Орсийчоьнан президенто Путин Владимира бIаьхойн инарла-лейтенант аьлла керла цIе йелла Кадыров Рамзанан накъостана, нохчийн "Ахмат" спецназан буьйранчана Алаудинов Аптина. СовгIат доьзна дац цо тIамехь гIуллакх дарца, хила тарло цуьнан "социалан машанашкахь скандале" васт хиларца доьзна, бохура тхан редакцица къамел динчу эксперташа.
Медиафронтера кадыровхой
ГIуран-беттан 9-чу дийнахь зорбане даьккхира Алаудинов эскархойн даржехь лакхаваккхарх документ. И сацам хIун Iалашо йолуш бина бу, хууш дац. Лаккхара даржера кадыровхо воцчунна керла седарчий делла иштта Къилбаседа Кавказера цхьа могIа эпсаршна а.
Даржехь айвина дукха хан йалале Алаудинов йуха а вийца ваьккхира хаамашкахь: бахьана дара, Москвара пачхьалкхан университетан политологин факультетан дешархошна йукъахь хиллачу девна иза йукъагIортар. Цхьахйолчу студенто "тикток-эскар" аьллера, цо куьйгалла дечу спецназах. Цхьана дешархочо тIедожийнера важа студент университетера дIайаккха аьлла, йукъарчу чатехь дечу къамелехь цо ночхийн дакъойх кхаьрдаш цхьацца хIума йаздарна. Алаудиновс дIахьедира, ша "гечдина" студентана, къинтIера воккхуш иза йистхиллачул тIаьхьа аьлла. Дукхан хан йукъа йолале университето видео йаржийра, Алаудинов лекци варах лаьцна.
Йуьхьанца дуьйна Алаудиновн цIе йоьзнера, Украинерчу тIамехь "Курскан агIо" гучуйаларца дуьйладеллачу девнашца а, "Ахматан" дакъойн проблемашца а. Дагадоуьйту, 2024-чу шеран марсхьокху-беттан 6-чохь украинхойн эскарш Оьрсийчоьнан дозана – Курск-махкара Суджанскан кIошта кхечира, цигахь дIа а тарлуш. Оцу меттиге уьш чулелхачу дийнахь ВЧК-ОГПУ телеграм-канало йаздира, цхьана кIоштахь "мел кIезиг а "Ахмат" декъан 15 эскархо лазорах лаьцна. Цул совнах, хаамбора, ВСУ-н эскарш кIошта йуккъе а кхаьчна, цара дуьххьарлера тохарш дан ма доллий, "Ахматан" эскархой дIасабевддера бохуш.
ХIетахь Алаудиновс и дохку бехкаш бакъ ца дира. Цул совнах, цо тIедожийра "тIеман корреспондентана" Романов Владимирна, "Ахматан" эскархоша салтийн баккъаш тIехьара позицеш дIалецнера аьлла дешнех къурд алийта.
МедиатIамехь "Ахмат" командиран кхиамаш къобалбар
Ишта марсхьокху-баттахь дийца даьккхира, цхьа могIа кадыровхой Курскан кIоштахь йийсаре кхачарах: гIадужу-баттахь "Ахматан" виъ эскархо дIасахийцира кхечу йийсархошца "95 – 95-х" аьлалчу форматехь. Йийсаре бахна уьш йемал бина ца Iаш, Алаудинов Аптис цаьрга кхайкхам а цхьаьна бира, "хIуъа дай а, шаьш хIаллакдайта" аьлла. ХIетахь цхьаболчу эксперташа дIахьедора, хийцинчу эскархошна тIехь даймахкахь ницкъбан тарло бохуш.
Марсхьокху-бутт йуккъе баьллачу заманчохь Кадыровн бIанакъоста кхин а цхьаъ скандале дIахьедар дира. Цо бахарехь, салтий декхаре бу тIемашкахь дакъалаца, нагахь санна, и тIом Оьрсийчоьнан декъа тIехь белахь. "18 шо долчу божарех бераш дан ма гIерта" бохура цо, хаамбира, шен декъехь "дуккха а кегийрхой бу 18,19, 20 шераш долуш" аьлла.
Керла дарж – медиатIамтIехь "Ахматан" командиро кхиамаш бахар къобалдар ду, бакъболчу тIамехь дакъалацарца доьзна дац, аьлла хета Оьрсийчоьнан политологна Айсин Русланна. Инарло, цуьнан хьесапехь, "шен доллу леларца дIагойту ша Путинан некъана резахилар": "Дера хIета, цхьа стаг ма оьшу, перспективехь Кадыровн метта хинволу. Оцу йукъанна цуьнца цхьанакхета веза аьлла дац и".
