Данди Университетера Адаман анатомин а, идентификаци яран а центран директор а, кхелан антрополог а йолчу профессоран Блаьк Сун лаккхара хаарша коьрта меттиг дIалаьцна, цхьа-моггIа гIарадевлла зуламаш толлуш. 1999-чу шарахь цо куьйгалла дира, Британино Косовехь байина нах дIабоьхкина даккхий кешнаш ахка хьажийначу кхелан тобанна. 2001-чу шарахь Блаьк Сус кхоьллина Британера адаман идентификаци яран ассоциаци. Оццу шарахь цунна Британин империн орденан кавалер цIе елла, цо Косовехь бина болх къобалбеш.
Блаьк Сун Маршо радиоца хилла къамел, тIемашкахь байинчу, бевзаш боцчу нехан кешнаш дастарх лаьцна ду.
Нохчийчохь, шина тIамехь дIадоьхкина итт эзарне кхоччуш декъий ду, хIинца а ахка долонза. Схьагарехь, Нохчийчохь шолгIа тIом а болийна, и бахьана хIоттийна урхалле веана Путин Владимир Оьрсийчоьнан Iедалехь мел ву, даста долор долчух тера а дац уьш.
Эзарнаш доьзалш бу Нохчийчохь шайн доьза байна гергарнаш лоьхуш. Уьш ша-берриш бацахь а, царах цхьа дакъа, цу кешанкашхь карон тарлора. Доьзалхочух дерг ца хааро бIарзбинчу нехан дегнашка, шайн стеган дакъа мукъа а карийча, цхьа синтем босса тарлора, иза ишта тарлуш делахь. Оцу хьокъехь Маршо радионо къамел дира Косовехь болх бинчу профессоре Блаьк Суга. Юьхьанцара тхан къамел доладелира, профессоро-антрополога, Британерчу тобанца Косова яхарна тIера.
Блаьк Су: 1999-чу шарахь дара иза, Серби, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацина хеттачул а хьалха юхахьа яьлча. Цу организацин кхелан тобанаш Боснехь дукха жигара болх беш яра хIетахь. Югославехула кхоьллинчу Трибуналан прокурор хиллачу Арбор Луизас аьллера "вайна кхелан тобанаш оьшу,
Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организцин декъашхойн-пачхьалкхашкара Косово а яхана, тоьшаллаш дайъале, уьш катоьххина гулдан". ХIунда аьлча, кхерам бара, Косовера бевдда мухIажарш сихха юха а бирзина, кхело шен ладегIаршкахь лелон тарло тоьшаллаш дайарна. Сиха бина кхайкхам бара иза. Британин Арахьарчу ГIуллакхийн министралло вовшахтуьйхира Цхьанатоьхначу Паччахьаллин кхелан тоба.
Суна хетарехь Стигалкъекъа бутт я Мангал-бутт бара иза 1999-чу шеран. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла прокурор тIехьожучу Къоман Офисо, эр вай, тIеийцира тхо. Тхан болх, пачхьалкхана чоьхьа а девлла, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин талламан тобано урхалла а деш, бехк буьллур боллучу агIонна къахьегар бара. Официала кепара бехк буьллур болу агIо хьалхаяьккхина яра Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино.
Масала, цхьана тешо тIе а веана алара "суна виъ стаг вуьйш гира, тIе герзаш а диттина. Уьш хIоккхузахь, хIокху Iуьрга боьхкина", аьлла. Цу гIуллакхо, цунах цу зуламан теш во. ТIаккха Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино олу, и гIуллакх, бехк буьллучу агIоно караоьцу. "Царна хIара а, хIара а гина. Иза Дуьненаюкъарчу Криминалан Кхеле даккха дезаш долу ондда тIеман зулам ду."
Йозуш йоцчу кхелан тобано талламаш дIахьо, цу тешо аьллачунна тоьшаллаш лохуш я иза бакъдуйла къастош."
Тоьшаллаш кара а дина, юха Дуьненаюкъарчу Криминалан кхеле дIаделлера.
1999-чу шарахь Косово а дахана, шина шарахь белхаш бира оха.
