Тоьлла сурташ

Манилера базарахь пирамидин кепехь охьаехкинчу хорбазашна тIехь бийшина Iохкуш бу белхалой. 
(AFP/Noel Celis) 

Iаьржачу ХIурдан йистехь йолчу Сочи-гIалахь зуда ю кхоссалуш. (Reuters/Maxim Shemetov)

ГIуран беттан 15-чу дийнахь ГIура Дадин духар а, кхин болу туьйранашкара турпалхойн духарш а доьхна бу Минскера бахархой.  (Reuters/Vasily Fedosenko)

Сакъоьруш болу нах бу Санта Клаусан духар доьхна, Гуьржийчоьнан парламентана хьалха Керлачу Шарана хIоттийначу базан диттана уллехь шайн самукъадоккхуш. (Reuters/David Mdzinarishvili)

Пакистанера ХIаваан Ницкъийн кадет ву са тасале Мохьаммад Iела ДжиннахI мавзолейна уллехь дIахьучу гIарол хийцаран церемонехь дакъа лоцуш. Карачи, ГIуран беттан 17. (Reuters/Akhtar Soomro)

Украинера Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллин хьалха доьхьалонан акци дIахьуш бу украинхой, къиза йиттинчу журналистан Чорновил Татьянин сурт а лаьцна. (Reuters)

Ватиканехь, Везачу Пётран килсанна уллехь Римера Папа Франсиск ву Iиса Пайхамар бер-тайниг карахь лаьтташ. Iиса Пайхамар винчу денна лерина католикашка дIахьедар деш вара иза. ГIуран беттан 24 (Reuters/Tony Gentile)

Ливанера ши зуда ю Санта-Клаусан духар доьхна, кара къоман байракх лаьцна, хи тIехь хохку когсалазаш хохкуш. Бейрутана 20 чаккхарма къилбаседехьа. (AFP/Patrick Baz)

Ромуалдо Редона а, цуьнан йиша Анджела а чIурамаш латабой, сих сиха доIанаш доьшуш хуьлу, тайфуно дийначу йишин, вешин коша тIе а догIий. Филиппинаш, (Reuters/Romeo Ranoco)

ОвхIанхо ву Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран ортопедин центрехь протез еш, Кабул. (EPA/S. Sabawoon)

Киеверчу Евромайданехь обанаш олуш ду хIара шиъ. (EPA/Tatyana Zenkovich)

Пусси Райотера Алехина Мария арахецна Лахарчу Новгородера набахтера, ГIуран беттан 24. 
(Reuters/Sergei Karpukhin)

ХIурдан тулгIенашна тIехь хехкалуш ву сёрфер, Испанера Пунта Галеахь вовшахтоьхна хиллачу къийсамехь. (Reuters/Joseba Etxaburu)

Шанах йина говр ю чиркхашца къагийна Токиора цхьана бешахь, Япони. (AFP/Yoshikazu Tsuno)