Путинан бехк цахиларца реза бац. Бесланехь бохам хилла 20 шо

Бесланера номер 1 йолчу школехь байъинчу закъалтхойн суьрташ. Беслан, Къилбаседа ХIирийчоь. 2016 шо

Бесланера номер 1 йолчу школехь закъалтхой лецна 20 шо даьлла – Оьрсийчохь хиллачех уггар а йоккха теракт йу иза. Цунна бехке берш лоьхуш бу хIинццалц схьа, ткъа бIе закъалтхо а вуьйш, хилла штурм йан омра делларг талламо хIинца а билгалваьккхина вац. РогIера шо кхача герга долуш Оьрсийчоьнан президент веара кхаа дийнахь гIаттамхоша эзар сов бераш а, баккхийнаш а латтийначу школера спортзале. Цо кадам бира, чIурам хIоттийра белларш дагалоцуш, мемориала хьалха голаш тIе а хIоьттира. Цо терактана бехкебира арахьара мостагIий, 20 шо хьалха ша дийцинарг бIостане а доккхуш. Амма беллачийн наноша бехкалара ца волуьйту иза.

Бесланан чалтач

Путин Беслане вахарх лаьцна дийца даьккхира иза веанчу дийнахь, марсхьокху-беттан 20-чу дийнахь. Къилбаседа ХӀирийчоьнан куьйгалхочуьнца Меняйло Сергейца а, Къилбаседа Кавказерчу президентан векалца Чайка Юрийца а, кхерамзаллин белхахошца а ГӀебартойн-Балкхаройчохь Ӏежаш хьийкъинчу меттиге хьажа вахара иза. Цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан президенто зезагаш дехкира "Маликийн гӀала" кешнашкахь долчу "Дахаран дитт" мемориалехь. ТӀелатарехь вийначу 334 стагах 266 дӀавоьллина ву кхузахь. Цигахь Путина голаш тӀе а хиъна, жIарийн ламаз дира.

Цул тӀаьхьа 20 шарахь дуьххьара – шайца дуккха а гӀаролхой а болуш – Путин школин спортзала чу веара, цигахь 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 1-чу дийнера 3-чу дийне кхаччалц тӀемалоша закъалтехь латтийра 1181 стаг, йуург а, хи а, молханаш а доцуш. Ницкъхоша штурм йинчул тӀаьхьа тоьпан ларш а, йагийначу корийн раманаш а йисинчу гIишло чохь Путина йуха а жIарийн ламаз лира, чIурам хIоттош.

Тхуна голаш тIе хIоттар дац оьшуш. Бехкехиларна мукIарло дар ду

Цул тIаьхьа президент цхьанакхийтира "Бесланан наной" организацин кхаа векалшца – 2005-чу шарера схьа хIара цуьнан цаьрца хилла шолгIа цхьанакхетар ду. Федералан каналаша Путинан къамел бен ца гайтира: цо бехкебира терактана "дозанал арахьара Оьрсийчоьнан мостагIий", цунна дицделлера маса стаг цигахь велла а, терахь 50 стагана лахара элира цо.

"Бесланан наношца" президентан цхьанакхетар хирг хиларх хиънера цхьа де хьалха, цига ца битинера дакъалаца лууш болу дуккха а нах, дийцира терактехь зенаш хиллачарна гIо латточу "Бесланан аз" йукъараллин кхечу организацино. Цуьнан декъашхоша теракт йарх жоьпалла Путинна тIехь дуьту.

"Халахеташ делахь а, иза ша нахах дӀакъаьстина. Кхеташ ду, зенаш хиллачарех дуккхаъчарна лаьара цуьнца цхьаьнакхета, амма, халахеташ делахь а, царна ца магийтира. Дерриг а гоне лаьцна дара, цунна герга кхача аьтто бацара", - аьллачу организацин куьйгалхойх йолчу Тагаева Эммас аьлла дешнаш далийра "Агентство" зорбанан гӀирсо.

