"ТIеман баьччех ловзуш ву Кадыров": стенна оьшу Нохчийчохь "Ахматан" керла дакъош гулдар

Соьлжа-ГIалахь дIахIиттийна тIеман ницкъаш, 2024 шо, дечкен-бутт

Нохчийчоьнан Iедалхоша дIакхайкхийна "Ахмат-Россия", "Ахмат-Чечня" полкашна лерина базанаш йеш ду шаьш аьлла. ТIеман министраллина чудогIу и дакъош вовшахтоьхнера Украинана дуьхьал тIом бан Iалашонца, делахь а, уьш тIамтIе маца хьийсор ду, хууш дац. Оцу кепара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагIйеш йу федералан бюджетах шен долара арми, бохура Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Керла ши полк вовшахтуьйхира стигалкъекъа-бутт бовш: хIетахь регионера парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дIахьедира, 2 400 стаг "къастийна" цу йуккъе аьлла. Цо бахарехь, и тобанаш йукъайахна Къилбан тIеман гонашкара 58-чу йукъарчу эскарийн армин 42-чу дивизина. "Ахмат-Россия" дIатарйира Куьрчала кIоштара Гелдаганахь, ткъа "Ахмат-Чечня" полкан база хир йу Ноьвран кIоштара Ищерская эвлахь.

"Ахмат-Россия" полкан куьгайллехь ву Элимханов Заурбек. ГIадужу - баттахь Кадыров Ахьмадан цIарах орден йелира цунна, "ницкъаллин урхаллин билгалваьлла белхахочунна" санна. Полкан командир хIоттавале хьалха Элимханов болх беш хилла Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" куьйгалхочун гIовс санна – цигахь Iамош бу, Нохчийчуьра базехула Украинерчу тIаме хьийсон "лаамхой".

"Ахмат-Чечня" полкан хьалханча ву Салиев Асламбек. Некъан постан сервисан лерринчу батальонан командир хилла ву иза тоххара, ткъа цул тIаьхьа тIамехь дакъалоцучу "Восток-Ахмат" тобанан куьйгаллехь вара иза.

Стигалкъекъа-баттахь Кадыровс чIагIо йира, "Ахмат-Россия", "Ахмат-Чечня" полкаш йуьзна, ткъа церан шайн автопарк хир йу элира Кадыровс лахьан-баттахь. ХIетахь шина а дакъана ткъа-ткъа "Патриот" УАЗ машенаш йелира, иштта лерринчу зIенан гIирсийн комплекташ а, дронаш а, аьлла ду цуьнан публикацихь. Оцу дакъошкара эскархой "мотиваци йолуш бу жамI дан" элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, дIахьедира, Украине баха уьш кийча хиларх, амма де билгал ца даьккхира.

ГIуран-баттахь "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис дIахьедира, "Ахмат-Чечня" а, "Ахмат-Россия" а полкийн эскархой Iамораш дIахьош бу "БПЛА Школехь". Нохчийчохь Iаморашкахь хилла "лаамхой" а, йолахой а цигахь дронаш лелон Iамор бу бохура цо. Муьлхачу агIор, маца новкъайевр йу полкаш, Алаудиновс билгал ца даьккхира. Йуьхьанца дIахьедора, Украинан Запорожьен кIоштахь цара дакъалоцур ду аьлла.

"Тылашкара ЧОП"

Цкъачунна "Ахматан" дакъоша цхьана а билгалечу меттигашкахь дакъалаьцна дац, вагнеровхой хилларш шайн дакъошка ийзор доцург, билгалдоккху тIеман аналитико Михайлов Кирилла. Цуьнан дешнашца, "Ахмат" тIом беш йу олийла ду цхьана агIор, вукху агIор – "тылашкахь кадыровхойн Iалашо кхочушйеш бу".

"Ахматан" керла дакъош – цигахула кхочу йолахой  Украинана дуьхьал тIаме

"Хетарехь, кхин а совнах полкаш вовшахйетта Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн терахь алсамдолуш йукъара тенденци хиларна. Кадыровна лаьа шен "пироган" дакъа дисийта а, полководцах ловза а, ткъа оцу гIуллакхашна тIамтIе нах хьийсон а оьшу, тылийн агIор хьолана тIехь терго латтон а деза. Дера цундела дуккха а ницкъаш оьшу", - тIетуху эксперто.

