ТховкIело йала рогIера дуьхьало йина Польшин Iедалхоша ГIалгIайчуьра йахархочунна Кодзоева Ракиатна а, цуьнан деа берана а. 2016-чу шарахь доьзал беддера Оьрсийчуьра ницкъахой шайна тIаьхьабовларна а, Кодзоеван хIусамда верна а.
Кодзоев Изновр, гIалгIайн поэтан Кодзоев Iийссан кIант ву, иза вийра Наьсарахь 2005-чу шарахь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша леррина операци дIахьочу заманчохь. ГIалгIайчуьра ГУВД-н постана тIелатар дина цо бохуш, бехкевора иза, йаздо "Кавказский узел" ресурсо. Оцу гIуллакхца доьзна Изноврин вешина Зеламхина колонихь даккха 24 шо туьйхира И доцург а, ницкъахойн шеконаш йара вийначух, 2004-чу шеран гезгамашин-баттахь номер 1 йолу Бесланера школа дIалоцуш йукъахь хилла ву бохуш.
Кодзоев вийначул тIаьхьа, экстремизмана дуьхьало латточу Центран белхахоша кест-кеста хеттарш дан тIекхуьйкхура цуьнан хIусамнана, бераша доьшучу школе богIура, дийцира хьасте Кодзоева Ракиата. 2016-чу шеран гезгамашин-баттахь, цуьнан цхьадолу бераш 18 шаре девллачул тIаьхьа, Беларуси дIайахара иза, кхин а шо даьлча – Польше. Оьрсийчохь гергарчу нахехь ву цуьнан жимахволу кIант, диъ бер цуьнца шеца ду.
Зудчо бахарехь, йалх шо а ду тховкIело йаккха иза хьийза, делахь а, официалан документаш тIехь йаздарца, Польшин Iедалхошна хетарехь, Оьрсийчохь цунна маьрша ду, ткъа Оьрсийчоьнан низамаша бакъо ло цунна ницкъахойн муьлхха а харцо къовса. Оцу дIахьедарх Польшехь кхетадо, вийначу Изноврин да Кодзоев Iийсса Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIамехь дакъалаьцна ву маршонан агIонча санна, ткъа иза хIетте а Оьрсийчохь ву, Iедалца цхьа а проблема а йоцуш аьлла. Оцу йукъанна официалехь цхьа а хаам бац гIалгIайн поэт тIамехь дакъалаьцна хиларх.
ПхоьалгIа шена дуьхьало йар къоьвсина Кодзоева Ракиата. Иза кхоьру, нагахь санна, шена депортаци йахь Оьрсийчоьнан ницкъахой йуха а тIаьхьабовларна.
- Нохчийчуьра вахархо О.Зеламха лецира Польшин дозанхоша марсхьокху-баттахь, депортацин набахте хьажийна иза, хаамбинера Кавказ.Реалиига цуьнан хиллачу хIусамнанас. Даймахкахь цунна веран кхерам бу, тешна йу иза.
- Европе а кхаьчна, цигахь тховкIело йеха уггар а гоьбаьллачех некъ бу Беларусин Брестехула Польшин доза хадор. ДIабахначех цхьа дакъа – Къилбаседа Кавказера бахархой бу, репрессеш бахьана долуш регионера уьдуш бу уьш, бу царлахь – зударий а. Доьзалехь латточу гIелонах къехка уьш, шайн бераш а шайца дIадуьгуш. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира ГIалгIайчуьра а , Нохчийчуьра а зударшца, дозанехь шаьш лелочу курхалчийн схемех лаьцна дийцира цара.
- 2022-чу шеран чиллин-баттахь къастазчу бахьанашца кхелхира Нохчийчохь Франицно депортаци йина хилла 19 шо долу Мурадов Дауд. Цуьнан гергарнаш тешна бу, цунна дIавш делла аьлла.