2002-чу шарахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин а, тхан Архьарчу ГIуллакхийн министраллин а тIеддилларца тхо Косово юхадаьхкхича, цигахь мелла а гIуманитаран аспект яра. ХIунда аьлча, Дуьненаюкъарчу Криминалан кхело сацам бинера шайн тоъалла онда тоьшаллаш ду, жоьпаллехь верг кхеле а озош, цигахь дина зуламаш талла. ХIинца царна оьшург, тIепаза байна лоруш берш билгалбахар а, уьш лоьхучу доьзалшна дIабохка дIабалар а дара.
Маршо радио: Цхьаммо а новкъарло еш хаалорий шуна? Шун болх дIа ца бахийта лелош хIума-м ца тусаделира шуна Косовехь?
Блаьк Су: ХIа-хIа, ца тусаделира. Иза боккъалла а, наха чу шайн са а диллина беш болх бара. Боккъалла а нийсо езаш. Арахьарчу гIуллакхийн министралла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино ма-боххура болх беш яра. Косовехь бехаш а, тIамах бевддачара юхабаьхкинарш а, массо тайпа гIо деш бара. Цу тIамехь байинчу Косовера албанхошца болх бина ца Iара оха. Цигахь беллачу сербийн декъеш а теллира оха. бьЦу тIамехь нис а белла, гIаттамхой боцчий декъий дара оха теллинарш. Милицехь а, формалан кепарчу ницкъашкахь а, эр вай, болх беш хилла нах бара уьш. Амма, бехк боцуш, байина бара. Цхьа а тайпа, цхьаннен агIо лаьцна, вукхарна дуьхьала болх бо бохург, аьттехьа дацара. Суна хеттарг, со нийсо меттахIоттош ю бохург дара.
Кхеташ ма-хиллара, политикан чолхенаш яра дера цигахь. Уьш гуттар а хир ю, хIунда аьлча, дуьненаюкъарчу тIегIанехь бина болх бара иза.
Амма цигахь болх бинчу, декъий охкуш, толлуш хиллачу тобанашца генахь латтийра иза. Политика - политикашна а, адвокаташна а йитинера.
ХIоранна а нийсо меттахIотточехь даггара болх бан лаара.
Суна хетарехь, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Дуьненаюкъара Криминалан Кхело Косовехь, Боснехь а, Балканашкара кхечу меттигашкахь а динарг, цигахь дина зуламаш кIорггера талла а теллина, кхин ца хилийта Iалашо йолуш дара. Нюрнбергера кхелана тIаьхьа вайна оцу кепара кхелаш гина яцара. Боккъалла а нийсо меттахIоттон дина дара иза коьртачу декъана. Цхьаммо а бохург хьалха а ца доккхуш, тIаьхьа а ца доккхуш. Суна иза вуно-вуно маьIна долуш зеделларг дара. ХIунда аьлча суна хетара, цхьаннена а агIо ца лоцуш, со еккъачу факташца болх беш ю, аьлла.
Маршо радио: Шу Косована чудахар а, цигахь белхаш бакъо ялар а муха хилла дара? Хьенан болх бара иза?
Блаьк Су: Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин пачхьалкхаша-декъашхоша боккъалла а къахьийгира Косовера хьолехула резолюци тIеэцийта гIерташ. Милошевич Слободан шен ма-хуьллу хьаьжира и хIума кхелехь ца айъийта. Амма НАТОно сацам бира, ша цу гIуллакхана юкъагIорта еза, аьлла. Цхьа мур беара цигахь НАТОно бомбанаш етташ. Цунах бахьана а хилла, Серби юхаелира. Серби юхаяларо кхелан тобанаш махкал чоьхьа йолуьйтуш аьтто баьккхира. Амма и цхьа а хIума хир дацара, цу махкахь лелочу къизаллех лаьцна дуьйцуш ца хиллехьара а, адамийн бакъонашкахьа къуьйсучара иза дижа дитинехьара а. Гучудаьллера, гIаттамхой ца хилла нах, деккъа, цхьана къомаха хилар бахьана, байина буйла.
Маршо радио: Хила ма-деззара декъий ахка оьшург хIун ду?
Блаьк Су: Дакъа схьа хIунда доккхуш ду бохучуьнца доьзна ду иза. Гуманитаран бахьанца схьадоккхуш делахь, атта ду ала мегар долу хIума ду иза. Амма ша процесс атта яц. Дакъа схьа а охкий, иза хьенан хилла а къастадой, шен доьзало дIало, валаран бахьана къаста ца деш, кхелан таллам а боцуш.