ТIом шорбаларехь кадыровхойн керла дакъош – хӀордалахь догӀана тӀаддамал ду, церан маьIне хилар башха доккха дац, реза хуьлу иштта тIеман аналитик Шарп Давид а: "ТIамтIехь нах оьшу, цундела Оьрсийчоьнан Iедалхой шайн ма-хуьллу хьийза дуккха а салтий эца, контракташ йеш, "лаамхойн" структурашкахула. "Ахматан" керла дакъош – оцу кепарчу тобанех цхьаъ йу цигахула йолахой тIаме хьежориг. ТIамтIера хьолана гIо латтон а, президентан харжамаш герга кхочучу хенахь мобилизаци ца кхайкхон а оьшург и ду".

Карарчу заманчохь Кадыровн дакъоша Украинехь дийриг хIун ду, дийца атта дац, хIунда аьлча, тIамтIехь билггал хуьлуш долчух а башха дукха информаци йац, билгалдоккху украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхочо Савва Михаила: "Оьрсийчоьнан эскарш Авдеевкехь тIелата хьийза, и меттигера лелар ду и. Кхечухьа тIом сецна лаьтта".

"Бизнес йеш бу"

Стохка гIуран-беттан хаамашца, Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан цIарах вовшахтоьхна 14 дакъа ду. Царех ах дакъош ала тарло, гучудевлира Украине чугIоьртинчул тIаьхьа, дисинарш терроризмаца къийсам латтон аьлла, вовшахтоьхнера масех шо хьалха.

"Ахмат" тобанаш чIогIа дукха вовшахтоьхна – "хьалха дуьйна Кадыровн" хиллачарна тIера, тIеман министраллина чу догIу керлачарна тIе кхаччалц, бохура аналитико Шарп Давида. Цо бахарехь, украинхойн тIемалойн информацин буха тIерачу хьесапашца, тIаьххьарнаш кадыровхойх хилла а ца Iа: "МогIарерчарлахь цигахь чIогIа дукха бу нохчий, делахь а, церан кечамбар кадыровхойн эгидица ду"

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн йоцу йаххьаш: хIун дуьйцу йийсарехь "Ахматан" эскархоша

Нохчийчохь керла дакъош кхуллу, йоллу пачхьалкхана, уггар хьалха Путинна а дIагайта, шайн лаамхой тIехсов бу, цундела декхаре ду шаьш керла тобанаш вовшахтоха аьлла. Иштта элира Украинехьа тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн лаамхойн батальонан хиллачу спикеро Белокиев Ислама.

Цуьнан хьесапашца, Украине баха уьш кийча бу бохуш, Соьлжа-ГIалахь Iедалхоша шайн эскархой дIахIиттош, цигахь болчех доккхаха долу дакъа – орцанхой, цIейайархой, ишта Кадыровн гергарнаш бу. "Сурт хIоттош дIасахIиттабо уьш. Полкаш а, батальонаш а йаьсса йу. Тоххара полицин полке балха хIуттург, кхаьънаш дала дезара, хIинца адам тIетоьаш дац царна", - чIагIдо Белокиевс.

Оккупаци йинчу дозанаш тIехь Кадыровн бIанакъосташа "къепе латтайо" – ахча доккху, ара мел йаккхалург дIахьо, кхин дIа дийцира къамелдечо: "Бизнес йо цара цигахь. Ткъа могIарара наха, хIаъ, цара тIамехь дакъалоцу, уьш элитех бац, цундела цига кхийсина уьш".

Бюджетан ахчанах шен долара арми

Керла тобанаш кхуллуш, цаьрга герз луш, Кадыровс ма-дарра аьлча шен долара арми йу чIагIйеш федералан ахчанах, дуьйцу политолого Савва Михаила: "Нохчийчохь тIехсов долчух тера ду и тIеман дакъош. Гуш ма ду, и дерриг а Кадыровн а, цуьнан рожан а интересашна а, Оьрсийчоьнан Iедалан интересашна дуьхьал а лелош дуйла".

Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а йукъаметтигаш – федерацин а, цуьнан цхьахйолчу субъектан а йукъаметтигаш йац. И церан шайн цхьаалла йу, "пацанийн" барт

И тобанаш Нохчийчохь хиларна, Кремльна, хетарехь, коьрта ду и, хьал талха долалахь а, Оьрсийчохь дестабилизаци хилахь кадыровхойх тешамечу дружинахойх санна пайдаэцархьама халкъаца къийсам латтон, элира къамелдечо.

"Кадыров кхеташ хила веза, хIинцалера Оьрсийчоьнан раж тIаьхьало йоцуш хиларх а, цIеххьана иза йоха тарлуш хиларх а. Оцу гIуллакхна цуьнан шен арми хир йу, цо таро лур йу цунна республикин дозана тIехь контроль латтийна ца Iаш, луларчу субъекташкахь шен Iаткъамбар тIечIагIдан а", - дуьйцу Саввас.

Цуьнан хьесапашца, Нохчийчохь йолчу милитаризацин терго йо Кремло "бала боцуш", тIейогIучу заманчохь керлачу дакъойх шена кхерам хирг хилар а тIе ца дуьту.

"ХIаъ, хьекъал долуш нах а бу цигахь, и боккха кхерам хиларх кхеташ берш. Амма Кремлехь сацамаш тIеоьцучара могуьйту Кадыровна шен арми чIагIйан. Цу тIе Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а йукъаметтигаш– федерацин а, цуьнан цхьахйолчу субъектан а хила йеза йукъаметтигаш йац. И церан шайн цхьаалла йу, "пацанийн" Рамзанан а, Владимиран а бартхилар. Цу шиммо чIагIо йина, шаьш вовшийн тешаме хир ву, гIо а латтор ду аьлла. Пачхьалкхаша лелон хIума дац иза, амма таханалерачу Оьрсийчохь иштаниг а хила тарло", - дерзийра политолого.

  • Кадыровс бахарехь, 2023-чу шеран аьхка динчу лараршца, Нохчийчуьра Украине хьажийра "29 эзар сов эскархо". И хаамаш тIечIагIбойла а дац, бакъ ца бойла а дац, делахь а 2022-чу шарахь эксперташа билгалдоккхура, Нохчийчуьра Украине хьийсийначийн терахьаш совсийна дийцарх. ТIамтIе ваха лууш цхьа а вац регионера аьлла, тIетуьйхира цара.
  • Украинехь тIом бола а бале дикка хьалха кхоьллина ду "Ахматан" дакъош, йуьхьанца нохчий бара цу йукъа оьцуш, Ичкерин агIончашна дуьхьал къийсам латттон вовшахтоьхна а дара уьш. Керланаш – "Ахмат-Россия", "Ахмат-Чечня" а – ийна вовшахтоьхна йоллу Оьрсийчоьнан регионашкара лехьийначу нахах. Муьлха нохчийн дакъош ду тахана Украинана дуьхьл болчу тIамехь дакъалоцуш, царна йукъахь хIун башхалла йу а дийцира Кавказ.Реалии сайто.
  • Оьрсийчоьнан телеграм-каналашкахь шина минотехь йаьккхина видео йаржийра видеорегистраторо дIайазйина хилла. Цу тIехь эскархочо, тIаьхьо къаьстира, иза "Восток-Ахмат" батальонан командир Хамбулатов Ваха хилар. Цо кхерамаш туьйсура Мелитополера блокпостера тIеман полицин белхахочунна, цул тIаьхьа эскархой лата буьйлало кехаташка хьожуш хиллачух, герз а доккхуш. Дов даьллера церан документаш гайта аьлча: Оьрсийчоьно оккупаци йинчу гIали чохь комендантан сахьт а, пропускийн раж а йу лелаш. Мехкан Iедалхоша инцидент провокаци йу элира: аьхка йирзина йу иза, видео а цу хенахь йаьккхина йу, билгалдаьккхира зорбанан министро Дудаев Ахьмада.
  • Соьлжа-ГIалара тIеман кхело 2023-чу шарахь листина бехктакхаман 78 гIуллакх, царех 47 шайн лаамехь тIеман дакъа дIатасарна а, тIеман а, мобилизацин а хьелашкахь тIамах идарна а ду. ТIаьххьарчу масех шарахь хIара уггар а лакхара терахь ду.