abdallah Dalsh)


Цхьа стаг ву буса ятта йитина хьаьжкlаш ворданара охьахарцош, Пакистанера Равалпинди фабрикехь. Йохъйинчу гlумарехь буса ятта юьтуш йолу хьаьжкlаш Пакистанехь дика бууш болу кхача бу. (Reuters/Mian Khursheed)

Германин къилбехь йолчу Баварера Гайссах эвлана йистехь йолчу аренгахь, Schnablerrennen sledge race олучу къийсадаларийн декъашхой. 70 сов тобано дакъа лаьцна хlора шарахь дlахьучу къийсадаларшкахь кхушара. (AFP/Christie Stache)

Исламисташ-тlемалой хиларна шеко йолуш лаьцна хиллачу нехан декъий гуш ду ор чукхиссина. Human Rights Watch дийцарехь Мали-пачхьалкхехь, Севаре олу меттиг ю иза.  (Reuters/Eric Gaillard)