Хамзаев Анзор
Мила ю смартфон яьккхина йоI?
Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша шайн сайташ тIехь «Политика» цIе йолчу декъе хIоттийна 3-чу классерчу Ибахиева Хедас керла айфон яккхарх шаьш бина хаам.
Кадыровца йоьзна и рогIера пассаж дукхахболучарна хууш а, хезна а ю. Массех де хьалха йохка йолийна IPhone X а йохьуш, мехкан куьйгалхо волчу еара нохчийн КВН-хойн (Оьрсийчохь забаршца къовсалучу телевизионан шоу-тобанех цхьаъ).
Шена деана совгIат кара а эцна, цо элира: «Тахана Оьрсийчоьнан Цхьааллин Де ду, вай президентах Путинах лаьцна тоьлла байт яьккхинчунна лур ю вай хIара. Реза дуй шу?»
Реза хилира, кхеташ ду, КВН-хой. Уьш шаьш хIиттира смартфон езачара Путинна яьхна байташ зен а, толамча къастош болхбан а.
Эзарнашкахь дахкийтина Путин хеставеш могIанаш, видеош, аьзнаш. Царалахь ву дуьненна а вевза охьатохархлатархо Емельяненко Александр а тIехь. Амма толам кхачийна 3-чу классехь доьшучу теркахочунна Ибахиева Хедина.
…Юьхьанца йоьIан оьрсийн маттера байт а, цуьнан Маршо Радионо дина гочдар а.
Путин -Наш президент (Путин - вайн президент)
Мне не стыдно за свою страну,
Со ца йогу сайн пачхьалкхах,
И за то, что президент наш Путин.
Путин волуш вайн президент.
С ясным взглядом,
ЦIена бIаьрса догуш,
С молитвой к Богу подошел
Далла тIе веара иза доIанца.
«Иди вперед, я буду рядом!»,
«Хьалхавала, со ву уллохь»
- Сказал Господь, и он пошел.
– Аьлча Дала, и вахара.
Он попросил у Бога силы,
Бийхира цо Деле ницкъ,
Без шума, пыли, болтовни
ГIар-тата, чIеIар доцуш,
Взвалил убитую Россию
Йоьжна Iуьллу Оьрсийчоь
На плечи хрупкие свои
ГIийлачу белшаш тIе язйина.
Так Мать-Россия возрождалась
Оьрсийчоь-Нана иштта гIаьтти,
И становилась все сильней.
Дебош ницкъ шен, чIагIлуш.
Но завопила, завизжала
Амма цIогIа деттащ, лиэта
Вся сворÁ западных «друзей».
ХIиттина малхбалера «хьеший»- жIалеш.
Скрипит Америка зубами,
Цергаш хьекхош ю Iамерка,
Да им, убогим, не понять,
Кхетар бац и мисканаш,
Что никогда вот этот парень
Цкъа а оцу къонахчо
Не посрамит Россию-Мать.
Юхкур яцарх Оьрсийчоь.
И возвышается над Миром
Дуьненан коьртехь и гуш ву
С улыбкой светлой и простой
Тамехь къежна, ийна
Непобедимый Князь Владимир,
Оьшур воцу Эла Владимир,
Достойный сын Руси светЛой.
Езачу Русан тоьлла воI.
Яц Хеда Бена-Юьртарчу школера
Тоьлла байт язъярна гоьяккхина Ибахиева Хеда Теркйистерчу Бена-Юьртарчу №7 школехь доьшуш ю, боху Кадыровс йоI язъеш Instagram-ехь дитинчу йозано.
Амма яц йоI оцу школехь цкъа а дешна а, шен дайн юьртахь яьхна а. Доьзал Ставропол махкахь Iийна юьхьанца, Соьлж-ГIала дIакхелхина, хIинца цигахь беха. Нанас, ша педагог хиларе терра, дика Iамийна, массех мотт хууш, хьекъалe йоI ю Хеда. Иштта элира Маршо Радиога уллера доьзал бевзачу, амма шен цIеяккха тхо ца хIуьттучу бена-юьртахочо.
Байтан автор цхьа Хеда йоцийла го
Байтан, лаххара а, ши дош Хедина девзаш доцийла хаало: оьрсийн «свÓра» («жIалийн го») харц, шолгIачу декъанна тохар а деш, ( «сворÁ») доьшу йоIа; гIалатъяьлла байтан тIаьххьарчу дашехь а – «святой» («Еза-Йоккха») доьшу йоIа «светЛой» олий, харц мукъа аз шеггара тIе а тухуш, шолгIа дакъа чIагI а деш. Бакъду, и дош а видеохь цхьаболучу хаамийн гIирсаша дIахадийна, Хедин байт шаръеш.
Ткъа НТВ-но шен сайте видео хIоттош, политикан кхетам буха а биллина, дIакхоьссина цхьа могIа – «Скрипит Америка зубами» («Цергаш хьекхош ю Iамерка»)!
Путин везачех бакхийбераш а бу, кхаьрдарш а бу
Социалан машанашкахь, Ютубехь а, кхечу интернет-хьостанашкахь а нохчаша а, Оьрсийчоьнан къаьмнийн кхечу векалша а кеп-кепара хадийна Путин хеставеш эккхийтинчу бараман мах.
Цхьаберш, байташ машанашкарчу шайн агIонашка а йохкуш, боьлу, кхаьрда авторех а, Путин хастош яьржинчу компанех а. Вукхара хестайо байташ а, байтийн авторш а.
IPhone X яккха лууш Ютубе ехкинчу байташна неIалташ кхайкхадо цхьана декъо, вукхо бераш бехказа доху. Кхечара Путина Астанахь къамелдеш, 1999-чу шеран гурахь Соьлжа-ГIалина бомбанаш еттарх лаьцна журналисто динчу хаттарна жоп луш аьлларг дагалоьцу («Оха массанхьа а лоьхур ю террорхойн лар, …эшахь нишкахь а бойур бу - «В тулете поймаем, мы и в сортире их замочим, в конце концов»).
Мел мухха а делахь а, Кадыров Рамзана дIабаьхьначу байтийн къовсамо керла телефон езарш дуккха а буйла гайтина ца Iаш, гайтина Нохчийчоь Кремлх юлуьйтуш айбинчу идеологин белхан хIу нехан синошка а доьжна, кхуьуш дуьйла а, цо стом луш буйла а.