Дагестанехь мангал-бутт чекхболуш республикехь герзашца тӀелетарш деш дакъалаьцначу Сергокалинскан кӀоштан хиллачу куьйгалхочунна Омаров Магомедна дуьхьал керла бехкаш кховдийна. Юьхьанца моьттура, цунна дуьхьал терроризм йаржорах лаьтта артикл йоккхур йу аьлла. Амма эххар а Омаров бехкевира цхьа могӀа бозбуанчаллин зуламаш дарна а, Ӏедалх пайда а оьцуш, шена са йарна а, кехаташ харцдарна а. Кавказ.Реалии сайто листира оцу гӀуллакхах хууш дерг.
64 шо долчу Омаров Магомедан доьзалхоша Дагестанехь герзашца тӀелетарш дарх гӀараделира мангал-беттан 23-чу сарахь. Дербентехь а, ХIинжа-ГIалахь а контртерроран операци дӀайирзина аьлла къайлахчу сервисаша официалехь дӀахьедар дале хьалха. Юьхьанца хаамбира, цу хьаькаман гергара хилла кхоъ тӀемало аьлла – цуьнан кӀентий Ӏадил а, Осман а, ткъа иштта цуьнан вешин кӀант Амадзиев Ӏабдусамад а.
ТӀаьхьо Ӏорайехира вийначу пхеа тӀелатархочун цӀераш. Ӏадил кхин оцу тептарехь вацара. Терактехь дакъалаьцна иза вийна вац, йа байъинчийн цIерашца хIоттийначу тептарехь ларамза нисвеллера - хӀинца а билггал хууш дац. Оцу хьокъехь республикерчу ницкъаллийн а, талламан а органашкара дӀахьедарш дац. Делахь а, схьагарехь, Омаров Iадил ХIинжа-ГIалахь пачхьалкхан хьукматехь болх беш хилла ву, мангал-беттан 23-чохь хиллачу тIелатарехь а цо дакъалаьцна дац. ТIаьххьарчу шарахь балхахь садаIа хан йаьккхинера цо шена, жимачу бере а хьожуш.
Верриг а бархI кӀант ву Омаров Магомедан, царех цхьаъ валийна ву. 1990-гӀа шераш чекхдовлуш дуьйна боккхачу доьзалан дас болх бира банкан индустрехь – цкъа хьалха Сергокалинскера Сбербанкан филиалан куьйгалхочун даржехь, цул тӀаьхьа республикехь премьер-министр хиллачу Гамидов Ӏабдусамадан доьзалан лоручу "Эльбин" банкан урхаллехь. 2018-чу шарахь Гамидов лецира ахчанаш лечкъорна бехке а вина, тӀаьхьо кхело йалх шо ах шо хан туьйхира цунна юкъарчу рожера колонехь даккха.
2007-чу шарахь Дагестанан Халкъан гуламан депутат хӀоьттира Омаров Магомед. 2010-чу шарахь 25 эзар гергга стаг вехачу Сергокалинскан кӀоштан коьртехь хилла иза, хӀетахь дуьйна оцу даржера дӀа ца ваьлла, кху шеран мангал-баттахь шен гергарчара полисхошна а, динан гIишлошна а тӀелатар даллалц.
23-чу сарахь, цхьаболчу тӀемалойн Омаровца уьйраш хиларх лаьцна информаци зорбане йаьккхина сахьт гергга хан яьлча, меттигерчу телеграм-каналаша хаам бира, хьаькамо даржера дӀаволуш кехат дитина аьлла. Ткъа иза ша дIалаьцнера. Оццу буса, ТАСС пачхьалкхан агенталло бинчу хаамца, "Цхьааллин Оьрсийчоь" парти йукъара а араваьккхира Сергокалинскан кӀоштан куьйгалхо, "дискредитаци йеш гӀуллакхаш дарна" аьлла. ШолгӀачу дийнахь Дагестанан куьйгалхочо даржера мукъаваьккхира Омаров Магомед.
