Уггаре хала мур бу хIинца Путин Владимирна тIехIоьттинарг. Толам баьккхина цо кхозлагIа а президентан даржехь Iан. Амма дуьхьал лаьтта цунна тахана цкъа а ца хиллачу кепара ницкъ болу оппозици. Баккхий хийцамаш бан безаш ю пачхьалкхан экономика а. Оцу хьоло тешаме дац, олий, гойту Путинах хиндерг. Иштта маьIна долуш ю Маршо Радион корреспондента Витмар Брайана арахецна артикл.
Харжамийн цIа чохь Путин Владимиран карара, иза гIутакхна тIевоьдуш, ца хууш охьадуьйжира кжожан кехат. Ткъа и цигара дIавахана ах сахьт а далале, цуьнан харжаман куьпе даьхкира Фемен цIе йолчу бакъоларъярхойн юкъараллера зудабераш-украинхой.
Уьш, шайна тIера бедарш дIа а яьхна, «Путин къу ву» боху йиш а лоькхуш, лачкъо гIоьртира хIинцца кандидата шен кхаж чутесначу гIутакхара кхаьжнаш. Ткъа дIабигира полицино. И ши битам бу Путинан хиндерг шеконе доккхуш.
Тоьлла Путин Владимир харжамашкахь. Ткъа и толам къахьбеш бу Москохахь а, кхечу гIаланашкахь а президент хоржуш лелла харцонаш емал еш хIуьтту гуламаш. Оцу доллучо а гойту Путинна гонаха, ша дела санна, и вазвеш леллачу нехан ойла хийцалуш юйла.
Iаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн хIордан эскарийн колледжехь дуьненанюкъарчу кхерамзаллин говзанча волу профессор Гвоздев Николай дукха хенахь дуьйна ву Оьрсийчоьнан дахар шен тидамехь латтош. Цо иштта мах хадабо хиллачу харжамаша деллачу жамIан.
Гвоздев: «Путин президентан гIента юхавеъна, иза хир дуйла гуш а дара. Амма ала дац, цуьнгахь и дукъ хIинца а шозза лаьттар ду. Харжамашкахь и тоьлла, амма Iедалехь ша муха чIагIлур ву, ойла ца йина цо».
1990-чу шерашкахь и пачхьалкх чIагIъян веана политик-куьйгалхо вара нехан бIаьргаш чохь. Ткъа хIинца цунна тIехь ду пачхьалкх политикан а, экономикан а хийцамашка йигар.
Оьрсийн элитан векалша, уггаре хьалха финансийн министр лаьттинчу Кудрин Алексейс а тIехь, билгалдоккху Оьрсийчоьн экономика кхидIа йозуш хуьлийла дац доьхкинчу мехкдаьттан, кхечу маьIданийн барамах, политикан паргIатонаш оьшу халкъана, бохуш.
Амма и тайпа реформаш хьашт яц коррупцино кхобучу дуккха а дукхачу хьаькамашна, ницкъаллин урхаллашна. Масала, энергетикан бахамера са а оьцуш, бюрократин хьашташ кхочушдан а хууш волчу арахьарчу гIуллакхийн министран когаметта волчу Сечин Игорна а, и санначарна а.
Iаьмеркарчу профессора Гвоздев Николайс билгалдоккху Оьрсийчуьра Iедалан лами-вертикаль хIинца херцаш хилар. Амма цкъачунна хууш дац Iедална резабоцчийн боламах хиндерг, Путина дерриг а дийр ду и го гомхабоккхуш, боху Iилманчас.
Гвоздев: «Хаттар дуьсу, аьтто бер бу я бац резадацар дIакхайкхочу агIонан шайн Iалашонаш кхочуш ян, я оцу агIонах гаранаш а яьхна, и дIасаяьржар ю. И Iедале далой, тIаккха цуьнан халкъ гаранашка а дохуш, олаллехь кхабаран принцип тоьлур ю».
Цкъачунна билггал хIун хир ду Путинан Iедална дуьхьал лаьттачу оппозицех, чIагIлур ю и шен ницкъаллехь, я Кремлан аьтто бер бу и йохон, боху хаттар жоп доцуш лаьтта. Хьалхарниг чIагIлахь, ледара хир ду Путинан хьал. Ткъа Путина ницкъаша и йохаяхь а, ала дац, халкъ цуьнан агIор лаьттар ду.
Иштта бу Маршо Радион корреспондента Витмар Брайана арахецначу артиклан чулацам.