2016-чу шарахь "Бесланан Аз" организацин декъашхой лаьцна, царна йиттира "Путин- Бесланан чалтач ву" аьлла, майкаш йоьхна протестан акци бевлла аьлла. Цкъа хьалха парламентан комиссихь, цул тIаьхьа адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхелехь теракт хилар а, цуьнан бахьанаш а теллинчул тIаьхьа динчу хьесапашца а догIуш, дукхахболу школера закъалтхой байъира Оьрсийчоьнан ницкъахоша штурм йар бахьана долуш.

"Бесланан Аз" йукъараллин цхьахволчу векало тхан редакцица хиллачу къамелехь мукIарло дира, Путинан Беслане вар цIеххьана а, оьшуш доцург а дара аьлла.

"Ткъа шо кхочуш, школан территори цӀанйина, цунах спецназан музей йича ван везара? Кхеташ дара, и бохам йухайазбина бу. Хьалха, ур-атталла оцу хиллачух ца хууш волу стаг а чувахана, деккъа цхьа пенаш гича а, хууш дара цигахь хилларг хIун ду. Тхуна оьшуш дац цуьнан горахIиттар. Тхуна оьшура цо бехк тӀеэцар. Тхуна хIинццалц а хетта, хIинца а хета Путин бехке. Хьалхарчу шерашкахь дегайовхо йара бехкана мукIарло дийр ду аьлла. ХIинца-м йац", - элира къамелдечо.

Дийцарех харцдерг

Беллачийн терахь лахдар: Путина дIахьедира, терактехь 136 велла аьлла, ца бохура 186 ву велларг. 20 шо хьалха хиллачу хиламийн цхьа шатайпа цхьанадар ду хIара, Iедалхоша школехь лецна хиллачу закъалтхойн терахь лахдеш, элира шен цIе ца йоккхуш, Оьрсийчоьнан бакъоларйархочо. Иза а йу Бесланехь бала хьегначу нахаца болх бина. Беллачийн а, дийна биссинчийн а иэсах цабашар санна хIума дара и аьлла хета "Бесланан Аз" йукъараллина.

Школана тIелеттачул тIаьхьа дийна бисина Бесланера номер 1 йолчу школан дешархой 2004 шо, гезгамашин-бутт

2004-чу шарахь иза леррина йина дезинформаци йара, ларамза багах далар, цахаар, дицдалар дацара, тешна ву Къилбаседа ХӀирийчуьрчу йукъараллин жигархо, журналист Тотров Руслан.

"Олийла дуй, Оьрсийчоьнан политикан куьйгалхошна гезгамашин-беттан 1-чу а, 2-чу а деношкахь сиха хьийзачу хенахь закъалтхой билггал маса вара дагардан дицделла хилла хир ду аьлла? ХӀан-хӀа! Информаци схьаэцаран система вуно дика дӀахӀоттийна йу вайн. Ткъа муьлххачу а таксистна, йа балхахь воцчу стагана хууш дерг, къайлахчу сервисийн белхахошна хууш ца хилла?", - дIахьедира Тотровс Кавказ.Реалии сайтаца динчу къамелехь.

Дуьххьара закъалте эцна хила тарлучу нехан терахьах лаьцна хаам гучубелира школа дӀалаьцначул тӀаьхьа диъ сахьт даьлча. Къилбаседа ХӀирийчоьнан орцаллан министралло бинчу хаамца, цигахь хилла 200 сов бер а, баккхийнаш а, кхин а цхьа-ши сахьт даьлча и терахь хьаладаьллера 600 стаге кхаччалц. Делахь а, гезгамашин-беттан 2-чу буса республикин куьйгалхочун зорбанан секретаро Лев Дзугаевс официалан терахь довзийтира - 354 закъалтхо ву аьлла. Цу хенахь меттигерчу бахархошна хӀинцале а хууш дара цу школехь эзар гергга стаг вуьсуш хилар.

