Денойн хиламаш сурташкахь
УЕФА-н чемпион яьлла "Бавари". (AFP / Кристоф Stache)
Iамеркан Байракхийн Дезчу дийнахь Бостонехь кечйинчу майданехула четар а карахь йоьду гIашло. (Reuters / Brian Snyder)
Гуджаратехь газца лела автобус иккхича деллачу 17 берах цхьаьннан нана. Пакистан. (Reuters/Faisal Mahmood)
БагIдадерчу ШахIидийн музейхь хьажархо шена тIехь юстуш ву Хьусайн Саддаман режимо стаг хьийзош цуьнан коьртах юллуш хилла туьтмIаьжиг. (Reuters/Thaier al-Sudani)
Кириллан а, Мефодийн а де даздеш ду Москох. (AFP/Kirill Kudryavtsev)
Югославин паччахьийн Караджорджевичийн цIийнах хиллачу веа стеган дакъа Iамеркара схьа а деана, даймахкахь дIадухкуш бу сербаш, Белград.
ХIиндо шен говр лийчош ву тевнечу дийнахь, 45 градусе кхочуш йовха ю ХIиндойчоьнан юккъерчу а, къилбаседанерчу а регионашкахь. (AFP/Shammi Mehra)
Иттаннаш эзарнаш нах арабевлира нехан яха, Приштина, Косово. (AFP/Armend Nimani)
Гей-парадна духьал хIоттийначу гуламера йоккха стаг лоцуш бу полисхой, Киев, Стигалкъекъа-бутт, 25. (Reuters)
Махкахь машар кароре халкъ кхайкхочу жигархоша "Лоппагийн Болам" хIоттийра Кабулехь Стигалкъекъа-беттан 25-чохь, ОвхIанистан. (AFP/Massoud Hossaini)
ТIаьххьара Горгали бекна Оьрсийчуьрчу а, кхечу дуккхаъчу мехкийн школашкахь, Киев, Украина. (RFE/RL)
Стигалкъекъа-беттан 24-чохь хиллачу тIематасадаларехь лазийна полисхо кIелхьаравоккхуш ву цуьнан накъост, Кабул, ОвхIанистан. (Reuters/Omar Sobhani)
Ницкъаллица гоьваьлла белорус Шимко Кирилл такхош воллу тIаьхьа-хьалха йоьзна 7 автобус, Минск. (Reuters/Vasily Fedosenko)
ХIордан тIеман академи чекхъяьккхар даздеш бу къона эпсарш, Мериленд, Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ. (AFP/Mandel Ngan)
Сринагар-гIалахь шен цIийнан корах арахьоьжуш Iа вахархо, Кашмир, ХIиндойчоь. (Reuters/Danish Ismail)
ТIеман центрехь дешар чекхдалар даздо ОвхIанистанан салташа, Кабул. (Reuters/Omar Sobhani)
ТIеман хьелашкахь лаьтта Iедалан эскаршца лета Алеппора гIаттамхой, Шема. (AFP/Ricardo Garcia Vilanova)
Дрина-хичохь, чхар тIехь лаьттачу шен цIентIе воьдуш ву вахархо хинкеманца, Байина Баста, Серби. (Reuters/Marko Djurica)
Косовска-Митровицехь дина долуш ду керла маьждиг, Косово. (AFP/Armend Nimani)
БIешераш хьалха дуьйна а лаьттачу кепехь къоман бепиг деш ву овхIанхо, Герат. (AFP/Aref Karimi)
Катманду-ГIалин майданахь ловзу бедаш. (AFP/Prakash Mathema)
24 стаг а вуьйш, шайтIан мох дIасецча, Оклахома. (Reuters/Gene Blevins)
Кашмирерчу Джелум-хи тIехь уьстагIий личош ву жаIу, ХIиндойчоь. (Reuters/Danish Ismail)
Базарахь бохка кIора кечбеш бу бахархой, Равалпинди, Пакистан.(Reuters/Faisal Mahmood)
Францойн матадорна Леаль Хуанна маI Iоьттина старо. (AFP/Pascal Guyot)
Швецин хоккейн тоба - 2013-чу шеран чемпион. (Reuters/Arnd Wiegmann)
Къилбаседа Кореян лидер Чен Ын Ким а, цуьнан зуда Лю Сол Ри а дахана берийн беша, Пхеньян. (Reuters/North Korea's Korean Central News Agency)
ЧIерашна хиш цIена латторехьа арт-гайтам хIоттийна Йодогава-Техник тобано, Уно, Окаяма, Япони. (AFP/Jiji Press)
КIомал озар низаме даккхар доьхучийн гуламехь, Сантьяго, Чили. (AFP/Martin Bernetti)
ЦIенойн тхевнаш а бохош хьаьвзина мехаш дIасевцича, хилла зе зуьйш ю яхархо, Нарын, ГIиргIазойчоь.(RFE/RL's Kyrgyz Service)
Зезагийн гайтамехь шен азалешка нах хьовсуьйтуш ву бешлелорхо, Челси, Лондон. (AFP/Ben Stansall)