"Республикерчу цхьана кӀоштан куьйгалхочун кӀентий террорхой хилар гучудаларо шалха вас йо, цунах кхеташ дац. Схьагарехь, цунна [Омаровна] ца хиъна шен кIентий а ур-атталла нийсачу новкъа баха. ТIаккха хаттар кхоллало: сил йоккхачу кIоштахь цо урхалла муха дина?", – комментарий йира Меликовс.
Иштта цо дош делира Дагестанехь куьйгаллин даржашкахь мел волчун картотекаш толлур ду аьлла, бакъду, тӀаьхьо цо билгалдаьккхира и талламаш коррупцина дуьхьалойаран низамаш лардарх хьакхалуш хир бу, меттигера пачхьалкхан белхахой экстремизмаца боьзна буй хьовсуш хир бац аьлла.
Муьлххачу а кIоштан куьйгалхочун гIуллакхашца цул а даккхий кхачамбацарш карадойла йу
Мангал-беттан 25-чу дийнахь ХIинжа-ГIаларчу кхело итт денна административан кепехь лаьцна латтош вара Омаров Магомед, кега-мерса хулиганалла лелийна бохучу артиклца. Цо оьзда боцу мотт лебина бохура нах гуллучу меттехь – Ленинан кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн урхаллина дехьа. Оцу заманчохь хьаькам хилларг реза ца хиллера цу зуламах лаьцначу протоколна куьгйаздан, кхелехь бехк тӀе а ца эцнера цо.
Цул тӀаьхьа цхьа де даьлча, Омаровн масех кӀант административан гIуллакхца лаьцна витира, иштта кега-мерса хулиганалла лелоран артиклца. Цул хьалха социалан машанашкахь гучубелира церан видео-хаам: "Оха доьху массо а беллачийн доьзалшка тхан вашас динчу сийдоцучу терактна тхайна гечдар. Делан дуьхьа, гечдейша тхуна" аьлла.
Омаров Магомед лерринчу изоляторехь волчу хенахь цунна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх айдан материалаш гулйира. Юьхьанца хаам баьржира, иза терроризм йаржорна бехке ван мегаш хиларх лаьцна – цуьнца зуламхочунна велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан кхочу. Оццу хенахь ша Сергокалинскан кӀоштан хиллачу куьйгалхочо, мангал-беттан 23-чу сарахь ша лаьцначул тӀаьхьа, чӀагӀдора, тӀаьххьарчу шерашкахь шен цхьаболчу кӀенташца а, вешин кӀантаца а зӀе йацара шен, уьш вахабисташ хиларна.
Эххар а Омаров бехкевира бозбуунчаллаш лелорна. Оцу бехктакхаман гӀуллакхехь лаьцнера иза товбеца-беттан 5-чу буса, лерринчу изоляторера араваьлла цхьа де даьлча. Талламхоша дийцарехь, 2021-чу шарахь муниципалан куьйгалхочо бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобанан декъахь а волуш, шен дола эцнера нах бехаш йоцу гӀишло тIехь йолу латтан дакъа. Гергарчу барамехь ши миллион ах миллион ахча мах болуш дара и, йаздора Кремлана гергарчу "Известия" газето. Ткъа 2016–2022-чу шерашкахь цо шен ши юьртахо меттигерчу газетан редакцехь машенлелорхо санна балха эцнера боху – талламхоша динчу зерашца кхин а 700 эзар гергга ахчанна зенаш деш.
Официалан даржех пайда а оьцуш, боккхачу барамехь бозбуунчаллаш дарх лаьцна артиклехь набахтехь даккха йалх шаре кхаччалц хан кхачош йу. Товбеца-беттан 9-чу дийнахь Омаров Магомед СИЗО-хь витира кхело.
Бутт чекхболуш пачхьалкхан белхахо лаьттинчуьнга керла бехкаш кховдийра. Официалан версица а догIуш, 2018-чу шарахь Сергокалинскан кӀоштан куьйгалхочо шен кӀантаца Омаров Османца цхьаьна (иза ву талламо мангал-беттан 23-чу дийнахь теракт йинчу тӀемалойн тобан хьалханча лоруш верг), низамехь доцуш бюджетера эцна, цул тӀаьхьа легализаци йира кхо миллион гергга соьмана. И хиллера республикин юьртабахаман министралло шайн гIуллакх долочу къоначу ахархошна грант санна гIоьнна делла ахча.