Дзугаевс нахана хьалха дIа а хIоьттина, 354 закъалтхочух лаьцна къамел дича, зударий, оцу нехан дарже а ца хьоьжуш, маьхьарий детта буьйлабелира: "Ахь дуьйцург хIун ду, хIун ду ахь дуьйцург? Ахь лелориг а хIун ду, хIун 354 вуьйцу ахь, эзар стаг ву цигахь!", - аьлла. Бесланерчу бахархоша оцу сохьта дIайаьхьнера инзаре арифметика цу сохьта а, халахеташ делахь а, аптекехь санна нийсо йеш", - дагалоьцу Тотровс.

Кхин а 24 сохьтехь хьаькамо цӀе йаьккхина 354 терахь кара-кара оьцуш дуьйцура массо а хаамийн гӀирсашкахь. Гезгамашин-беттан 3-чохь гергарчара шайн тептарш хӀитто буьйлабеллачул тӀаьхьа бен даре ца дира Къилбаседа ХӀирийчоьнан куьйгалхочо Дзасохов Александра, хьалха хилла информаци бакъ цахиларна а, школехь 900 сов стаг хила мегаш хиларна а.

Путина масийттаза дIахьедира, террорхой дийцаршка ца бевлира. Амма и бакъ дац

Тотровна хетарехь, Оьрсийчоьнан Ӏедалша тӀеэцна сацам хир бара, закъалтана лаьцначу нехан бакъдолу терахь доллу дуьненна дIа ца довзийта Iалашонца. Амма цул тӀаьхьа тӀемалоша закъалтхойн хьелаш кхин тIе а чӀагӀдинера. Дийна бисиначара дийцарехь, закъалтхойх цхьаммо, Ходов Владимира, мохь тоьхна хиллера: "Нагахь санна, царна 300 ву моьттуш делахь, тӀаккха оха оцу терахье далор ду шу!" Цул тӀаьхьа закъалтхой кхин ца буьгура хьаштагI чу, йа хи а ца лора царна- шайн хьатI мийла дезнера церан.

Путина масийттаза дIахьедира, Бесланера террорхой дийцаршка ца бевллера, цхьана а кепара тIедахкарш ца дора цара бохуш, амма ишта дацара хьал. Гезгамашин-беттан 1-чохь делкъаннна гIаттамхоша дIахаийтинера, шаьш дийцарш доло кийча хиларх: школан гIишлочуьра ара кехат теснера цара. Цу тIехь тIедожйинера Оьрсийчоьнах Нохчийчоь маьрша йитар, оццу шарахь Наьсарахь тIелетар дарна лецна тIемалой дIахецар а. Террорхошна дийцарш дIадахьа лиънера Къилбаседа ХIирийчоьнан президентаца Дзасохов Александрца а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнца Зязиков Маратца а, лоьраца Рошаль Леонидца а, йаздира "Коммерсанто".

Ткъа дийцарш баккъалла а дӀадаьхьира. Цигахь дакъалаца лаам хилар къадийра "Аль-Арабия", "Аль-Джазира" телеканалийн белхахоша, амма цаьрца къамеле велира Рошаль а, Къилбаседа ХӀирийчоьнан муфтий Валгатов Руслан а, ГӀалгӀайчоьнан вице-премьер Аушев Руслан а. ТӀаьххьарчух бен пайда ца белира- цуьнан гӀоьнца маьршаваьккхира 26 стаг: 11 зуда а, 15 бер а. Закъалтхошна молханаш а, юург а, хи а дӀадала деза, Нохчийчу а, ГӀалгӀайчу а кхераме йоцу коридораш латто йеза аьлла Рошалян дина дехарш тIе ца дитира школа дӀалаьцначара.

Бесланера терактехь даьккхинчу уггар а гIарадаьллачу суьртех ду хIара. Жима бер арадаьккхина вогIу эскархо, Аушев Русланца дийцарш хиллачул тIаьхьа гIаттамхоша дIаделлера иза. Гезгамашин-беттан 2-гIа де 20004 шо

ТӀаьхьо дийна бисиначу закъалтхоша а, цхьаъ бен воцчу бехкевинчу тӀемалочо Кулаев Нурпашас а дийцира, Аушевгахула Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурашка шайца зIене довла аьлла, кехат а делла хиларх лаьцна. Телефон болх беш йац аьлла, оперативан штабо дӀахьедар диннашехь, президентан хьехамча волчу Аслаханов Асламбекан масийттаза аьтто хиллера оцу номерца зIене вала.

