Путин дIаваьлча...

Путинан а, кадыровн а комбо сурт.

ПIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир йоццачу мIаьргонашна телевизионехула гайтинехь а, амма я иза цомгуш ву я Оьрсийчоьнан куьйгаллехь хийцамаш бу боху эладитта дуьжуш дац.

ПIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир йоццачу мIаьргонашна телевизионехула гайтинехь а, амма я иза цомгуш ву я Оьрсийчоьнан куьйгаллехь хийцамаш бу боху эладитта дуьжуш дац.

Кху беттан пхеалгIачохь дуьйна дуьххьара пIераскан дийнахь ша гайтина юкъараллина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Иза НТВ телеканалан керланашкахь Лакхарчу кхелан куьйгалхочуьнца Лебедев Вячеславца цхьаьнакхеташ гучувелира масех мIаьргонна. Президентан официала Кремлин. Ру сайтано чIагIдарехь, и цхьаьнакхетар Кремлехь а ца хуьлуш, Путинан Ново-Огарево цIе йолчу резиденцехь дIадахара.

Аналисташна хетарехь, кхаа дийнахь тIекIел Оьрсийчоьнан президентан пресс—секретар волчу Песков Дмитрийс юкъараллийна Путин Владимир могуш-маьрша ву бохуш тоьшаллаш динчул тIаьхьа цу кепара дуьненна Путин гайтар, шеко а йоцуш, цуьнгарчу хьолах долу эладиттанаш сацон Iалашо йолуш ду.

Амма и хабарш сацорна метта кхин а алсамох хеттарш кхоьллина Оьрсийчоьнан президент, ала дашна, хазош аз а доцуш, сел йоццачу мIаьргонашна гайтаро.

ТIаьхьарчу деношкахь Путин Владирна гуонахьа леллачу эладиттанех уггаре а тамашийнарг – иза велла бохуш дерг, - НТВ каналан сюжето бух боцуш хилар гайтинехь а, амма я Оьрсийчоьнан президент цомгуш ву боху хабар а, я цу пачхьалкхан лакхарчу гуонашкахь политикан карчар хилла я хила гIерта боху шайхалла бакъ ца хилар гайта ка ца даьлла цу видеогайтаман.

И тIаьххьарлераниг шайхалла даржочарех ву, масала, дуккхаъчу шерашкахь Оьрсийчоьнан президентан хьехамча хилла волу экономист Илларионов Андрей. Кремлехь ша еххачу хенахь болх бина хиларх терра, цу чуьра Iадаташ а, гIиллакхаш а дика девзаш волчу цуо яздо шен социалан машанерчу агIонна тIехь, хетарехь, Оьрсийчохь инарлий карчам хиллачух тера ду, бохуш.

ТIаьхьарчу шина кIиран хиламашна анализ еш Илларионовс тидам тIе бохуьйту, чиллан бутт бовш дуьйна схьа гуш-хезаш ца хилла волу инарла Иванов Сергей килсан дайшца цхьаьна эфирехь гучуваларна а, „Независимая“ газетин коьртачу редакторо шега цхьаммо Сечин Игор даржера дIавоккхуш ву аьлла къайлаха баьккхина кхаъ майра гIарбаккхарна а, ткъа иштта Патрушев Николайс Пятигорскехь, Кадыров Рамзан декъа а волуш, дIадаьхьана хилла цхьаьнакхетарна а.

И дерриге а Путин Владимир тамашийна къайлаваларца цхьаьнадарна а, Оьрсийчоьнан президентан цамгарх долу эладиттанаш цхьаммо юкъараллехь лерина санна даржош хиларна а. Илларионовс шен анализех яздо кхин дIа, шена хетарехь, кесталгIа Медведев Дмитрий премьер-министран даржера воха а веш, цунна метта Иванов Сергей хIоттон мега бохуш.

Цунах терра долу шайхаллаш кху деношкахь Оьрсийчуьрчу а, Малхбузерчу а хаамийн гIирсашкахь а, социалан машанашкахь а кIеззиг дац. Бакъду, берриш а бац аналисташ, нагахь санна дагахь доцург хилла Путин Владимир даржера дIавалахь я даржера вохавахь, Оьрсийчохь цу кепара хийцамаш хир бу аьлла хеташ.

Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахочунна, политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, Кремлан коьртачу гIентан да Путин даржера дIавалахь я дIаваккхахь, цу пачхьалкхан урхаллин политикан башхалла хийцалур ю аьлла сатийсар цкъачунна эрна ду.

Асхабов Хьамзат: „Путин дIаваьлча, Iедал хийцалур ду. Амма и хийцаделча, кхин цхьа дагахь доцучу агIор даккхий хIумнаш хир дац цигахь. ХIунда аьлча, иза дIаваьлча, цунна тIаьхьа вогIуш премьер-министр волу Медведев ву. Иза хьалха а тоттуш, цунна гуонахьа цхьа тоба вовшах а кхетта, хIума дийр ду цара аьлла хета суна. Вай цецдовлуш болу хийцамаш хир бац цигахь аьлла хета суна“.

Нагахь санна Оьрсийчоьнна а, цуьнан могIарерчу бахархошна а Путин дIаваларх цхьа а хIара аьлла хийцадала хIума дацахь а, амма Нохчийчуьрчу бахархоша ойланаш йо, иза дIавалахь вайн республикин куьйгаллийна хIун тIеIаткъам хир бу те, бохуш.

Ватсаппехула а, социалан машанашкахула а тоххарехь хабарш долийна вайнаха, Путин дIаваьлла боху, Кадыров Рамзан ГIирме дIавоьдуш ву боху, цунна метта хьенех я минех хIоттош ву боху, бохш. Политолога Асхабов Хьамзата иштта дуьйцу, Путин Iедалера дIавалахь, Нохчийчоьнан стенга даха са ду бохучух лаьцна.

Асхабов Хьамзат: „Нохчашна цунах цхьа а дика болх хир бу аьлла суна ца хета – дахар тоделла я адамийн бакъонашца долу хьал тоделла. Цхьа а шеко а йоцуш, иза дIаваьлча, Кадыров Рамзан балхара дIавоккхур ву. ТIаккха иза дIаваьккхича, цунна метта вогIун верг я воккха эпсар хир ву, я къайлахчу сервисийн белхахо хир ву.

Цуо ша мел боккху ког а ларлуш, Кремлаца нисбеш, хIун олу те бохуш кхоьруш болх бийр бу. Тахана Рамзанас ша ма-баххара, иза ма вуй цигахь архаш карахь ерг. Иза воцучуьн я кхелан а, я кхечу Iедалхойн а карахь хIумма а доцуш. И хIума дIадер ду, амма иза дIадаьллера аьлла къоман дахар толур дац“.

Нагахь санна Путин Владимиран хьолаца доьзна Нохчийчоьнан куьйгалхо хийцалуш хилахь, тIаккха цуьнан тоба дуьхьал ер ю, цуьнга гIо а даьккхина, цунах тIаккха Нохчийчохь юха а цIий Iанар хила мега боху кхерамаш а лела нахалахь.

Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочуо шена муьтIахь хила а, ша аьлларг бен, кхин цхьа а кепара кхин ойланаш а, кхин луург а аьтте а ца даийта а Iамийна болу цуьнан тобанера нах, муьлха а тIевеъначу хьаькмана муьтIахь хир бу, аьлла хета политологна Асхабов Хьамзатна.

Асхабов Хьамзат: „Нахана иза дIаваьлча цхьа инзаре даккхий хIумнаш хила деза аьлла хета. Амма кIад а хир дац хIара аьлла. Иза дIа ма ваьлла, кхин хьаькам вогIур ву, кхинарг веъча, вуьш цунна а муьтIахь а болуш, дIагIур бу. Царна массарна а шайн меттиг иштта а хууш ю. Цигахь я хIуммаъ дан а, ца дан а цхьа хIара аьлла нах бан а бац, кхинверг тIевеъча, цуо аьлларг а деш Iийр болуш бу-кх уьш. Уьш хIетте-ветте а Iемина а, кечбина а бу аьлларг дан“.