"ТIеман гуш йолу йуьхь"
Алаудиновца йоьзна кхин цхьа скандал а йац Курскан агIор динчу тIелатарца йогIуш, амма цуьнан фонехь хилла йу. Анапера "Клим" кафена гергахь гезгамашин-беттан 3-чохь нах леташ йаьккхина видео йаьржира. Хаамбора, тIелеттачух цхьанца гергарло таса меттигера йоI реза цахиларна доладеллера дов бохуш. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийра харцахьа леларна, тIелеттарш а лмйцира. ТIаккха Алаудиновс дIахьедира, лецначарлахь меттигера ши вахархо – Заурбеков Зелимха а, цуьнан анкъост Руслан а хилла аьлла. Цо бахарехь, йоIа къоман билгалонца сийсазбина хиллера уьш, кадыровхойх ВСУ-х уьду "тикток-эскарш" а олуш.
Оцу тIехула "Z-блогершлахь" чIогIа критика йира Алаудиновна. Йаздархочо, "Z-блогосферин" талламхочо Филиппов Ивана бохура тхан редакцина йеллачу интервьюхь, нагахь санна, Курскера операцин йуьххьехь "Ахматан" командир "дузийначу" хьостийн бакъвина спикер хилла ца Iаш, кхинболчу Z-авторшлахь а хиллехь, Анапехь летарш хиллачул тIаьхьа цо йинчу реакцино, цуьнан "сирла васт" маса макхдира.
Гезгамашин-бутт бовш Алаудиновс дIахьедира, Курскан кIоштахь баттахь сов "бинчу гонехь" латтийра украинхойн эскархой аьлла. Цо билгал ца даьккхира, муьлхачу декъан эскархой бу буьйцурш. Цул тIаьхьа латкъам бира цIе ца йаьккхинчу, "Ахматна"луьйш болчу Оьрсийчуьрчу "йамартхошна", кхерамаш тесира, "царна догIург дийр ду" аьлла.
Путина дIагойту, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца шен цхьа а дов цахилар
Алаудинов юьстах ца висира Оьрсийчоьнан эскарш Къилбаседа Корейн тӀеман эскархойх дуьзна бохуш, зевне хаамаш бинчул тIаьхьа а. Лахьан-бутт чекхболуш цо дуьххьара дӀакхайкхийра КНДР-ера эскархой Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалоцуш хиларх лаьцна, цул тӀаьхьа хаамбира, шен декъехь Оьрсийчохь беха корейхойн къаьмнех нах бу аьлла.
Алаудиновн керла дарж бакъболчу тӀеман кхиамашца доьзна дац, амма шеко йоццуш цо пачхьалкхехь "коьрта дакъалацарх" лаьцна ду, тешна ву Къилбаседа Кавказан аналитик Чемберс ХIарольд. Цо бахарехь, Путина гуттар а дIагойтуш ду, ша Алаудиновна гIортор йеш хилар: "ХIара цуьнан даржехь лакхаваккхар цхьана Кадыровца доьзна ду бохург дац иза. Цу тIе даьлча, цо дIагойту Алаудинов Нохчийчоьнан урхалхочун рожах цхьана декъана дIакъаьстина хилар".
Нохчийн политологна Кутаев Русланна, мелхо а, хета, Алаудиновна керла совгIат дар Кадыровца доьзна ду аьлла: "Путина дIагойту, шен Нохчийчоьнан урхалхочуьнца дов цахилар. Кадыровс ала хIума доцуш кхочушдо шена тIедехкина декхарш. Иза сигнал йу "тIеман корреспонденташна", Алаудиновх а, Кадыровх а тешам алсам бу аьлла, царех массарех а болчул а".
- Украинин герзахойн ницкъаша Курскан кӀоштахь операци йолийчахьана, регионехь хуьлуш долчух лаьцна дIахоуьйтуш, Оьрсийчоьнан эскаран коьрта спикер хилла дӀахӀоьттина "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти. Муха хийцайелира цуьнан риторика а, хӀунда нисвелира Нохчийчуьра инарла тӀеман министраллан коьрта официалан спикер – Кавказ.Реалии сайтан материалехь.
- 2022-чу шарахь марсхьокху-беттан 25-чу дийнахь Украинин кхерамазаллин сервисо Украинин территорин цхьааллана тӀелатар дарна Алаудиновх шеко йу шайн элира. 2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто санкцийн тептаре ваьккхира иза. Жимма тӀаьхьа цунна дихкира Латви вар а. 2020-чу шарахь Британино а санкцеш кхайкхийра Алаудиновна, ткъа 2023-чу шарахь Украино а.
- Нохчийчуьра "къайлахчу набахтешкахь" Iазап лелор даржорца а вузу Алаудинов. Кадыров Рамзанан рожан критикаша хьалхо дийцира Кавказ.Реалии сайтана, Алаудинов Украинерчу тIаме "бехказа волуш" вахана аьлла. Иза бехкевора регионан куьйгалхочунна дуьхьал къайлах барт бина хилла бохуш. Алаудиновс дохку бехкаш тIе ца дитира.