Дин дац Таксимехь къуьйсург, маьршонаш ю

Туркойчоь -- "Таййип дlавала" бохучу йозанна уллешхула буьйлу туркой Таксимера Гези паркехь, Уьстмал, 07Тов2013.

Туркойчоьнан премьер-министро ЭрдохIан Реджепа бусулба динна тIе а тевжаш, авторитаран кепехь дечу урхаллина доьхьал дIахьуш йолчу акцех, дуьненан кепан гIаттам алар нийса ца хета демонстранташна. Маршо радион корреспондента Кейт Глена бахарехь, ур-атталла, бусулба консерваторш, антикапиталисташ а бу урамашка арабевллачарна юкъахь.
Уьстмалера Таксим майданехь гулбелла тайп-тайпана нах, шайгара маьршонаш схьа ца яхийта гулбелла.
Мукъамашка ла а доьгIуш, го а бина хелхабуьйлуш бу Таксим майдана арбевлла тайп-тайпана нах. Уьш массо а цхьанатоьхнарг, мехкан премьер-министрана ЭрдохIан Реджепана доьхьал йолу оьгIазалла ю.

Цара бахарехь, иза Iаламат чIогIа авторитаран кепе ваьлла. Дукхах болчара чIагIдарехь, шайн пачхьалкхан дуьненан кеп хиларх дозалла деш болчу нехан декъан дахарна тIеIаткъам беш долу, бусулба динера дехкарш низаме дохуш ву ЭрдохIан.


Эмин -- Таксим майданера "Марксистийн бусулба"

​Шен лаамехь коьртахь йовлакх лелош йолу Зайнаб Агбайр шен цIийндеца майдане яран бахьана а иза ду. 27 шо долу Агбайр а, «бусулба антикапиталистийн» боламан декъашхой а санна болу нах а дукха бац кху майданахь. ЭрдохIанна а, цуьнан Нийсонан а, Кхиаман а партина а шуьйра гIортор йо консерваторийн бусулба юкъаралло. Дуьхьалонан акцешкахь дакъа лоцуш берш, дукха хьолахь, дуьненан кепехьа бу.

Амма динна тIерачу декъашхойн хьесапехь, и саннарш кхин а дукха хир бара, социалан тIеIаткъам бацахьара.

Агбайра бахарехь, оцу дуьйлинчу хьолана тIе туьха туьйсу ЭрдохIана, динна тIера болчу бусулба нахах шена пайда а оьцуш.

Агбайр: «Масала, цо элира, «со йохка-эцаран центр ян гIерташ вац, амма со кхузахь маьждиг дан гIерташ ву.» Динца доьзна карта ловзийра цо, динна тIера болчу нехан гIортор лоьхуш.»

Таксим майданахь йохка-эцаран центрана доьхьал болам гIаьттича, ЭрдохIанан дуьххьара реакци яра, цу меттахь маьждиг я Оперин театр ян.


Уьстмалана юккъерчу Таксим майданахь буьйсанаш йоху наха, 10Ман2013

Агбайр юкъахь йолу антикапиталистийн тоба – динан амал йолу марксистийн кеп ю ала мегар дара. Организацин вебсайто (http://www.antikapitalistmuslumanlar.org/) иза «къинхьегамхойн хьацар а, цIий а» санна юьйцу. Амма организацин зорбан-секретаро элира, шайн тобан аьрро агIора политикан амал, динан буха тIехь ю.

33 шо долу графикан дизайнера Албайрак Эмин, организацин «Дела, бепиг, маьршо» цIе йолу слоган тIехь йолчу четарна кIел хиина Iаш ю.


Албайрак: «Бахам Делехь бу аьлла хеташ ю тоба. И бохург, бахам къоман бу бохург ду. Кхузахь тхаьш хиларца, иза ишта дан а ду ала гIерта тхо нахе.»

Таксим майданера доьхьалонан акцешкахь дакъа лоцуш болу динна тIера нах, башха политикан ницкъ болуш бац.
Амма, шаьш бусулба дино тIедиллинарг кхочушдеш ду боху демонстранташа, экономикан проблемаш билгалъехира.

Шен юззина цIе ца яккхар дехначу Шукрана халахетарца олу ша элира, «Iедалан лакхарчу классан исламан верси, моттаргIанийн верси ю. Коьртахь дизайнерийн йовлакхаш лелош болу зударий, болх беш бац,» аьлла.

24 шо долу, кIаденан фабрикан белхахочо бахарехь, цо крнахь ялх дийнахь болх бо. Шена бевза майданехь болчарах кхета лууш берш. Амма уьш социалан тIеIаткъамна кIел бу.

Албайрак: «Доьзалшкахь дуккха а дехкарш ду. Сан санна ойла йолуш дукха доттагIий бу сан. Амма церан таро яц кхуза бахка.»


Демонстранташ самукъадолуш бу Таксим майданахь, 07Ман2013

Йинанч Барчин, Уьстмалехь арадолучу "Hurriyet Daily News" газетан хьажархо тIетов, бусулба дин лелош берш шайн доьзалийн Iаткъамна кIел бу бохучунна. Амма, цо бахарехь, уьш хIетте а богIур бара майдане, динехь хиларан билгалонаша хьашт боцу тидам тIеозор бацахьара.

Делахь а, аьлла билгалдаьккхира цо, доьхьалонан акци исламизмана а, секуляризмана а юкъара дов санна аттачу а яьккхина, йийца мегар яц, аьлла.

Йинанч: «ГIуллакх муха ду аьлча, пачхьалкхах а, политикех а даккхий хаарш долу нах бац оцу демонастранташна юкъахь. Уьш билгабохуш дерг, гарехь, маьршо лахар ду».

Хелхаран гонна юкъара Агбайр тIетайра цунна.

Агбайр: «Суна ца лаьа, цхьаннена а сан коьртарчу хIуманца бала кхочийла. Иштта суна ца лаьа, цхьа а цхьаннен маларна юкъа гIертийла а.»