Керлачу хиламех бу Дагестанехь ГΙизал-Юьртарчу № 9 йолчу набахтера мукъавала ши де дисича Мурзабеков Мохьмад вар а, Красноярскерчу № 17 йолчу набахтехь шена тоьхна 20 шо токхуш волу Черкесов Аслан къайлаваккхар а. Оцу хьокъехь церан гергарчаьрца а, бакъоларъярхочуьнца Ганнушкина Светланица а къамел дира Маршо Радионо.
ГΙизал-Юрьтарчу набахтера Мурзабеков Мохьмад хан текхна а ваьлла, аравала ши де дуьсуш, кху беттан 10-чу дийнахь вайна лоьху цуьнан нанас а, йишас а. Юьхьанца Ιедалхой баьхкина уьш бехачу ХΙинжа-ГΙаларчу церан хΙусаме. Шу воΙ набахтера ведда, хΙара видеотоьшалла а ду, аьлла. Амма видео тΙехь шайна гайтинчу тутмакхашлахь вац боху цара Мохьмад.
Цул тΙаьхьа ГΙизал-Юьрта набахте а бахара МурзабековгΙар Мохьмад лоьхуш. Набахтин векалша хΙинца иза шаьш арахецна, шайна ца хаьа и вахана меттиг боху.
МурзабековгΙаьрца ГΙизал-Юьртарчу набахтехь нисвеллачу Маршо Радион корреспондента дΙаяздира цара Ιедалца ден къамел.
МурзабековгΙар: «ХΙан-хΙа, иза мукъа ца ваьккхина. Иза ведда аьлла, видео гайтира. Схьагайтал суна сан воΙ! Йита со хьаькамна тΙе! Мичахь куьг яздина цо, ша араваьлла аьлла, гайтал документ! Дахийта тхо хьакам волчу!»
Цкъачунна ца карийна МурзабековгΙарна, набахти текхна а ваьлла, шен цΙахь хила везаш волу Мохьмад.
Красноярскехь 17-гΙа ноьмар йолчу набахтехь шен 20 шо токхуш ву Москох футболан фанат Свиридов Егор верна бехке вина гΙебарто Черкесов Аслан. Ши кΙира гергга ду цуьнца гергарчийн а адвокатан а зΙе хаьдда. Черкесов шо хьалха а вайра, набахтерчу тутмакхийн могΙаршкахь кара ца веш, хΙетахь иза лазартнехь туберкулез кхетта цунна я ца кхетта талла чувиллина Ιуьллуш хиллера.
Иза лохуш ю тахана цуьнан нана а, бакъоларъярхой а. Хилларг далхадо Черкесов Асланан нанас Соняс.
Черкесова: «Тхан адвокат ву цигахь. Дов гΙарадаьллачех а долуш, Асланца даима а нисло хьовзамаш. Циггара адвокат лаца дийзира тхан. Иза кест-кеста чугΙур а волуш, Асланах дерг наггахь мукъане а тхайна хууш хилийта. Чувахана адвокат, цунна иза набахтехь ца карийна, дарбан цΙийнехь ву, аьлла. Адвокат лазартне вахана, цигахь а вац Аслан. Маситтаза вахана адвокат, ца карийна. Йиттина Ιуьллу, я кхин цхьаъ нисделла, ца хаьа суна, соьгахь цхьа а информаци яц. Зазадоккху-беттан 4-чохь дуьйна ца хаьа тхуна иза стенгахь ву».
Набахтешкахь кхобу нах стенна бов, муьлха бахьанаш нисло ишттаниг нисделча, бухадиллина цигарчу хьаькамаша я и нах идабечу къайлахчу сервисаша, аьлла, хаттар дира Маршо Радионо тутмакхийн бакъонаш шерашкахь тергонехь латтош схьайогΙучу евзаш йолчу бакъоларъярхочуьнга Ганнушкина Светланига. Цунна хетарг иштта ду.
