Подмосковьера маьждигехь хилла рогIера ницкъахойн рейд питана ду аьлла нохчийн Iедалхоша

Нохчийчуьра маьждиг. Гайтаман сурт

Москван кIоштара Дзержинский гIалара маьждигехь дIайаьхьначу рогIера рейдехь дакъалаьцнарш "погонашца боьха хIуманаш" а, "питанчаш" а бу аьлла Оьрсийчоьнан парламентехь Нохчийчоьнан цIарах депутат волчу Делимханов Адама. ПIерасканан рузба йукъахдаьккхира полисхоша, мачашца маьждига чу а бахна, ламазаш дечаьрца шогалла лелош – Нохчийчоьнан Iедалхоша дIахьедина царна таIзар дайта лерина ду шаьш аьлла.

Доккхачу декъанна Делимхановс аьлла, хиллачух дийцаредина ша Москван кIоштан губернаторца Воробьев Андрейца а, Оьрсийчоьнан президентан чоьхьарчу политикехула йолчу урхаллин хьаькамца Ярин Андрейца а. Хиллачу къамелан чулацам а санна, цунна а тоьшаллаш дац.

Депутатана хетарехь, "мостагIашна луург до" полисхоша шайн леларца, "йукъараллера хьолана питана" а до.

Мангал-беттан 14-чохь Дзержинскера маьждигехь легалехь боцу мигранташ лоьхуш, рейд йира ницкъахоша, йаздора "Подъем" телеграм-канало. Маьждиге ламаз дан баьхкинчийн паспорташка хьоьвсира уьш, маьждигачухула мачашца лийлира, рузба динчул тIаьхьа хьовсахьара шайн паспорташка аьлла, бусулбанаша дехар дича - тергамза дитинера иза.

  • Мангал-беттан 7-чохь Подмосковьера Котельники гIалара маьждигехь пIерасканан рузба дечу хенахь гIишло чу баьхкинера ОМОН-н белхахой: "Когара мачаш ца йохуш, наха ламаз дечу хIусамчу лилхира уьш. Ларам боцуш, маьхьаршца, боьха мотт лебеш, коьчаоьхура уьш. Маьждиге баьхкинарш сийсазбора – царех дукхахберш Оьрсийчоьнан бахархой бу", – чIагIдора видео тIехь и сурт гинчо. Президенте Путин Владимире бистхуьлуш, видео дIайазйира бусулбанаша, ницкъахойх шаьш лардар доьхуш. Полихсошна дуьхьал шога барамаш бахар доьху цара.
  • 2021-чу шарахь а иштта рейда дIайаьхьира Котельникера маьждигехь рузба дечу заманчохь. Оцу маьждигехь хилла масех бусулба кехаташка хьажа аьлла полицин декъе дIавигина хиллера.
  • Маьршачу наха а, националистийн кхетам болчу жигархоша а дуьхьалонаш йинчул тIахьа Москван мэро Собянин Сергейс дIахьедира, шахьаран Косино-Ухтомскан кIоштахь дан лерина хилла маьждиг кхечу меттигехь дийр ду аьлла. Хьалхо оцу протестхошна кхел йе, йа уьш тIамтIе хьийсабе аьлла, кхайкхам бинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан сацам "чIогIа дика бу" аьллера. Кавказ.Реалиин редакцино теллира, маьждиг дан гIертарна гонаха хилла дов Къилбаседа Кавказехь муха тIелоцу, иштта дине болчу цабезаман муьлха керла билгалонаш гучуевлла Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийчхьана.