Пригожинах лаьцна пост хIоттийначу нохчийн адвокатана кхерамаш туьйсу

Пригожин Евгений

Нижневартовскера адвокато Исраилов Хьамзата Пригожин Евгенийх а, Уткин Дмитрийх а лаьцна критика йеш пост хIоттийначул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан z-пабликашкахь а, зорбанан гIирсашкахь а цунна кхерамш тийса буьйлабелла. Цунах лаьцна хаамашка цо ша дIахаийтина.

ЧВК "Вагнеран" беллачу куьйгалхойх Пригожин Евгенийх а, Уткин Владимирх а лаьцна пост хIоттийнера адвокато, шолгIа цIе йаьккхинарг нацист, фашист вара аьлла. Цуьнан постан скриншоташ йаржийра Нижневартовскера блогеро Мамонтов Петра, цуьнан агIоне йазвелла ву 17- эзар стаг. Авторо бехкевира Исраилов Пригожин сийсазварна а, Украинехьа гIо даккхарна а.

ТIаьхьо публикаци кара-кара оьцуш зорбане йохура пропагандистийн а, националистийн а пабликаша а цхьаьна. Адвокатана таIзар де аьлла, тIедожийра цара, "террроризм" къобалйарна иза бехкевеш. Постана бухахь иттаннашкахь кхерамаш туьйсуш комментареш йу, Исраилов "варзап тохий, ве" бохуш а.

Ura.ru гIирсана йеллачу комментарехь Исраиловс хаамбина, шена кхерамаш туьйсу скриншоташ полицига дIакхачон лерина ву ша аьлла. Цо билгалдаьккхина, Пригожин а, Уткин а билггал террорхой хета шена аьлла.

Бехкзуламан а, девнехь болчу бахархойн а гIуллакхашкахула болх беш ву адвокат. Цунна кхерамаш тийсинчул тIаьхьа, 1,7 эзар стаг йазвелла цуьнан аккаунт йохийра цхьаммо. Социалан машанашкара хIинца дIайаьккхина цуьнан агIо.

Исраиловн хьокъехь административан, йа бехкзуламан гIуллакх диллина аьлла, карарчу хенахь бина хаам бац.

Йиллинчу хьасташкахь йаздарехь, адвокат Исраилов Хьамзат хьалхо Соьлжа-ГIалахь ваьхна ву, цигахь Iедална йасакх лучу хьукматан чоьтехь а ву иза. "Адвокатийн интернационалан коллеги" схьайиллинарг а, цуьнан куьйгалхо а ву иза.

Ханты-Мансийскан автономин гонашкахь "МДКХ- Ладья" компанин урхалхо верца доьзна резонансе гIуллакх дIахьош Лукманов Аскаран адвокат хIоьттинера иза. ХIетахь цо дIахьедира зорбанашка, Лукмановс тIелаьцна зулам, шена полисхоша ницкъбича аьлла.

  • Марсхьокху-беттан 23-чохь Тверской кIоштахь чудеара Пригожин Евгенийс лелош хилла долара кема. Цу чохь хилла итте а стаг, Росавиацин хаамашца, велира. Урхаллехь иштта чIагIдо, пассажирашлахь Пригожин а, Уткин Дмитрий а, иштта ЧВК "Вагнеран" кхинболу командираш а, йолахой а хилла бохуш. Кеман дохарца йоьзна хаамийн гIирсашкахь, иштта малхбузенан а цхьаьна, йийца йолийначу версишлахь йара – Оьрсийчоьнан Iедалхой цунна бехкехилар.
  • ЧВК "Вагнер" кхоьллина Пригожин Евгений валарх лаьцна комментарий йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, цунах лаьцна Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вистхиллачул тIаьхьа. Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира, ша доьхура Пригожине "хьайн амбицеш Iадйита, пачхьалкхан гIуллакхаш хьалха а дахий" бохуш, хIунда аьлча, "пачхьалкхехь хуьлуш долчух ма-дарра цунна ца гора, йа ган ца лаьара" аьлла.