Полисхочух латарна лаьцна хилла нохчийн миллионеран кӀант Бажаев Тимур СИЗО-ра араваьккхина

Бажаев Тимур

Москвахь полисхочух летта аьлла лаьцна волу нохчийн долларийн миллионеран Бажаев Мусан кӀант Бажаев Тимур СИЗО-ра араваьккхина гезгмашан-беттан 24-чу дийнахь. Тимур СИЗО-ра аравалийтина, тIекхайкхича полици ван декхаре а вина, хаамбина тахана РБК-но а, Baza телеграм-канало а . Цара дийцарехь, жимстаг дӀахецна цуьнан гӀуллакх Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьртачу урхалле дӀаделлачул тӀаьхьа.

Бажаевн дас хьалхо дӀахьедар дира, нагахь санна шен кӀант "бехке а волуш, цхьана хIумана йукъа а гIоьртинехь, цо жоп лур ду" аьлла. РБК-н журналисташа хаттар дахьийтинера бизнесхочун векале, амма цо жоп ца делира.

Бажаев лацарх хиира товбеца-беттан 27-чу сарахь. Талламан комитетан Москварчу урхалло зорбане даьккхина "Лужники" стадионна гергахь терго латточу камерашкара исс секундехь дӀаяздинарг. Видео тӀехь жимчу стага коьртах хIума туху полисхочунна, цул тӀаьхьа кхо полисхо иза сецон гӀерта. Конфликт муха йолаелла а, дуьххьара куьг айдинарг мила ву а, хууш дац оцу видо тIехь долчуьнца.

Дукха хан йалале Пачхьалкхан Думан депутато Хинштейн Александра комментарий йира цу хьолана. Цо дӀахьедира, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан куьйгалло шен "Ӏуналле" эцна нохчийн бизнесхочун кӀант йукъахь волуш иккхина дов, цуьнан талламна Iаткъам бан хьийзаш цхьа нах хиларна аьлла.

Бажаевс тоьхна полисхо ву Москварчу Коьртачу административан кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн урхаллан йукъараллехь къепе латторан декъан куьйгалхо Махонин Александр, иза вевзаш ву, дуьхьалонан акцеш дӀасалехкарехь дакъалацарца.

  • Бажаев Тимуран гӀуллакхах а, цуьнан доьзалх а, махкал арахьа таро йолчу Нохчийчуьра бахархошна тӀеӀаткъам бечу кхечу гIуллакхех а деша Кавказ.Реалиин редакцин материалехь.
  • Кхо шо хьалха Москвахь хиллачу митингехь ОМОНца латарна бехкевина Нохчийчуьра схьаваьлла Джумаев Сайд-Мухьаммад изоляторан луьрачу хьелашка дехьаваьккхина.
  • Москварчу кхело йахйина Нохчийчуьра ММА-н латархо Якубов Илес лацаран хан, цунна бехке дуьллуш ду терроризм бакъйар, Басаев Шамилан аз дӀаяздина видео бахьана долуш. Хьалхо спортхочо дӀахьедира, шен Украинана дуьхьал тӀаме ваха лаам хиларх а, иштта а латкъамаш бира талламбар тӀаьхьатеттарна а.