Forbes журнало тIом болабалале хIоттийначу "200 хьоле Оьрсийчоьнан вахархо" рейтингехь къайлах а доцуш оьшург латтош хилла оьрсийн эскарна. Цунах лаьцна хаамбина Свобода Радион оьрсийн сервисо. "Проекто" "Пссы войны" аьлла бинчу талламехь ду иштта йаздина. Цу тIехь дуьйцу, Украинера тIом бахьана долуш оьрсийн олигархашна хIун дакъа кхаьчна.
Ресурсан хаамашца, бизнесхоша Оьрсийчоьнан тIеман министраллица динчу контрактаца а догIуш, оцу йоллу хеначохь цара хьажийначу ахчанан барам бу- 2014-чу шарера 2023-чу шарке кхаччалц, - мел лахара а 220 миллиард сом.
Оцу олигархех 80, "Проекто" йаздо, таханалерачу дийнахь санкцеша лецна бу. Киевн агIончаш йолчу пачхьалкхийн йоллу юрисдикцешкахь царех 14 йу дозанаш тоьхна, 34 бизнесхочунна Украино санкцеш йаьхна дуьхьал.
Муьлха олигархаш бу буьйцурш
Талламехь журналисташа йоху царна йукъахь Мордашов Алексейн (Северсталь), Потанин Владимиран (Норникель), Алекперова Вагитин (Лукойл), Фридман Михаилан (LetterOne), Абрамович Романан (Millhouse), Тимченко Геннадийн (Новатэк), Усманов Алишеран (USM), Ковальчук Юрийн (Банк "Россия"), Ротенберг Аркадийн (Мостотрест)а, иштта кхинболчийн а цIераш.
Талламчаша билгалдаккхарехь, цхьа олигарх вистхилла тIом болийначул тIаьхьа Кремлан политикина дуьхьал – Тинькофф Банк кхоьллина Тиньков Олег. Оьрсийчохь вехачу цо ша президентана муьтIахь хиларх, иза велла дIаваллалц урхаллехь виса лаарх баьхнера. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Тиньковс дIахьедира оьрсийн пачхьалкхах ша дIахедаш ву аьлла, "Путинан фашизмаца воьзна хила ца лаьа" аьлла. КIира хьалха бизнесхочунна дуьхьал йаьхна хилла санкцеш йухаийцира Британино.
Биссина берриш аьлча санна хьоладай, цхьацца агIор Оьрсийчоьнан тIеман эскаршна ахчанаш латтийна болу, хIокху цхьана шарчохь эхашарчохь тапъаьлла Iаш бу. Оцу йукъанна бист ца хуьлучу оцу олигархийн заводаша хьалха а, хIинца а оьшу хьашташ ду латтош оьрсийн тIеман индустрин комплексна, иштта маьрша украинхой байа ракеташ, бомбанаш, молха дан оьшу гIирс", - чIагIдо талламчаша.
Стенца гIо латтош хилла цара оьсрийн эскаршна
Оцу олигархаша ахча а латтош динчу хIоъ-молхаца, техникаца, герзаш деташ хилла украинхойн Бучана а, Винницана а, Мариупольна а, билгалдоккху журналисташа.
Масала, украинхойн Iедалхойн хаамашца, бIеннашкахь нах бойуш, Мариуполера драмтеатр хIаллакйина хилла ФАБ-500 авиабомбанашца. Талламбинчара билгалдоккху, и бомбанаш йечу заводана алюминан хIур латториг Дерипаска Олеган ("En+ Group"), Вексельберг Викторан ("Ренова") сруктураш йу аьлла. Авиабомбана оьшу меженаш латтош йу бизнесхочун Евтушенков Владимиран (АФК "Система") дакъа йукъахь долу компани.
Журналистийн зерашца, и тIеман машенаш а, герз а деш оьшург латтийна бизнесхоша Шелков Михаила ("ВСМПО-Ависма"), Зубицкий Евгенийс ("Группа Кокс"), Роттенберган доьзало а, иштта Мазепин Дмитрийс а ("Уралхим"). ТIаьххьарчо аммиак а, аммиакан селитра а кхоьхьуш хилла лоьлхуьйтурш а, тIеман гIирс а кечбан.
Муха бина таллам
Йерриг йа ах дакъа оцу олигархийн долчу заводийн пачхьалкхан контракташ зийна "Проектан" журналисташа. ТIеман заводашца а, тIеман министраллица а, Росгвардица а дина хилла цара уьш. Талламчаша билгалдоккху, 2017-чу шарахь оьрсийн тIеман министрало шайн контракташ къайладахьа долийра, цундела церан карадаьхкинчех цхьа дакъа бертан кехатан 2014-2018-чу шерашкара ду.
"Тхан базехь долчул а алсам ду билггал долу тIамна болх бечу олигархийн терахь а, цунах царна кхаьчначу ахчанан барам а", - дуьйцу цара.
- Украинана дуьхьал тIеман конфликт Оьрсийчоьно латтош йу 2014-чу шарера схьа дуьйна. ХIетахь Москвано аннекси йира ГIирмина. 2022-чу шарахь Оьрсийчоьно шуьйра тIом болийра украинхойн гIаланашна тIе а леташ. Оццу шарахь оьрсийн Iедалхоша аннекси йира кхин а Украинан йеа кIоштана. Цу йукъанна, Москвано дола до Херсонан а, Запорожьен а, Донецкан а, Луганскан а дакъойн, иштта Харьковн кIоштарчу жимачу дозанан а. Украино чIагIдо, шайн Iалашо – и доллу латтанаш духадерзор йу аьлла.
- ООН-н хаамашца, Оьрсийчоь Украине чуйахчхьана 9 эзар маьрша стаг вийна. Оьрсийчоьно йинчу агрессихь кхин а дукха нах байина хила тарло билггал аьлча.