Ичкерин президент Масхадов Аслан а цу дийцаршна йукъаозо гӀерташ бара уьш (тӀаьхьо парламентан комиссино иза закъалтана нах лецар вовшахтохархойх ву элира. Цо ша и тӀе ца дитира, "и тайпа кепаш цхьана а тайпа уьйр йолуш йац нохчийн къоман къийсамца") аьлла, дIахьедирацо. Цхьана версица, закъалтхошна йукъахь дуккха а зенаш деш, школехь штурм йар доладеллера, Масхадов цу дийцаршкахь дакъалаца реза хиллачул тӀаьхьа – цу тайпа политикан аьтто цунна бан ца лаьара Кремльна.

Школа дIаьцначу тIемалойн тIедахкарш кхочушдай, бераш кIелхьара дахар Путин Владимире Бесланера закъалтхойн гергарчара дехна ца Iаш, 2023-чу шеран гIадужу-баттахь Дубровкехь йинчу терактехь беллачеран доьзалша а цхьана бехира. Видеохаам дӀайазбинера ОРТ а, ТВЦ а федералан каналаша, амма иза цкъа а эфирехь ца гайтира.

2006-чу шарахь Кулаевна тIехь кхел йеш, Къилбаседа ХIирийчоьнан хиллачу президенто Дзасохов Александра дIахьедира, гIаттамхошца дийцарш дан ша гIертачу хенахь, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Паньков Михаила шена кхерам тесира: школе чуваха гIортахь, лоцур ву аьлла.

Путина цхьана декъана тӀечӀагӀдира дийцарш дӀадахьар дехкар шен инициатива йара аьлла. Цунна тоьшалла ду "хьоштагIчохь а хIаллакбе" бохуш, цо аьллачу дешнаша а, Бесланехь хиламаш хиллачул тӀаьхьа цо кхечу пачхьалкхашкарчу журналисташца йеллачу интервьюно а. "Бен Ладен Iусамаца цхьана хӀунда ца кхета шу, иза Брюсселе, йа КӀайчу ЦӀийне стенна ца кхойкху аша? Цхьаьнна а бакъо йац бераш дойуш болчаьрца къамел де бохуш, тхуна хьехарш дан", - элира Путина хӀетахь.

Кремло бакъо ца йелира дийцарш дӀадахьа. 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь йолийра школехь штурм, цу чохь вара 1200 гергга закъалтхо.

Iожаллин гIала

Официалан версица, школана штурм йан дагахь цхьа а ца хиллера, ца бевллачу денна йан дезнера и ницкъахойн, спортзалчохь куьйга йина ши оьккхуьйтург иккхича. Цигахь дийна биссинчара динчу тоьшаллашца, гIаттамхоша йуьйлина цхьа а оьккхуьйтург иккхина ца хиллера.

ТӀеман эксперт, теракт толлучу парламентан комиссин декъашхо Савельев Юрий тешна ву, гена доццучу шина цӀийнан тхов тӀера школана тIе герз тохар бахьана долуш лелхийтарш хилла хиларх. Комиссина тхов тӀехь карийнера цӀейеттачун тубусаш. Савельевс чIагIдарехь, даккхийчу герзашца а, "къастам боцуш" диттинчу герзаша а тохарш дира школана

Бесланера номер 1 йолчу школан спортзалах дисинарг. 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 4-гIа де

Доккхачу декъана 2004-чу шарахь арахецначу керланашкахь дуьйцура, школехь эккхийтар хиллачул тIаьхьа, "ченаша" къайлайаьккхинчу школана тIейиттинера вертолето а бохуш.

