Дуьненаюкъара Поэзин де ду Зазадоккху Беттан 20-гIа де. Байтанчин денца доьзна нохчийн шина поэтаца зIене девлира тхо. Цхьаъ веха Нохчийчохь. Важа - Германехь. Атта бац шиннан а кхоллам, дахаро дуккха а моьнаш дитина дегнаш тIехь, синош тIехь.
Яралиев Юсуп. Махкана ткъеха шарахь хезаш а, девзаш а долу шен дешнаш карладаха реза хилира и.
Дала ма лайла вай, кIентий
Цкъа доггах цхьа хаза
ХIара дуьне дааза,
Дала ма лайла вай, кIентий,
Дала ма лайла вай, кIентий.
Дуьненан Iаламах
Цхьа илли алаза,
Дала ма лайла вай, кIентий,
Дала ма лайла вай, кIентий.
Дицлур ду вовшашна,
Къаьстича вовшах вай.
Дала ма лайла вай, кIентий,
Дала ма лайла вай, кIентий.
Безамо хьаьсттинчохь,
Я махках къаьсттинчохь,
Дала ма лайла вай, кIентий,
Дала ма лайла вай, кIентий.
Вовшашка хьовсаза,
ГIиллакхца довзаза,
Дала ма лайла вай, кIентий,
Дала ма лайла вай, кIентий.
Ца кхуьуш совгIат дан
Халкъана хьомсарчу,
Дала ма лайла вай, кIентий,
Дала ма лайла вай, кIентий.
Дайх ала дош доцуш,
Даймахкахь каш доцуш,
Дала ма лайла вай, кIентий.
Дала ма лайла вай, кIентий!
ШолгIа байтанча – цуьнан байтех дIакъаьстича, нохчийн къоман таханлера поэзи беркъа хир яра ала а догIуш автор ву. Бисултанов Апти. Иза веха Германехь, махках ваьлла висар шен хеназа валар а лоруш. Изза хеза цуьнан кху байтехь а.
ДегIаста
Юха а ярташ тΙехь сенлуш ду кIарраш,
Юха а цΙинлуш ду ламанийн карраш,
ДегIаста, ДегIаста, хьоьх дагайолуш,
Хетарехь, юха а бIаьсте ю йолуш.
Далла хьо езаран билгало юй-те,
Делан масмаликийн орца и дуй-те?
Цкъа а ца хиллачу кепара мерцаш,
Сел серлаюьйлу хьан маршонан херцарш.
Сан цхьа ког кошахь бу, важа – хьан лаьттахь,
ШахIидийн цIийх зазадоккхучу лаьттахь,
ДегIаста, ДегIаста, со а ву дийна,
Дийнаберш беллачех хьоьгучу дийнахь.
Дагна тIе дог дуьллий, хьоьга ладоьгIуш,
Дашна тIе дош дуьллий, хьо Деле йоьхуш.
Хьоьх дина доIа ду сан некъийн хазна,
Къеначу сан ненан хьоьх йолу назма.
Сан кхидерг дацара, лард а я дай а,
Весете дилла я байракхах айъа,
Дуьненчу волуш цкъа гина хьан бос бен,
Мотт Iемаш дуьххьара хьоьх аьлла дош бен.
Хьоьх ведда дIавоьдуш, ведда цIа вогIуш,
Дуьненан гIайгIанаш ахь серла йохуш,
Сайн эрна кхерстар а хетара хьанал,
Маьрша цхьа кIур болуш хьо хилчахьана.
Тийналлин кIоргенехь, аьхканийн кIожехь,
МаьркIаже тIейогIуш назманан озехь
Къорачу кхокханан гIайгIанехь нанас
Некъе ладоьгIуш цхьа юьрт хилчахьана.
Ткъа тахана леташверг летта дIаволуш,
Ида мел луучун идда садолуш,
Хьан СаIадин-кIотарахь, хьан хIора эвлахь
Йогуш ю Дади-Юрт, Девкара-Эвла.
Дийначийн хIусам яц, веллачун - каш а,
КIезиг ду къанойн дош, хьан кIонойн даш а,
Ког ловза меттиг бац, букъ тоха – берд а,
МостагIа хьан оьзда хIу дайъа гIерта.
Хьан латта даьккхина кхерсташ ю алу,
Хьан стигал яьккхина – Iожаллин талу,
Амма хьо хазлуш ю, Iийданехь санна,
Хьайн гIазот дуьненна дIагайта санна.
Ткъа хIинца хIун ала ас хьоьх а, сайх а,
Хьо ларъеш оьгучу маршонан дайх а?
ДегIаста, ДегIаста - Iаьмаран Заза,
Со цкъа а гина вац хьо иштта хаза.
Дахаро кеп-кепарчу хьелашкахь ваха кхачийна велахь а, Яралиев Юсуп а, Бисултанов Апти а цхьана лазамца веха – и лазам бу Нохчийчоь, цуьнан хьунаш. Шина а поэтца тхан барт хилла, церан кхолламах лаьцна кестта передачаш ян.