Амма и стаг валарна хьо цхьаъ жоьпе озон воллуш велахь, хьуна формалан процесс оьшур тоьшаллаш метта а хIиттош. ХIунда аьлча, стаг вер, адамаллина дуьхьала динчу зуламашца доьзна хила тарло. Дуьненаюкъара ТIеман зуламаш лара а тарло. Оцу хьолехь ахьа кхечу кепара болх бо, хьан кхин адамаш хир ду болх беш.
Дуьненаюкъара Зуламийн Трибунале кхочуш долу зуламаш динехь, цунна цхьаъ жоьпе озон везар ву. ТIаккха Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино кхелан тобанаш вовшахтухур ю. Кхелан тобанашна цхьа моггIа билламаш хир бу.
И ша йолу процесс, зуламан тоьшаллаш вовшатохар а, баларан бахьанаш гулдар а, и нах муьлаш хилла къастор а хир ду. Нагахьб санна тоьшаллаш тешо "хIара стаг герз тоьхна вийна вара" алахь, вайна хIун оьшур ду? Паталогистан тоьшалла. Цо тIечIагIдийр ду, герзаца йинчу чевно и стаг вийна хилар. Цул тIаьхьа вай къастон деза и стаг бер дара я, бехк боцу зуда яра. Иза тIеман зулам ду, тIамехь валар дац. Цундела зулам къастор а, стаг мила хилла къастор а цундела маьIне ду.
Маршо радио: Вевзаш воцчу стеган дакъа довзаран процесс муха хуьлу? ХIун оьшу цу гIуллакхана? Мел хан а, харжаш а еза цу гIуллакхана?
Блаьк Су: Цхьаъ мила къастон хьожуш велахь, информацин ши агIо оьшу хьуна. Стаг дийна волчу хенахь цунах хилларг хаа деза. ШолгIа, веллачу стагца и информаци юста хаа деза. Вай тобанаш хьовсон еза (нах байначу) доьзалшна тIе. Доьзало ала тарло "сан кIант вайна ву. сан кIант оцуьнца, хIокуьнца воьзна вара." Стаг валале хилларг къастон араяьллачу тобано и информаци вовшахтухур. Суьрташ ду цу стеган? Цергийн лоьрера йозанаш дуй? Цхьанхьа а пIелгийн томагIнаш дуй? И стаг хIинца а дийна хилар тардалар къастон Iалашонца, генийн тIегIанехь адаман билгало схьаэца йиш ю цуьнан доьзалера?
Стаг валале йолу информаци гулъеллачул тIаьхьа, дакъа кешнашкара схьадосту тоба еза вайна. Кхелан кепехь кега-мерза хIуманаш схьагулдан деза цара, дакъа охкучу хенахь а, схьадаьккхина даьллачул тIаьхьа а. Зуламца доьзна муьлхха а тоьшалла маьIне ду, стаг мила къастор санна. Цул тIаьхьа и дакъа лабораторе хьажадо, стаг веллачул тIаьхьа дерг къастош болчу говзанчийн кара. Оцу кепара, беллачул тIаьхьа нехан декъешца болх беш йолу тоба еза вайна. Цунна юкъабогIу атрополагаш - валаран чевнаш билгалъйоху цо. Ортодонт хуьлу - цергашца йолу информаци къастош. Кхелан биологин говзанча хуьлу - пIелгийн томмагIнашка хьожуш я генийн тIегIанехь стаг вовзаран билгалонаш оьцуш.
И бохург, и билгалонаш оьцуш лаборатори хила еза бохург царца болх бан. Стаг валале а, веллачул тIаьхьа а хьокъехь мел гулъйина йолу информаци, стагах йисина даьIаьхкаш шен гергарчаьрга дIалучу тобано ло. Оцу тобанца цхьанакхеташ волу стаг векал вина хила везаш ву, стаг вовзар къобалдан. И кхелахо хила тарло. Муьлхха а, стаг вовзар къобалдан йиш йолу стаг хила веза иза. Цара олу, "вайначу стагах лаьцна и валале йолу инфомраци хIара ю. ХIара, иза веллачул тIаьхьа йолу информаци ю. Суна хетарехь, хIокху информацино лучу тоьшаллаша, и стаг дIахеца таро ло тхуна."
