Полисхойн бакъонаш шоръечу низамна куьйгъяздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дахначу шинарин дийнахь.
Президенто куьйг таIийначул тIаьхьа болх бан долалучу оцу документца а догIуш, полицин белхахошна бакъо елла нехан хIусамашка бийла а, машенаш яста а, нах вовшахтоьхна дIахьочу барамийн го лаца а, бахархойн дахарна, могушаллина кхерам лаьттачу юкъанна, йа цхьа зулам юкъахдаккха оьшуш хьал хIоттахь, шаьш муьлш ду, стенгара ду цахаийта а.
Дукхахболу бакъаонашларъярхой дуьхьал бара оцу низамна, и тIеэцахь ницкъаллин структурийн белхахоша кхин а сов хьоьшур ю бахархойн бакъонаш бохуш. "ТIелатаран кхерам лаьттачу заманчохь" бахархошна герз тоха бакъо ялар а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан полисхошна "белхан декхарш кхочушдеш даьллачух таIзар дар" а юкъара даьккхира низаман проект луьстучу хенахь Пачхьалкхан думан депутаташа.
Иштта Оьрсийчоьнан президенто куьйгъяздина, регионийн куьйгалхошна шайх президенташ баха а, губернаторийн ханна доза тохар а доьхкуш. ТIейогIучу заманчохь куьйгалхой эра ду царех.
- "Полицех" долчу низамехь хийцамаш барна тIетайра ГIуран-баттахь Пачхьалкхан дума а, Федерацин Кхеташо а.
- Думехь къастийра, полицига кхачош йолу бакъонаш Росгвардин йолуш хилар.