Оьрсийчохь Кавказ.Реалии "магийна цахиларна" шен цӀе къайлайаьхьначу Бесланерчу йахархочо иштта дагалоьцу штурм: "Эккхийтар, хьахарш охьаийгира, ченан кIур гIаьттира, цунна тIаьххье шолгIа эккхийтар делира. Цхьаммо мохь туьйхира, цIе йер йу, довда деза вай аьлла. Со дIаиккхира пенах даьллачу Iуьрга. Автомат йиттира, йуха а йа эккхийтар хиллехь а, йа детташ дерг герз дара а ца хаьа. Стенга йодур, мичара схьайетташ йу, мила ву йеттарг – кхеташ дацара, йоккха IалагIожа йара гонах, маьхьарий деттара. Суна дагадогӀу, бераш а, баккхийнаш а арабовла гӀертара, тӀаккха уьдура, цхьаъ охьавоьжнера. Цара сан агӀор герз диттира, ца хаьа суна, тӀаккха наха дуьйцура, тхо девддачу хенахь тхуна тIехула тоьпан хIоьънаш дара гуш. Суна дага ца догӀу герз деттар, хаддаза гӀовгӀа бен йара суна хезарг. Штурм - суна цкъа а дицлур доцу, инзаре хIума ду. Баца тӀе со кхаьчча, бертал цу тIе охьавоьжнера со. Кхин а нах бара суна уллохь Ӏохкуш, амма уьш декъий дуйла ца хаьара суна. ТӀаьхьо дийцира цара иза соьга".

ХIора кертахь тезет, хIора кертахь – белхарш…

Федералан Ӏедалшна беллачийн терахь къайла даккха лиънехь а, иза дан йиш йацара, хӀунда аьлча, цу бохамехь стаг валаза гIали чуьра цхьа а вахархо вацара.

Школана штурм йинчул тӀаьхьа Къилбаседа ХӀирийчу кхаьчнера Human Rights Watch олучу бакъонашларъяран организацин белхахо Локшина Таня. 2004-чу шеран гезгамашин-баттахь цо Бесланах "Ӏожаллин гӀала" элира.

"Цигахь хӀора кертара велла стаг вара. Хаддаза тезеташ дара массанхьа а. Суна дагадогӀу цхьана стагаца къамел деш – Володя йара моьтту суна цуьнан цIе. Цуьнан берриге а доьзал школехь беллера: цуьнан зудчо ши бер школе дӀадигина хиллера, цу шинна цхьа а йуха ца деанера. Ангалин бIаьргаш дара цуьнан. Бесланан васт хилла суна оцу стагах, хIора кертахь тезет хиллачу, хIора уьйтIахь белхарш хиллачу гIалин васт…",-дагалоьцу Локшинас редакцица динчу къамелехь.

Терактехь йийначу йоьIан нана. 2006-чу шеран стигалкъекъа-беттан 17-гIа

Цо билгалдаьккхира, федералан Iедалхойн а, ницкъахойн а Iалашо закъалтхой кIелхьарабахар йацара, гIаттамхой эшор йара, цул тIаьхьа – бехкаш шайна тIера дIабахар а.

Цуьнан чIагIдаршна тIетов Къилбаседа ХӀирийчуьра журналист Тотров Руслан а: "Оцу доллу кхаа дийнахь Кремло къахьегна террорхой хӀаллакбарехь, ХIирийчоьнан халкъана мел хилла зенаш ца лоьруш. ХIирийн турпала божарий боцурш, царна хьалхарчу а, шолгIачу а деношкахь герз диттинера [террорхоша ], дукхахболу закъалтхой беллера штурм йарна".

Штурм дIайирзина ши де даьлча Къилбаседа ХIирийчуьра къайлахчу сервисийн куьйгалхочо Андреев Валерийс дIахьедира, закъалтхой кIелхьарабохуш йолийна хилла операци кхиамца йирзина аьлла.

