Нохчийчохь ца дина лору зуламаш

Архивера сурт.

Your browser doesn’t support HTML5

Ца дина лору зуламаш

Оьрсийчохь уггаре кIезиг зуламаш дина регион лоруш ю Нохчийн Республика. Цигахь хIора 100 эзар стагах низам дохийначу нехан терахь ду 279. Иза иттозза лахара ду уггаре а дукха зуламаш динчу Тывано гайтинчуьнца терахьца дуьстича (3662,8).

Кхиазхоша Нохчийчохь 18 зулам а бен ца дина. Свердловн кIоштахь и терахь ду 2107. Цу кепара Нохчйн Республико тIечIагIдина ша Оьрсийчохь уггаре кхерамазалла йолу регион хилар, Кадыров Рамзана иза масийтоза дIахьедина ма хиллара.

Амма Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро далош долу и терахьаш бакъдолчунна дукха генахь ду. Нохчийчохь дукхачу хьолахь зулам дича цунна регистраци еш яц.

"Тхан эвлахь цхьа бохам хиллера. Цхьана жимачу стага вийнера шен машенна кIел иккхина лулахойн кIант, - дуьйцу Жимачу АтагIарчу вахархочо.

Иза дийна а долуш, цуьнан да-нана долчу эвлахь лоруш волу воккха стаг вахана хиллера, кIант тхов тIера чувожна алахьара Iедалшка аьлла, дехар деш. Цуьнан дехар кхочуш динера дас-нанас.

"Иштта зулам дича чIир кхайкхо там бу бехкечунна, иза бехке вацахь а. КIант денлур вац, ткъа куьгбехкениг кхин дIа а ваха везаш ву. Иштта дIадерзадо цу тайпа гIуллакхаш", - дуьйцу Кавказ.Реалиин къамелхочо.

Билггал хууш дац республикехь цу тайпа хьул деш долу зуламаш мел ду. Цхьа а латкъам беш Iедал дац доьзалехь ницкъ ловш болчу наха а. Майрчо ницкъ бича наггахь а бен ца хIутту зуда Iедалшка яла. Зударшна коьртачу декъана Iаткъам бийраш бу цуьнан гергарнаш.

Амма кхин а чIогIа Нохчийчохь хьулдийраш ду ницкъаллин структурийн белахахоша деш долу зуламаш.

Къайле яц меттигерчу герзхоша къона бахархошна ницкъ беш хилар, ца дина зулам, коьртачу декъана наркотикаш лелор я тIемалошца зIе хилар тIеэца бохуш. Амма цу наха наггахь бен ца олу шайна ницкъ бина хилархлаьцнна. Дукхахберш Iад Iа шена а, шен гергарчарна а бала ца бан.

Наггахь лецначу адамашна ницкъ бар хьокъехь къамелаш даьржа юкъараллехь. Иштта, Нохчийчохь карарчу хенахь къастош ду 2017-чу шарахь Марсхьокху-беттахь "наркотикаш лелорна а, йохкарна а" аьлла лецначу вежарийн МежедовгIеран дов.

Вежарша латкъам бина Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуре, шайна ницкъ бина хиларх лаьцна. Цу шиммо дийцарехь, изза дина кхечу цаьрца лецна хиллачу нахана а, амма уьш кхоьруш бу цунах лаьцна дийца.

Кхин цхьа масала ду "Новая газето" Нохчийчохь 27 стаг вийна хиларх лаьцна яздар. И хаам талла республике еанера Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татаьяна. Амма полисхошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьаделлийта аьтто ца баьлла хIинца а.