Хиламийн васташ
ХIерат провинцехь Рамазан-баттахь медресехь Къуран доьшуш ду ОвхIанистанера бераш.(Reuters/Mohammad Shoib)
Украина. Оьрсийчура Ростох баха автобусашна тIеховша боьлхуш бу Донецкера бахархой Товбеца-беттан 14-чу дийнахь. (Reuters/Maksim Zmeyev)
Украинерчу Донецкехь Ленинан хIолламан тIе тоьхна ю "Новороссиян" байракх. (AFP/Dominique Faget)
Украина, Донецк. Чов хилла сепаратист ву дарбан хIусамехь шен сурт даккхийта дIахIоьттина. (Reuters/Maksim Zmeyev)
Украина, Семёновка цIе йолу эвла. Товбеца-бетт, 13. (AFP/Genya Savilov)
ТехIранехь моделан агенталлехь болх беш болу мехкарий бу, ГIажаройчоьнан байракхан бесарийн къаденех дина, дуьненан чемпионате яханчу шайн къоман футболан тобан логотипаш тIехь йолу духар а доьхна, модан гайтамехь дакъалоцуш. (AFP/Bahareh Asadi)