Штурм. Беслан. 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 4-гIа де

"Талламбар"

Марсхьокху-беттан 20-чохь, хIокху 20 шарчохь президентаца Путинца хиллачу шолгIачу цхьанакхетарехь "Бесланан наноша" латкъам бира хIинца а йист йаккхазчу терактана формалехь талламбарна. 2024-чу шеран мангал-баттахь цаьрга кехат кхечира Талламан комитетера рогIера йуха а таламбар кху шеран 31-чу гIуран-батте кхаччалц дIадахдина аьлла. Организацин векало (Оьрсийчохь репрессин низам болх беш хиларна цуьнан цIе ца йоккху оха) кхетийра редакци, оцу кепара кехаташ шайга хIора шарахь кхочу аьлла.

Цу латкъамна жоп луш, Путин цецваьлла вара – шена ца хаьара, боху цо, процесс оццул дIайахйинийла. Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр юкъаозо сацам бира цо, ша "гIуллакхан духе кхион".

Путина дош делира хиллачун йист йаккха а, оццу дукха адам а дуьйш, теракт хилийтина хьаькамашна а, тIеман нахана а таӀзар дийр ду аьлла. Изза чIагIо йинера цо 2005-чу шарахь а. Цул хьалха цо Малхбузе бехке йира террорхой кечбарна – шина бӀе шарахь цхьа а хийцам ца хилла оцу могӀанехь – шен а, шен куьйга кӀел болчу нехан а бехк хиларна тӀетайра иза.

"ТӀеман а, кхерамзаллин а хеттаршна хьакъболу тидам тӀебохуьйтучуьра севцца тхо, коррупци кхелан а, низам лардархойн сферашка а кхачийтина оха. Тхо ца кхетта, вайн пачхьалкхехь а, доллу дуьненахь а хуьлучу чолхаллийн а, кхерамийн а процессийн. Ма дарра аьлча, адекватехь реакци ца йина церан. ЭгIазалла гайтина. ЭгIаза берш хIаллакбо", - дIахьедира Путина, 2004-чу геран гезгамашин-беттан 4-чохь Оьрсийчоьнан бахархошка бинчу кхайкхамехь.

Теракт хиллачул тӀаьхьа ма-дарра логикан хеттарш дан буьйлабелира волайнхой а, байинчеран гергарнаш а Ӏедалшка. ХӀунда аьтто белира тӀемалойн республикин территори тӀе паргӀат бахка а, школа дӀалаца а? ХӀунда къайладаьккхина закъалтана лецначу нехан бакъдолу терахь? ХӀунда ца хилла дийцарш? Хьан омра динера танкаш чуьра йетта закъалтхойх йуьзначу школана?

Оцу йоллу хеначохь Бесланехь хиллачу бохамах лаьцна шен таллам дӀахьочу "Новая газетан" журналисто Милашина Еленас 2022-чу шарахь йаздира, таллам бар дахдаран бахьана ду Iедалхоша волайнхойн гIуллакхийн материалашна тIе ца кхачийтар, вуьшта аьлча, хьалха закъалтехь хиллачийн а, байинчийн гергарчеран а. Талламаш дӀахьочу йукъана, и материалаш талламхойн къайле хуьлий йуьсу.

Бесланехь теракт хиллачул тIаьхьа масех таIзар кхайкхийра. 2006-чу шарахь велла дIаваллалц чохь йаккха хан кхайкхийра школана динчу тIелатарехь хилла ву аьлла, цхьаъ бен воцчу Кулаев Нурпашина.

Бесланера Правобережный кIоштан декъан кхаа милцочунна Айдаров Мирославна а Муртазов Таймуразна а, Дряев Гурамна а бехкаш дехкира – гIаттамхой дуьхьало а йоцуш чу битарна. ГIуллакх сацийра амнистихула, и сацам бинчул тIаьхьа волайнхоша кхелан гIишло чохь къепедацарш лелийнера.

ДIалаьцначу школехь гергара нах байъина зуда йу, ледарло йарна бехкебечарна амнисти луш кхайкхам бинчул тIаьхьа. 2007 шо, стигалкъекъа-беттан 29-гIа

Оццу артиклца бехке винера ГӀалгӀайчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн Малгобекан кӀоштан декъан куьйгалхо Евлоев МухIажир а, цуьнан гӀовс Котиев Ахьмад а. Талламо бахарехь, церан кӀоштахь хилла тӀемалоша куп тоьхна меттиг, иза цара тергал а ца дина. Бехккъасторхоша бехказабехира ницкъахой. Прокуратура гӀоьртинера сацамна латкъам бан, амма Лакхарчу кхело царна дуьхьало йира.

