КIиранан сурташ -- Стигалкъекъа-бутт 12-18
Сребреницехь бусулба божарий бойъуш, майррий, кхо кIанттий, кIентакIанттий хIаллак-хилла Дзогаз Мейрин. Сребреницина гена доццуш, Потоцари-юртахь йолчу шен хIусам чохь Боснера сербийн инарлина Младич Раткона тIехь йоьдучу кхеле хьоьжуш ю и. (Reuters/Dado
Актриса Монро Мэрилин тIехь йолу постер хьалауллуш ю Каннашкахь 65-гIа Филмийн Фестивал дIахьочу гIишло тIе. (Reuters/Eric Gaillard)
Москох Кудринская майданахь оьрсийн ву кIайн кIадин кийсаг лестош. (ITAR-TASS/ Sergei Karpov)
БIаьрзе таджикийн зуда ю Душанбехь йолчу хьуьжарехь Брайл элпашца яздина Къуръан доьшуш. (Reuters/Nozim Kalandarov)
РамаллахI-гIалахь, Офер набахтина хьалха йоьдуш ю Палестинхойн демонстраци. (Reuters/Mohamad Torokman)
Ашгабат-гIалахь схьайиллина дуьненчохь уггар йоккха - 47,6 метр лекха - "шайтIанан чIург". (AFP)
Кабулехь Iедалан гIуллакххой а, тезета баьхкина нах а докъан ламазаш деш бу хьалха ТIалибийн министр а, юха ОвхIанхойн Лаккхара Машаран Кхеташонан декъашхо а хилла волчу Маулви Арсала Рахьманин барамна хьалха. (Reuters/Mohammad Ismail)
НАТОн ницкъашна ягорг кхехьна йолу киран-машенаш Карачи-портехь лаьтташ ю. (AFP/Asif Hassan)
Стаг ягорган танкер цIанъеш ву Карачехь, Iамеркиний, Пакистанний юккъехь, ОвхIан-махкахь долчу эскаршна ягорг кхехьаран хьокъехь барт хиллачул тIаьхьа. (Reuters/Athar Hussain)
Исламабадехь кIант ву трамплин тIехь кхиссалуш. (Reuters/Faisal Mahmood)
Сербехь президент хаьржина волу Николич Томислав харжамаш хилале. (AFP/Andrej Isakovic)
Украинера Клевен-гIалахь йоI ю лелош боцчу аьчка-некъа тIехула йоьдуш. (Reuters/Gleb Granich)
Православийн мозгIар ву Байконур-космодромехь Союз TMA-04M панакема къобалдеш. (Reuters/Shamil Zhumatov )
Оьрсийн оппозионераш Путин Владимирна тажтилларна дуьхьал кхаьжнаш тосуш бу "ОккупайАбай" митингехь Москох. (epa/Maksim Shipenkov)
ОвхIанхо ву Кабулна арахьа лекъарчий чохь долу гура хьош. (Reuters/Mohammad Ismail)