Польшера турист йайна Нохчийчохь – бутт сов хан йу иза карош йоцу

Марцинюк Катажина тIаьххьара зIене йаьлла Итон-Кхаьлла

Польшин йахархо Марцинюк Катажина шен гергарчу нахаца зIенера дIайайна Къилбаседа Кавказехула а, оккупаци йинчу Украинан дозанашкахула а лелаш йара иза, турист санна. ТIаьххьара шех лаьцна хаам бина цо гезгамашин-беттан 2-чохь, хIетахь нохчийн Итон-Кхаьллахь хиллера иза, йаздина йайначун йишас Игначак Аннас фейсбукехь.

Гергарчара йаздарехь, Марцинюк гIаш лелаш хиллера, цуьнан Iалашо йара Нохчийчухула а, Дагестанехула а, Къилбаседа ХIирийчухула а, ишта аннекси йинчу ГIирмехула а чекхйала. Новкъайаьллера иза марсхьокху-беттан 14-чохь, гезгамашин-беттан щолгIачу дийнера схьа дуьйна цуьнца зIе йац, Оьрсийчоьнан векалто Марцинюкан доьзало кхоьхьуьйтучу кехаташна жоп луш дац, ткъа Польшин Iедалш "цхьана а кепара гIо дан дагахь дац", дIахьедина Игначак Аннас.

"Вот Так" сайтана Катажинан хIусамдас Марцинюк Матеуша дийцарехь, билггал йолчу туристан маршрутах, иза чекх стенгахь йер йолуш йара а, новкъахь мел хьелур йолуш йара а цхьанна а хууш дацара. Марсхьокху-беттан 19-чохь Марцинюка сурт даийтина хилла цIийндена оккупаций инчу Мариуполехь даьккхина, цо дийцина, мел чIогIа йохийна йу гIала. ТIаьххьара цуьнгара хаам кхаьчна Нохчийчуьра.

Оьрсийчоьнан векалалло йайнарг лохуш цхьана а кепара гIо деш цахиларх тIечIагIдина Марцинюк Матеуша а.

  • Итон-Кхаьлла эвла Гуьржийчоьнца дозанехь йу.
  • Итон-Кхаьллахь жигара болх беш ФСБ-н белхахой хиларх Сибирь.Реалии сайтана дийцира 2021-чу шарахь Омскера экономисто Давыдов Ивана. Кавказан лаьмнашка гIоьналлин ультрамарафоне ваханера иза. Оцу эвлахь сацийна, кхунах таллам бина хиллера ФСБ-н белхахоша, цул тIаьхьа дIавигинера иза бехкзуламан талламан декъе.