Теракт йинчу хенахь ницкъаллин структураша бина болх ма-беззара теллина бацара, аьлла хета "Бесланан наной" йукъараллин жигархочунна: "Вай буьйцурш инарлаш бу, офисашкахь хевшина Iаш, омранаш деш болу структурин куьйгалхойх нах бу. Церан белхан зераш дан деза, хӀунда аьлча, цара шайна дискредитаци йина ца Iаш, вайна массарна а тохар дина. И бехке йолу структураш а, оцу кепара зулам дан бакъо йелла нах нахалабаха беза".

Оьрсийчоьнан массо а тӀегӀанашкахула чекхбевллачу занаш хиллачара латкъам бира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. 409 стага чуйеллера иск. 2017-чу шарахь ЕСПЧ-но къобалдира Оьрсийчоьнан Ӏедалша терактан хьелаш а, закъалтхой байаран бахьанаш а толлуш оьшу гӀулчаш йаьхна цахиларх. Зулам хиллачарна компенсаци хIоттийра 2,9 миллион евро сов барамехь. 2022-чу шарахь дечкен-баттахь Европан кхело 360 эзар евро ахча делира кхин а 39 терактехь закъалтана лаьцначунна.

Оцу кхелан сацамна, йа Оьрсийчоьнан президентера а, йа кхечу лаккхарчу хьаькамашкара а цхьа а реакци ца хилира. Оццу хенахь зенаш хиллачарна Оьрсийчоьнера ахчанаш а кхечира, сацамна резахилар санна мах хадийра цара цуьнан, боху Къилбаседа ХӀирийчуьрчу жигархочо: "Вуьшта, стенна луш дара и?" Оьрсийчоьнан Ӏедалша кхин талламаш ца бина.

2B0AE5B9-F240-43D2-B520-972D567AFF9F_w2395_n_r0_st_s_d2

Бесланера номер 1 йолчу школан коридор, дIальацначу заманчохь йохийна йолу. Сурт даьккхина 2019-чу шарахь

Бесланан тешаш

Теракт хиллачул тӀаьхьа цу школехь хиллачарна маса гуманитаран гӀо кхачийра доллу доллу дуьнено. Сбербанко сагӀа доькъуш чот схьайиллира, ткъа Оьрсийчоьнан Ӏедалша дуьххьара тезетана 18 эзар сом ахча делира. Ткъа кӀира даьлча сацам бира 100 эзар ахча дӀадала хӀора веллачунна, чолхе а, йуккъерчу барамехь а лазийначунна 50 эзар, жимма лазийначунна- 25 эзар, бисинчу закъалтхошна 15 эзар сом. Оцу йукъанна, Бесланехь йохийначун метта керлачу школин тоьлла проект хаьржира гезгамашин-беттан 6-чу дийнахь. Штурм хиллачул тӀаьхьа кхо де даьлча, хӀетахь Москван мэр хиллачу Лужков Юрийс дош делира школа йухайан.

Дуьххьара дарба дора Бесланехь лазийначарна сагIина деллачу хачанах. Дарбан хӀусамашкахь маьхза операцеш йан тIелоцура, оьрсийн а, кхечу пачхьалкхийн а психологаш баьхкира зенаш хиллачу гӀала закъалтана лаьцначу нахаца болх бан. Цул тӀаьхьа пачхьалкх а тIекхийтира, лоьрийн реабилитацих а, социалан гӀо дарх а лаьцна указ арахецнера.