Цу кепара Омаров Магомедан хьокъехь гучуйелира рогӀера даккхий бозбуунчаллаш лелоран эпизод а, керла ши артикл а – шегарчу официалан бакъонех пайдаэцарх а, официалан документ харцдарх а лаьцна. Дерриге а бехкаш вовшахтоьхча, лаьцначу 64 шо долчу стагана 27 шо хан тоха мегаш ду набахтехь йаккха.
"Путинан Орсийчоьнна кхайкхамбар"
"Олуш ду-кх кIанта дас динчух жоп ца ло. Амма тезис йац, дас шен доьзалх жоп луш дац аьлла", - дIахьедира мангал-беттан 24-чохь Меликов Сергейс.
"Мемориал" центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра бахарехь, Сергокалинскан кӀоштан хиллачу куьйгалхочунна тIаьхьабовлар цуьнан бакъонан нормаш йохорца доьзна хилла ца Iаш, мелхо а кхетаман позицица доьзна ду. Иштта цо билгалдоккху, Ӏедало Омаров Дагестанехь тӀелетарш динчу коьртачарах цхьаъ вина хилар, "кхайкхамна сихха жоп далар" аьлла лелош йолу практика а ларъеш. Цунна тӀаьхьа а бевлла, Москварчу "Крокусехь" теракт хиллачул тӀаьхьа цара лецна Юккъерчу Азин пачхьалкхашкара мигранташ, шайна юкъахь Дагестанера нах цхьаьна.
Омаров Магомедан гӀуллакх - иза Бехктакхаман кодексан маттахь шен политикан жоьпалла хӀотто гӀертар ду. И дерриг а тIедогIу бераш кхиорехь жоьпалла дена тIехь дара бохучунна. Юридикан маттахь кхузахь кхин дIоггара формулировка йина йац, цундела дерг ду цара дуьхьал доккхуш", -элира бакъонашларйархочо Кавказ.Реалии сайте.
Цунна тIетов Дагестанера редакцица къамелдийриг а (цуьнан мах хадорах теша тхо, амма репрессин низамаш Оьрсийчохь лелаш хиларна цуьнан цӀе йаккха йиш яц). Цо билгалдоккху, нагахь санна Омаров терактаца уьйр йолуш хиларх, йа иза тӀемалой хьулбеш хиллехь, цунна дуьхьал гӀуллакх схьадоьллур дара оцу хьокъехь йолчу артиклца. Тайп-тайпана финансийн зуламаш дарна бехке а ца веш.
"Массо а кхеташ ву политикан бух хиларх. И дина дара, мел кӀезга а, Ӏедалера цхьана кепара реакци гайтархьама. Амма ур-атталла иза бехке вен къоланаш дар а, дац оццул ирча а, даккхийчу барамашкахь а дац – хӀара жимачу хьаькаман тӀегӀа йу. Муьлххачу а кӀоштан куьйгалхочун гӀуллакхашна юкъа а ваьлла, уьш аьхкича - дуккха а даккхий низамаш дохор карор ду хьуна", - бохура хьосто.
ХIара дийцар – йоллу рожах ду, дайх а, доьзалхойх а, йоллу пачхьалкхах а
Цуьнца цхьаьна, билгалдоккху цо, Омаров Магомед цхьана тӀемалочун да а, вукхуьнан ден ваша а хилла ца Ӏаш, терактехь дакъалаьцнарш массо а Сергокалинскан кӀоштара бара. Ткъа цу тӀехь меттигерчу Ӏедалшна а гуш дара хиллачух жоьпалла цунна тIехь хилар. Амма цуьнан шен хан лерича, оццул хан а дукха къиза йу", - боху къамелдечо. ХӀинца, кхин дӀа а дуьйцура цо, мангал-беттан 23-чу дийнахь дина тӀелатарш толлуш Дагестанан куьйгалло хаьржина коьрта кеп – ницкъаллин йу.
