Путинан Оьрсийчоь журналийн мужалташ тIехь
Путин олимпиадан зIенаршкахь язъян гIерта шен цIе – иштта го Сочи «Экономистна».
Блитт Баррисан шаржан цIе ю «Шен нах жюрихь». Дуккха а мехкийн куьйгалхоша ца баха сацам бина Соче – демократин мостагI лору цара Оьрсийчуьра Iедал.
Ша тIехь хехкалучу спортхошлахь болчу гей-нехан бакъонаш къовсуш ю «Ньюсвик» журналан мужалт. Цо емал до Оьрсийчоьно гейшна дуьхьал арахецна низамаш.
«Болатан го» бу террорхойх ларлуш Оьрсийчоьно Сочерчу олимпиадана беш – иштта го Оьрсийчуьра хьал Шустер Саймонна.
Оппозицин болам лагIбеллехь а, Путинан пачхьалкх юхуш го Иоффе Юлияна.
Iаьнан Олимпан ловзаршна кечамбечу муьрехь лелла коррупци «оьрсийн» ченан вастехь гойту «Блумберг Ньюсвикерчу» Яффа Джошуас.
«Куц-кепан диктатура» ю мужалтан цIе. ТIехь коч йоцуш, тоьллачу къонахчун дилхалахь Путин гойтуш даьккхина сурт.