Обама Баракан президенталла суьрташкахь

ОбамагIар - президент Барак, цуьнан зуда Мишель, йоIарий Мали, Саша. Тажтуьллу де. 2009 шо, Дечкен-беттан 20-гIа де. Вашингтон.

 

2009 шо, Дечкен-беттан 21-ра де. Белхан дуьххьара де. Куберчу Гуантанамо набахтера кхелаш совцорах, шерачохь набахти дIакъовларх дара президентан хьалхара омра. Амма Гунтанамо къовлаза ю тахана а.

 

2009, Чиллан-бутт, 27, Къилбаседа Каролина. Иракъера тIом 2010-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-чохь чекхбер бу, элира Обамас. Эскарш арадахаро кхоьллина "Исламан пачхьалкх" олучу тобанашна дебан хьал, аьлла цуьнгара дарж схьаэцначу Трамп Доналда.
 

Прагехь, чехословакийн президентан Масарик Томашан хIолламна гергахь къамелдеш, 2009, Охан-бутт, 5. Зарратан герзах дуьне ца коьруьйтург ша дерриг а дийр ду, элира Обамас.

 

Обама Барак а, Францин президент Саркози Николя а,  Британин премьер-министр Браун Гордон а G-20 саммитехь, 2009, Гезгмашин-бутт, 25. ГIажарийчоьне зарратан герз ца кхоллийта йолчу Iалашонца къамелаш.

 

Нобелан совгIат деллачу дийнахь, 2009, ГIадужу-бутт, 9. Дарже хиина 9 бутт баьлла.
 

2010, Зазадоккху-бутт, 30. Вирджиния штат. Президенто шен агIончин бер ловзадо. Iамеркан Штаташкахь "дарбадар массарна а кхачор" олу омра тIеэцна де. 20 миллион вахархочун аьтто баьлла парггIат шайн могашалла тоян а, Iалашъян а и омра бахьанехь.

 

Порт Форчоне варрах, хийистехь, Луизиана штат, 2010, Стигалкъекъа-бутт, 28.  Deepwater Horizon платформа иккхина, мехкдаьтта Iаьнна хичу.

 

Пакистанерчу Абботтабадехь Бен Ладен Iусама вуьйш шен мехкан лерринчу ницкъийн операцин тергоеш ву Обама. Ал-Къаидан куьйглахо а, кхин 4 цуьнан накъост а вийра хIетахь. 2011, Зазадоккху-бутт, 1.
 

Гаваирчу Канеохе Бей садоIийлехь, 2012, Дечкен-бутт 2012. 
 

2012, Лахьан-бутт, 6, Чикаго. ШозлагIа а президент хаьржина Обама барак. 

2012, Дечкен-бутт, 14. Коннектикут штатерчу Сэнди-Хук школехь 18 бер зуламхочо, чу а иккхина, дийча. Халахетар лачкъа ца дан делира президенте.

2014, Охан-бутт, 1. Телефонехула Оьрсийчоьнан президентца Путинца Украинерчу кризисах лаьцна къамелдеш. Цул тIаьхьа 20 де далале ГIирманна аннекси йира Кремло.

 

Германин канцлерца Меркел Ангелица G7 саммит йирзича. Германи, Гармиш-Партенкирхен
2015, Мангал-бутт, 8.

2016, Зазадоккху-бутт, 21, Гавана. Кубин президент Рауль Кастро а, Обама Барак а. 50 шо сов зама яра шина мехкан куьйгалхой вовшашка бистхуьлуш боцу. Йохлуш ю пачхьалкхийн юкъаметтигаш.

 

Пресс-секретаран Эрнест Джошан кIант Уоркер ву Обамина шена Хелуэннна кечдина духар гойтуш. 2016, ГIадужу-бутт, 31.

 

2016, Лахьан-бутт, 10. Обама а, керла президент Трамп а. Дарж карара карадалар дийцаредеш.