Юьхьанца дӀакхайкхийра, теракт вовшахтохарехь дакъалаьцна цхьа стаг лаьцна аьлла, амма тӀаьххьарчу минотехь цо харц дира ша дакъалацар. Цул тӀаьхьа гучуделира Сергокалинскан кӀоштара Омаров Османан тобанехь хилла ву аьлла, мел кIезиг а, кхо стаг лацарх лаьцна. Делахь а, гучудаьлларг ду, царех цхьаъ, Магомедов Заур, Гуниб-кӀоштан Салта юьртара схьаваьлла хилар. СИЗО баьхкинчу тергамхошка хаийтина Магомедовс, шена тӀехь гӀело йарх лаьцна. Ток йеттийтина, шена дуьхьал бехкзаламан гIуллакх айдина шайггара, ша Омаровн тобанца хилла вац аьлла цо.
Дукха хан йоццуш Каспийскехь дӀайаьхьначу лерринчу операцихь лаьцна кхин а кхоъ. И нах, ФСБ-но дийцарехь, ницкъаллин структурийн белхахошна а, православин килсана а тӀелетарш дан дагахь хилла.
Редакцин хьостано бахарехь, нуьцкъалчу кепаша радикализацица долу хьал кхин тIе а карзахдоккхуш бен дац. Масала, официалан муфтиятехь боцучу имамашна тӀеӀаткъам бар бахьана долуш, цхьаболчу динан нах маьждигашка ца оьху, дин Ӏамош шайн дӀакъевлина тобанаш кхуллу цара, шайна юкъахь радикализаци хила тарлуш йолу. Цуьнца цхьана Iедалхой тIаьхьабуьйлу экстремизмаца а, радикализацица а къийсам латточу нахана, уьш кхетабо шаьш а бохуш. Масала, ишта нисделира политикан тутмакхца, 17 шо хан тоьхначу журналистца Гаджиев Ӏабдулмуминца.
Дагестанехь мангал-беттан 23-чу дийнахь хиллачу терактехь дакъалаьцначарна юкъахь Ӏедалехь болчу нехан гергарнаш хилар керла кхане йу Оьрсийчуьрчу пачхьалкхан урхаллин системина. Ткъа куьйгаллина ца хаьа цу хьокъехь хӀун дан деза, билгалдоккху Черкасовс.
"ХIара баккъалла а инзаре ду. Ӏедалша махкахь тайп-тайпанчу регионашкахь и тайпа элита йу кхиош. ХӀинца кхерам, чоьхьара тергамча марзвеллачу, мостагIчун куьпара а бац, 2000-2010-чу шерашкахь къайлах леллачу тобанашкара а бац. ХIара хIинца шайчарна йукъахь кхуьуш ду, гучудуьйлур ду кеп-кепарчу доьзалашкахь, тайп-тайпанчу бахьанашца. Путинан Оьрсийчоьнна дина тохар ду хIара. Дагестан ма йац бехке, хIара дийцар – йоллу рожах, дайх, доьзалхойх, йоллу пачхьалкхех лаьцна ду", - дерзийра бакъонашларйархочо.
- Полисхошца летта аьлла бехкевина Москвахь кхело лаьцна 21 шо долу Бажаев Тимур, нохчийн орамаш долчу долларийн миллионеран Бажаев Мусан кӀант ву иза. Кавказ.Реалии сайта тӀехь дуьйцу оцу гӀуллакхах а, БажаевгӀеран доьзалх а, Нохчийчуьра Ӏаткъаме меттигера бахархой республикал арахьа лецарх а хууш долчух.
- Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс кест-кеста латкъамаш до, шена хетарехь, бух боцуш критика йарна. Кавказ.Реалии сайто къамел динчу говзанчашна хетарехь, иза хила тарло хӀоттийначу куьйгалхочун "гIант лесташ" хиларна.