ТIаккха репатриацин тобано - доьзалшца болх бечу тобано - дIадолла дIало и дакъа. ЧIогIа чолхе процесс ю иза.
Деккъа, стаг вовзар хилла Iаш иза дацахь, кхелан тоьшаллаш гулдар делахь, юьззина юристийн тоба а, талламхойн тоба а хуьлу. Атта гIуллакх дац иза. Шортта агIонаш йолу гIуллакх ду. Нагахь санна, цхьаммо а шеконе дуьллур доцчу кепара, хила ма-деззара, иза дахь, тоьшаллаш меттахIиттадахь, цо шортта хан йойу, кхеташ ма-хиллара, деза хIума а ду иза.
Маршо радио: Шина тIамехь дIадоьхкина, хьенан бу ца хуучу нехан декъий ду Нохчийчохь. Хьалхарчу тIамехь дуьйна лаьтташ Iохкучеран хIинца ткъа шо гергга ду. Къастон хала долчу хьоле дала маса шо оьшу адам дакъана?
Блаьк Су: Иза боккъалла дика хаттар ду. ХIунда аьлча, кхузахь цхьа а доза дац. Масала, стаг велла кIезиг хан мел ели а, иза мила хилла къастон мелла а атта ду. Дакъа дахкадалар - стаг мила хилла къасторан мостагIа ву. Нагахь санна вайна 10, 20 шо даьлча дакъа карийча, цхьацца хIуманаш ду вайна пайдехь хир доцу. Масала, цуьнан юьхь гур яц вайна, иза лохучуьнах тера вуйла къасталур дац. Иштта, пIелгийн томмагIнаш карор дац, дакъа дахкаделлачул тIаьхьа.
Интерполо диъ хIума ду юьхьанца къасторна билгалдаьккхина. ПIелгийн томмагIнаш, цергийн кеп. Вайначу стеган цергех лаьцна информаци елахь, мел дукха хан яьлча а, стаг мила ву къастало. Тайландехь цунами хиллачул тIаьхьа байначу нехан декъий къастор, дукха хьолахь, церан цергийн информацица доьзна дара. Генийн тIеганера адаман билгалнаш а дуккха-дуккха хенахь лаьтта. Гергарчара уьш лахь, схьааьхкинчу нехан декъий довзар аттачу дер ду.
Белградехь кхин цхьа лаборатори а яра оха Косовехь болх бечу хенахь. Боккъал а дика эксперташ хилира царах, генийн тIегIанехь адаман билгалонех сурт хIотторехь.
Маршо радио: Со нийса кхеттехь, стаг муха вийна бохург къастон хала хир ду-кх? Я, тIехь къизаллаш а лелийна вийна хиларан тоьшаллаш а довр ду-кх?
Блаьк Су: Дера ду. Уьш байинчеран и нах байа хIун бахьана хилла къасторца доьзна ду. Нагахь, чевнаш герзаца йина елахь, уьрсаца йина чов елахь, тIера жижиг дIадаьлла делахь а, чевнийн лараш юьсу. Дукха адам дIадоьллинчу кешнашкахь, масала Боснехь, куьйгаш тIехьа дихкинарш а бара цигахь. Я бIаьргаш бихкина бара. Хила ма-деззара кешнаш охкуш велахь, тоьшаллаш карон хууш веза - когаш бихкина буй, куьйгаш дихкина дуй, бIаьргаш бихкина хиллий.
Нагахь снна юх-юха а тIехь бина хилла дакъа карадахь, цуьнан цхьацца даьIахкаш кегйина карон тарло. Масала, пIендарш. Иза а тоьшалла ду. Нагахь санна меженаш чура яьхна, я тоькаца ницкъ бина чевнаш, йоцачу хенахь билгалонаш дIайовлу.
Маршо радио: Дакъа цхьана меттера схьа а дьккхина, кхечу метте дехьадьккхича хIун хуьлу?