Ганнушкина: «Гергарчарна а, адвокаташна а набахтехь бохкурш ца карош, цхьаьнхьа оцу системехь бовш практика ю. Кхано карийча, гучудолу цунна тΙехь низамехь доцу Ιазап латтийна хилар. Кхин а хΙун нисло? Стаг аравоккхучу хенахь, иза набахтера дΙахоьцучу меттана, сацаво. Ишттачех суна хууш ши категори ю. Цхьаъ – кхин чохь латтабойла а доцуш, арахоьцурш, уьш кхечу мехкаша шайн карабоьху нах бу. Царна экстрадици яр дихкина хилча а, уьш лечкъабо я церан мехкашкарчу къайлахчу сервисаша, я кхузара гΙодечара. ШолгΙанаш Къилбаседа кавказера нах бу, доккхачу декъанна нохчий. ХΙинца кхиберш а бу царалахь. Нах маьршабовла безаш бу, ткъа уьш ара ца боху, цхьа кхин а зулам дича санна, совцабо».
Архангельскерчу а, цунна гонаха лаьттачу а набахтешкахь вуно дукха бу нохчий - дукха хьолахь, селханлера тΙемалой. Цхьаболчийн хенаш текхна, йоьрзучу кхочуш ю. Шаьш Маршо Радиоца зΙене довлуш цара хаамаш бо, Нохчийчуьрчу хьаькамаша шайн набахтийн куьйгалхошка дехарш кхоьхьуьйту шайн хьокъехь, хΙуъа а дина а, шаьш даймахка ца кхочург, набахтера мукъа ца дохург дахьара бохуш, дуьйцу цара.
Ишттаниг муха хила таро ю, иза-х цхьана а кепара пачхьалкхахь лелаш низам дацар ма ду, аьлла, шега хаьттича, Ганнушкина Светлана иштта жоп делира.
Ганнушкина: «И тайпа дехарш кхочуш цадар дастаме хета хир ду царна, ткъа низам талхон мегаш ду. Цо гойту таΙзар даран институт телхинийла. Пачхьалкхан низамийн метта цхьа жоьлкийн, гΙеранийн низамаш ду болх бан дуьйладелла. Иза беккъа оцу хьийзочу нахана кхераме хилла ца Ιаш, кхераме ду ерриг а пачхьалкхана».
ГΙизал-Юьртарчу набахтехь Мурзабеков Мохьмад а, Красноярскерчу 17 ноьмар йолчу колонехь Черкесов Аслан а вар шена хууш ду, уьш лохуш, шега далург дан а гΙерта ша, боху бакъоларъярхочо Ганнушкина Светланас.
Ганнушкина: «Кху беттан 12-чу дийнахь йолаелла Мурзабековн истори, ткъа хΙинцца зΙе туьйхира соьга Черкесов Асланан нанас а. Иза дуьххьара вовш а ма вац, хьалха вайча, гучуделира, кΙеда аьлча, низамехь доцу хΙуманаш цуьнца леладеш хилар. Оцу хΙуманех цхьаммо а жоп ца луш санна сурт хΙоьттина. Ерриг а система дуьхьала яьлла, цхьана стаге листалур а дац иза. Иза чΙогΙа кхераме ду пачхьалкхана, цхьа банда ю-кх низамаш талхош».
Набахтешкахь лела харцонаш совцон, царна дуьхьало ян цхьа а ницкъ боцуш санна сурт лаьтта Оьрсийчохь, тΙаккха хΙун маьΙна ду пачхьалкхехь бакъоларъярхойн юкъараллаш хилар а, хилларг даржош йолчу зорбан хьостанашка ладугΙуш стагга а цахилар а, аьлла а хаьттира Маршо Радионо Ганнушкина Светланига. Иштта ду цуьнан жоп.
Ганнушкина: «Данне а дан хΙума доцуш тхаьш ду эр дац ас. Оха адвокаташ хьийсабо набахтешка. Юкъ-кара гΙ о дало нахана. Наггахь кара а во стаг. Дукха хан йоццуш Воронежехь нисделлера. Нохчо арахецнера цигара, цунна тΙахьа иза схьавало бахана гергарнаш, уьш берраш а лецнера цигахь, цкъа бехке бинера оьккху коьчал карийна цаьргахь, аьлла, Къурана юкъахь наркотик карийна, аьллера юха. Дирзира иза тхо тоьлуш, амма иза а наггахь бен ца нисло».