Путин дикавоцуш ву?

Оьрсийчоь -- Путин Владимиран могашалла зуьйш ву лор Петрашенков Виктор, Манг. 25, 2011

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир цIе ца йоккху лазар токхуш ву боху хабарш шуьйра дийцаре деш ду Малхбузерчу хаамийн гIирсашкахь.

Еари денний, пIерасканний – шина денна Казахстане ваха везаш вара Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, цуьнан Кремлин.ру сайта тIехь хьалхехь дуьйна кхайкхина ма-хиллара, - цигахь Казахстанан президентаца Назарбаев Нурсултанций, Беларусин президентаца Лукашенко Александрций цхьаьнакхета.

Амма кхаари дийнахь Кремлан куьйгалхо цига ца воьдий хиъча, хаамийн гIирсашкахь а, аналистийн гуонашкахь а марсадовла дуьйла делира Путин Владимиран къайленечу цамгарехь долу эладиттанаш.

Уггаре а хьалха и тайпа хаам баржийнарг Reuters агенталла яра. Казахстанан урхаллерчу цIе ца яьккхинчу хьостанна тIе а тевжаш, цуо даржийра, Путин цу махка ца вахаран бахьана иза цомгуш хилар ду, аьлла.

Цкъа хьалха цу хаамна комментари а ца еш, шен Iедалехь эладитта сацадан гIоьртира Кремл, Путинан могшалла дика ю бохург цуьнан керла сурт зорбане даккхарца дайъа а гIуртуш. Цу сурта тIехь Оьрсийчоьнан президет Карелин куьйгалхочунца Худилайнен Александраца цхьаьнакхетарехь гойтуш вара, и цхьанакхетар шинари дийнахь хилчаха кеп йеш.

Амма журналисташа бинчу талламо гайтира, бакъдолчехь и сурт зазадоккху беттан деалгIачохь даьккхина хилар, аьлча а, кIира хьалха. Ткъа цул шозлагIчу дийнахь, зазадоккху беттан пхеалгIачохь ша Италин премьер-министарца Ренци Маттеоца цхьаьнакхетчий бен, кхин юкъараллехь Путин гина ца хилар а гучуделира, Кремлан пресс-службина гIийла кийтарло бахьана долуш.

Оьрсийчуьрчу официала зорбанийн хаамашкахь кхин кIоргера Кремлан куьйгалхочун могшаллех лаьцна дийцаре, кхеташ ма-хиллара, сатийсам бацахь а, амма Малхузерчу журналисташа дикка хан а ю, Путинан могшаллина тIехь терго латтош йолу. Иштта яханчу гуьйранна вуно жигара дийцаре деш дара Европерчу хаамийн гIирсашкахь Путин Владимиран цIе ца йоккху цамгар кхетта бохург.

Иштта 20I4-чу шеран гIадужу баттахь Австрерчу Стандард газетехь яздинера, Кремло Путин цомгуш вац бохург сел чIогIа дуьхьало яр ша деккъа цхье а ду цу стеган могашалех шеконаш кхуллуш, аьлла. „Украинерчу тIамо и мохк, онкологи цамгаро стеган дегI ма даара, бууш бу боху метафора хийла тергамхоша шайн анализашкахь ялош ю.

Амма цу тIамна бехке боккъал а онкологи ю бохург цхьанна а дагахь дага а ца догIура. Ткъа и боккъал а иштта долчух тера ду, Кремлан куьйгалхо цIе ца йоккху лазар долуш ву бохург тергоне эцча. Шен лазар дарба доцуш дуйла а хууш, сихо еш ву Путин Оьрсийчоьнан латта Украинин дакъошца доккхадан, цу кепара шен цIе исторехь даима а йисийтархьама“ - иштта яздира хIетахь журналисташа.

Шайн артиклана тоьшаллийна цара дахкийра иштта Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу гIарваьллачу публицистан Джонсон Ричардан дешнаш, цуо шен "New York Post" газетерчу колумнехь язйина долу. „Беларусера Полше кхаччалца долчу газеташкахь чIагIдо, Оьрсийчоьнан уггаре а нуьцкъалчу стеган букъдаьхкица онколиги ду бохуш. Амма сан хьостанаша дийцарехь, Путинан зорхин кIелахь ду и цамгар“, бохуш яздира Джонсона шен доллучу дуьнентIехь а IалагIож яккхинчу артиклехь.

Иштта цуо чIагIдора, Путин Владимиран могшалла Дрезденерчу цхьана немцойн лоьро теллина, цуо цунна тайп-тайпанчу гIирсашца дарбанаш а лелийна бохуш. Масала, журналисто дийцарехь, онкологин дуьхьал стероидашца дарба лелош ду Путинна, цундела ву иза тIаьхьарчу хенахь вистича санна юхь-сибат долуш.

Ала дашна, лоьраша чIагIдарехь, карарчу хенахь доллучу дуьнентIехь а уггаре а дарба дарна хала онкологин тайпа ду зорхица а, зорхина кIелахь а долуш долу цIе ца йоккху лазар – иза вуно агрессиве а, лазаме а хуьлуш а ду, ткъа цунна дуьхьал яккха, кхечу онкологин кепашкахь санна, кхачаме терапия я яц дуьненчохь карийна. Цундела и лазар кхеттачу нахах 8 процент бен дийна ца буьсу.

Уггаре а тIеIаткъамех долчу немцойн Шпигел журнало а яздо, хетарехь Кремлан шеф боккъал а лазаро лаьцначух тер ду бохуш. „Эхо Москвы“ радиоца ша динчу къамелехь Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс шен куьйгалхо дукха чIогIа могуш ву, салам делча куьг кагдалла, аьлла хилар а хьахош, цу журнало билгалдоккху, цуьнца цхьаьна амма Песковс шена Путин юкъараллина маца гур ву бохург хууш дац, алар. „Шен долахь заррат герзаш долу кIелвиссина цомгуш стаг – и саннарг Дала ма доийтийла“ - бохуш яздо журнало.