Нохчийчуьрчу полицин декъехь гIело хьегийтинчул тIаьхьа меттигера ши вахархо Алхазов Аюб а, Тазабаев Рамзан а кхелхина. Ницкъахоша лачкъийна вигина, Iазап хьегийтинчул тIаьхьа ца ваьллачу денна Оьрсийчуьра дIавахначу Алхазов Мубарикан деваша а, стунда а вара и шиъ.
Алхазов Аюб велла марсхьокху-беттан 20-чохь, Германихь вехачу цуьнан вешин кIанатна а, несана а хиъна цунах лаьцна кху деношкахь. Полицин декъехь Iазап лайначул тIаьхьа жаннашца бала хьоьгуш вара иза, масех баттахь кхерамца, сингаттамца хан яьккхинера цо, дийцина Алхазов Мубарика Кавказ.Реалиига.
"Дечкен-баттахь зудчун да а, сан деваша а лаьцнера. ТIехь Iазапаш хьегийтина кIира даьлча велира стунда, цуьнан 47 шо дара. Ткъа масех де хьалха велла сан деваша. Кхин цкъа цара лацахь, шега лалур дац, ша лийр ву олура цо, полицин декъехь ницкъбинчул тIаьхьа", - кхетийна къамелдечо.
Цомгаш воллушехь, масех баттахь могушаллина дарба лелош хиллашехь нохчийн ницкъахоша ца витира 60 шо долу Алхазов Аюб – кест-кеста цIа богIура уьш, телефон хоьттура, гергарнаш Алхазов Мубарикца зIене бевллий хаа лууш.
"Сан боллу гергарнах, тхан фамили мел йерг чоьте эцна, уьш хьийзорхьама. Иштта болх беш ду Нохчийчохь низам – лоьцу, йетта, ницкъбо, бойу", - мукIарло до Алхазовс.
Алхазов Мубарик а, Тазабаева Хьава а –Хошкельды эвлара зудий-майрий ду, 2018-чу шарахь Гуьмса кIоштан РОВД-н белхахоша лачкъийнера и шиъ. Масех кIира даьккхинера цара кадыровхойн къайлахчу набахти чохь, сийсазалла, Iазап хьоьгуш, хьийзош. Юьртара цхьахйолчу гIишло тIе Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкхан" байракх шаьш тоьхнера ала баьхнера цаьрга. Доьзало бехкаш тIе ца дуьтура, делахь а, шен гаргарчарна кхерамаш тийсарна, Мубарик эххар реза хиллера бехк шена тIелаца. Маьршаваьккхинчул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIадахара и шиъ. Германихь тоьшалла динера Алхазовс а, Тазабаевс а шайна тIехь гIело латторах, делахь а, тховкIело яла дуьхьал хилира царна.
- Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIе ца дуьтура бехкаш, бохура махкахь къайлах набахтеш яц. Доккхачу декъанна, цо дIахьедора бакъо йоцуш лецна нах чохь латтош шен хIусаман дозана тIехь набахти яц бохуш, ткъа Янгулбаевс дийцира, ша чохь латтийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира шена тIехь Iазап хьоьгуьйтучарлахь Кадыров а хиларх.
- 2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, шаьш МВД-н белхахой ду аьллачу наха. ТIаьхьо гергарчийн аьтто баьллера Тепсуркаевн телефонехула Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь иза латтош вуйла.
- 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Тепсуркаев бакъо йоцуш "нохчийн регистрацин номерш йолчу Toyota Camry машенашкахь нохчийн полицин Iаьржа духар доьхначу кхаа-пхеа стагах лаьттачу тобано" лачкъийна хилар.
- Марсхьокху-беттан 23-чу дийне кхаччалц зорбанан гIирсаша а, бакъоларъярхоша а хьахавора Тепсуркаев лачкъийначун статусехь. "Iазапашна дуьхьал Командин" юристо Садовская Ольгас дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира хьал. Журналистана Гордеева Катерина еллачу интервьюхь цо дIахьедира, Тепсуркаев вийна аьлла, амма кхин совдаьккхина хIуммаъ а ца дийцира. Садовскаян дIахьедаран Кавказ.Реалиино терго йинчул тIаьхьа IАДАТ боламо тIечIагIдира, Тепсуркаевн вер, иштта кхин цхьана а кепара тоьшаллаш доцуш.