Бесланехь бохам хилла 4 шо даьлча Къилбаседа Кавказан дуккха дакъош долу медицинан центр йира, амма цуьнан уставехь билгалдаьккхина дацара школехь теракт хиллачу нахана уггар а хьалха гIо кхачор йу Iалашо аьлла. Цу гӀуллакхо ма-дарра дохадора федералан указ, цу тӀехь ма-дарра билгалдаьккхина дара и центр уггаре а хьалха терактехь зенаш хиллачарна а, Бесланерчу бахархошна а лерина йина хилар. Церан аьтто белира, цигахь уггар а хьалха, раьгIнашка а ца хIиттош, Бесланехь лазийначарна дарба дар.

Делахь а тахана а боху лазийначара а, церан гергарчара а, оцу медицинан центрехь луш долу гIо шайна тоаме дац бохуш. Уггаре а гӀарабевллачу масалех ду школехь хилла эккхийтар бахьана долуш букъадаьIахк лазийна, цул тIаьхьа заьIапхойн гIудалкх чохь дIасалеллачу Дучко Маринин кхоллам. 2019-чу шарахь цо дийцира журналисте Дудь Юрийга, шена пачхьалкхо хӀора баттахь 13 эзар сом барамехь пенси ло аьлла. Дозанал арахьа дарба дан ахча эшча, шен цӀа дохка декхаре хиллера иза. Дучко кхелхира 2022-чу шеран лахьан-баттахь.

Оццу шарахь кхелхира номер I1 йолчу школехь кхин цхьа зе хилларг- Ханикаев Заур а. Цуьнан кӀанта Шалвас редакцига дийцарехь, закъалтхой хилларш рагӀ йоцуш тӀеэца йезаш йолчу оццу медицинан центрехь, ши инсульт а, операци а йинчул тӀаьхьа, сихонца дарбан цӀийне кхачо бакъо ца елира цуьнан дена. Цхьа бутт ах бутт сатуьйсуш лаьттинчул тIаьхьа, Ханикаев реанимаце кхачийнера, кӀира даьлча кхелхира иза.

Марсхьокху-баттахь Бесланехь хиллачу президенто Путина дош делира зе хиллачарна кхидӀа а гӀо дийр ду ша аьлла.

078EA1BA-A3BF-4B81-8514-0D5883CA90DE_w2395_n_r1_st_s_d2

Бесланера школан спортзал. 2014-гIа шо

"Бесланан аз" йукъараллера тхоьца къамел динарг тешна йу, Путинца цхьанакхетарх цхьа а кепара маьӀне дацара, мелхо а, йукъарчу гӀуллакхана зен дина цо бохура къамелхочо.

"Тхо Бесланан тешаш ма ду, дерриг а тхешан бIаьргашца гина тхуна. 20 шарчохь дуьххьара веана и стаг, шеца кийчча жоьпаш а дохьуш. Цуьнга ла а дуьйгIира, цунна товш доцу хеттарш а дира. ХIокху доллу шерашкахь бакъдолчунна тIетайна Iийна жигара нах, цунна цкъа а тIе буьтур бацара. ХIунда аьлча, цхьана а тайпа маьIне дац и. Амма наношца хиллачу оцу цхьанакхетаро зен дина, Путин бехке вац аьлла, тхо массо а кхетта, тхо цунна тIетайча санна сурт хIоттийна. Амма и бакъ дац. Жоьпалле ийзон безаш хиллачу нахана таIзар дечу меттана, мелхо а совгIаташ дина царна, - мича гIур ву цуьнца? Дийца дезарг и ма дара", - дерзийра къамелдечо.

***

ХIара текст зорбане йаккхале хьалха Кремлан пресс-гIуллакххоша йовзийтира Путин Владимиран гезгамашин-беттан 3-чу денна хIиттийна Iалашонаш. Бесланехь белларш дагалоцуш коьрта барам бирзинчул тIаьхьа. Президент Монголи ваха дагахь ву, Советан а, Монголин а эскарша йукъахь толам баьккхина 85 шо кхачарна даздаршка. Монголи вахара Путин а, пачхьалкхан президент хилла Медведев Дмитрий а Бесланехь теракт йина 5 шо, 10 шо, 15 шо кхочуш а.

Соколова Александран а, Мартыненко Иванан а гIоьнца хIоттийна материал