Прокурорана кхерамаш тийсарна бехкевечу адвокатан Идаловн гIуллакх Лакхарчу кхело Нохчийчоьне дIа ца ло

Идалов Тимур

Оьрсийчоьнан Лакхара кхел дуьхьал хилла адвокатан Идалов Тимуран бекхзуламан гIуллакх Нохчийчу дIадала, Москвара Никулинскан кхелехь листа дитина. Цунах лаьцна хаамбина "Business FM" гIирсо кхелан пресс-гIуллакххошна тIетевжина.

Идалов бехкево 2022-чу шеран гIадужу -баттахь прокурорана кхерамаш тийсарна. Бехктакхаман гIуллакхехь дакъалоцучу цо прокуроре аьлла хиллера: "Хьо комиссар Каттани-м вац (италхойн сериалашкахь мафица къийсам латториг – Редакцин билгалдаккхар.), цунна тоьпаш ма тоьхна".

Суьдхочун инициативаца адвокатана дуьхьал гIуллакх даьккхина Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхар аьллачу артиклехь. 2023-чу шеран оханан-баттахь лецира иза. Товбеца-баттахь цуьнан ка йелира аравала.

Адвокато шен бехк тIе ца буьту.

Идаловн гIуллакх оццу Москвара Никулинскан кIоштахь листа дитина, цигахь аьлла ду цо, процессан бухахь нисделла дешнаш. Цундела дов хоттучу заманчохь хIуьтаренаш лелор йу аьлла хета цуьнан адвокатана.

Цхьа могIа резонансе гIуллакхаш дIахьош бехкелорург хиларна, цунна бина бекхам бу иза аьлла хета адвокаташна. Аргумент лору бехктакхаман гIуллакх кхело прокуроре иза вистхилла ахшо дIаьллачу заманчохь айдина хиларна.

  • Идалов Тимур дика вевзаш ву цхьа могIа резонансе гIуллакхаш йукъахь иза хиларца. ГIалгIайчуьра экстремизмна дуьхьало латточу Центран хьалханча Эльджаркиев ИбрехIим верца доьзначу гIуллакхехь бехкевен Белхороев Алиханан адвокат вара Идалов. Цо Iалашвеш вара Хабаровскан экс-губернаторца Фургала Сергейца доьзначу гIуллакхца таIзар дина Кадыров Мурат а. 2018-чу шарахь Идалов адвокат хIоьттира ГIебарта-Балкхаройчуьра Бегидов Альбертан. Иза бехкевора Кировн кIоштара Омутнинскера "таIзаран" колонин белхахочунна тIелатар дина аьлла. Цул совнах, Идаловн юкъарлонаш ду Лев Пономаревн "Адамийн бакъонашкахьа" цIе йолчу боламца,
  • Идалов Тимур – Нохчийчуьра ву, милцо болх бина цо, дагадоуьйту "Новая газета. Европа" хьасто. Дуьххьара таIзар динера цунна, 1999-чу шарахь Эрмалойчоьнан президент хила гIерта Джилавян Серж лачкъийначу тобанан куьйгалхо хилла ву аьлла. 2012-чу шарахь Европера адаминй бакъонашкахула йолчу кхело компенсаци кхачийра цунна, кхел харцонца йарна а, цуьнца къизаллаш лелорна а.