Блаьк Су: Суна хетарехь, ахьа бохург, дуьххьара дакъа дIадоьллина хиллачу меттера иза дехьадаккхар ду. Иза башха доккха хIума ца хила мега. Амма чолхенаш йолало, стаг вен а вийна, эццахь, дуккха а нехан декъешца цхьана дIа а воьллина, цул тIехьа цуьнан дакъа дехьадаьккхича. ХIунда аьлча, хьалха дIавоьллина хилла меттиг дика гуш ю. Зулам дина хиллий а гуш ду. Амма дакъа цхьанхьа дIадьхьча, иза къайладаккхало.
Масала, Косовехь оха болх бинчу меттехь цхьа кешнаш дара бIеннаш нах дIабоьхкина.
Масех баттахь булдозеро ахка а долийна, декъий хьаладаьхначул тIаьхьа, кхечу меттиге дIадаьхьира. Уьш кега а делла, йоккха чалх хилира цунах. Тоьшаллаш дов уггар хьалха. Цул сов, кегаелла даьIахкаш вовшахтоха ха деза. Цо хаза нехан санна чолхе баьккхира тхан болх. Гергарчарна декъий дIадалар а чолхе долу. Декъий довзаран процессехь халонаш кхуллу цо. Хан алсам езарал совнаха, харжаш а алсам йовлу. Тхуна бан чIогIа чолхе баккхарал совнаха, ца балучу тIе болу и болх.
Маршо радио: Соьлж-гIалахь гIишлошъяран белхаш беш юкъ-кара декъий дIадоьхкина меттиг карайо белхалошна. ХIун дан деза цу белхахоша шайна адамийн даьIахкаш карийча? Низамаша хIун боху оцу хьокъехь?
Блаьк Су: Стеган даьIахкаш карийча дан дезачуьнца доьзна низамаш пачхьалкхашка хьаьжжина ду. ХIора пачхьалкхан шен низам ду, дан дезарг хьоьхуш. Британехь хуьлчух лаьцна алалур ду соьга. Амма Нохчийчохь чIогIа къаьсташ хир ду иза. Нагахь санна Британехь адаман даьIахкаш карийча, гIишлош яран белхаш соцу. Массо хIума саца дезаш ду. Iедалийн цIарах болчу талламо къастадо уьш хIинцца дIавоьллинчу стеган даьIахкаш ю - тIаккха кхелан талламхой кхойкху цига, я, археологин талламаш бо. Нагахь утш археолгин талламаш белахь, археологаш а, гIишлош еш берш а кхин дIан дезарг дийца цхьаьнакхета. Билгалъйоккху, балхана хьашт хир йолу хан.
Уггар вуочу хьолехь хиндерг ду, цхьаммо Iьург доккхий, даьIахкаш схьа а оьций, цхьана бота чу юхку. Телефон тухий, уьш дIаяхьа цхьаъ кхойкху. Ишта уьш схьаэцча, даьIахкаш муьлхачу хьолехь карийна бохург дайна ду. Юьхьанцара дакъа муха дIадоьллина хилла, мел кIорга дара каш, я цхьанхьа и стаг вен а вийна, дакъа лаьттах доьллинера - и хIума вайна къастон хала ду, я цкъа къаста а лур дац. И даьIахкаш я тоьшаллаш меттах мосузза доху, цунах лаьцна информаци йов.
Цхьана меттера схьа а даьккхина, дакъа кхечу метте дехьадаьккхича, иза дIадоьллина хилла меттиг йов. Иза цига муха кхаьчнера, хьан дIадоьллинера - тоьшаллаш дов. Кхелехь оцу тоьшаллийн цхьа а мах хир бц. ХIунда аьлча, хIокху декъан, масала, герзо йина чов ю аьлча, иза кхечу декъешца кегийна хир ду, кхелехь чIагI далур дац. Цундела, дакъа меттах мосузза доккху, тоьшаллашца йолу уьйр хадайо боккъалла а хиллачуьнца.
Маршо радио: Аша Косовехь болх бечу хенахь шун ярий декъий довзаран-къасторан лаборатори?
Блаьк Су: Косовехь тхан хIур яра аьлча, тхан тобанаш яра (гергарнаш тIепаза байначеран) доьзалшкара тоьшалла гулдан араевлла. Декъий охкуш долу тобанаш а яра тхан. Баларийн бахьанаш а, стаг мила къастош а хилла тобанаш а яра.
Маршо радио: Мел ахча оьшу оцу кепара леррина лаборатори ян?
Блаьк Су: Миллионаш, къамел а доцуш, миллионаш. Бан безачу белхан бараме хьаьжжина ду иза. Масех хIума кхочушдеш йолу тоба оьшу цигахь. Косовохь долчу кешнашкахь дIабоьхкинарш бIеннаш, эзарнаш нах бара. Охкуш белхаш бен нах беза. Цунах кIезиг харж хуьлу.
Харжаш а, юьхьарлаьцначуьнга хьаьжжина хуьлу. Нагахь санна и талламаш Криминалан Кхеле доккхур долуш делахь, процессан юьххьера иза чекхяллалц, миллионаш оьшу.
Нагахь, оцу кешнаш ахкаран гуманитаран маьIна делахь - стаг вовзар, "хIара сан кIант ву, суна хIара дIаволла лаьа алахь, цхьаъ ду. Цу юкъа кхелан процесс ца озаяхь, и процесс дуккха а, дуккха а йораха ю. Цигахь а-м оьшу миллионаш. ХIунда аьлча, тайп-тайпана тобанаш оьшу кешнаш ахка а, нах валале хьалха хилларг, баларан бахьанаш къастон а. Кхелана оьшу тоьшаллаш къаста ца дахь а, йоккха чалх ю иза.
Нагахь и болх мехаза бен тоба хилахь, цо а мах лахбийр бу. Амма генийн тIегIанехь стаг вовзаран билгалонаш къасторна харжаш ян еза. Гуттар а некъ карон тарло харжаш лахъян. Сайга хаьттича, аса эр дара, хьажа, хьайна хIун жамI деза и массо болх бина баьлча. Нагахь, зулам динарг жоьпе озон лаахь, гуманитаран маьIнехь кешнаш ахка долон ца деза. ХIунда аьлча, цу маьIнехь бинчу белхашца карийна тоьшалла кхелехь атта керстадалур ду. Цундела чIогIа маьIне хьо цу жамIашца стенга кхача гIерта.
Ерза ца туьгу доьзалийн чевнашна дарба дан Iалашо елахь, тIаакха йорахчу процессаца охку кешнаш. Амма кийча хила, оцу маьIнехь кешнаш ахка волавелча а, цо иза хуьйцург хиларна. ТIаккха и тоьшаллаш гулдечу хенахь, кхело хьесапе оьцун долчу тоьшаллийн бух онда хилийта хьажа веза, цхьаъ вукхуьнца дозуш, иза нийса хилийта.
ХIунда аьлча, юристийн тобанийн Iалашо ю и тоьшаллашкахь йолу галморзахаллаший гучуяхар. ХIунда аьлча, кхелана мегар доцуш хир ду и тоьшаллаш.
Маршо радио: Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин муьлхачу урхалло кховдийна яра кешнаш дастарца а, цу чохь беллачу нехан балар муха хилла а къасторца а йоьзна ойла? Я леррина Балканашна кхоьллина хьал дара иза?
Блаьк Су: Иза муха къастор ду бохучуьнца доьзна ду иза. Иза тIеман зуламаш таллам хилахь, иза боккъалла а Дуьненаюкъарчу Криминалан Трибуналан инарла прокурорехь ду. Инарла прокуроро эр ду, тхо тешна ду, "хIоккхузахь тIеман зуламаш дина хиларх." ТIаккха Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино шен тIелоцур ду талламаш бар. Цу талламна гIортор ян тоьшаллаш лохур ду цара. Цара хIун дийр ду тIаккха? Талламхойн тобанаш хьажор ю, зуламаш хиллачехь болчу тешашца къамелаш дан. Цара талламхо хьажон тарло, "цхьанаметта дукха адамаш дIадоьхкина кешнаш ду" боху цу наха, хьажа цигахь хIун-мила ду. Уьш бакъбуй хьажа, тоьшаллаш лаха, аьлла. Хьалхара талламаш бийр бу цара. Нагахь санна, царна иза бакъдеш долу тоьшаллаш карадахь, дуьненаюкъара таллам бар долор ду цара. Оццул бахьанашца, цара дуьненаюкъара талламхойн тоба юкъатохуьйтур ю.