"Путинна Кадыровн Нохчийчоь – дика пачхьалкх йу": Нохчийчохь шолгIа тIом болийна шо кхачарх лаьцна дуьйцу бакъоларйархочо

Оьрсийчоьнан эскархо Нохчийчохь, чиллан-бутт, 2000 шо

Ткъе пхиъ шо хьалха 1999-чу шеран гезгамашин-беттан 30-чу дийнахь Оьрсийчоьнан эскар йуха а Нохчийчу дахара. И терахь лоруш ду нохчийн-оьрсийн шолгIа тIом болабелла терахь, Къилбаседа Кавказехь тIемаш марсхьокху-баттахь дуьйладеллашехь. И нисделира Басаев Шемалан, Хаттабан а тобанаш Дагестане гIоьртинчул тIаьхьа. ХIетахь федералан Iедалхоша бехкевира Нохчийн Ичкерия республикин президент Масхадов Аслан хьолана тIехь терго латттон гунахь цахиларна.

1999-чу шеран гезгамашин-беттан 23-чохь Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса куьгйаздира Вовшахтоьхна эскарийн тоба кхуллу "Оьрсийчоьнан Федерацин Къилбаседа Кавказан дозанаш тIехь контртерроран операцийн эвсаралла лакхайаккха барамех. Оццу дийнахь авиацино бомбанаш йетта йолийра Соьлжа-ГIалина тIе, ткъа кIира даьллачу хенахь эскаро йолийра лаьттахула дIахьон операци - федералхой мехкан Ноьвран а, Шелковскан а кIошташка чубахара. ХIетахь премьер-министр хиллачу Путин Владимира гIалат ду элира хьалхара тIом берзош Хасав-Йуьртахь дIадаьхьна бертан дийцарш.

ШолгIачу тIамехь хиллачу эшамех билггал болу хаамаш тахана а боцуш бу. Пачхьалкхан думин дуьхьалойаран комитетан куьйгалхочун хьалхарчу гIовса Краснов Андрейс 2021-чу шарахь дIахьедира журналисташка 1999-2002-чу шерашкахь тIемаш боьлхучу хенахь йалх эзар сов беллачех а, пхийтта эзар лазийначух а. Салтийн нанойн комитетийн йукъараллин хаамашца, 2003-гIа шо доьрзуш вуьйцург вара 12 эзар кхелхина салти, шайлахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, ОМОН-н а белхахой болуш. 2004-чу шаре кхаччалц динчу зерашца маьрша бахархошлахь велларг 10 эзаре гергга вара, хаамбира "Мемориало".

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь оьрсийн-нохчийн доттагIаллин йукъаралло болх муха бина, стенца къаьсташ бу ший а тIом, республикехь кхоьллина модель президентана Путинна "тIех дика" хIунда йу, дийцира Кавказ.Реалии сайтана Дмитриевский Станислава. Иза ву бакъонашларйархо, юридикан проектийн а, тIемаш боьлхучу зонехь аренан мисси кхочушйаран а декъашхо.

Дмитриевский Станислав

Билгалдаккхар: 2005-чу шарахь Дмитриевскийн хьокъехь экстремизмах лаьтта бехктакхаман гIуллакх айдира "Право-защита" газетехь Ичкерин куьйгалхойн Масхадов Асланан а, Закаев Ахьмадан а дов машарца дерзаде бохуш, бина кхайкхамаш зорбане бахарна. Йукъараллехь йоккха резонанс иккхинехь а, политикан тутмакх иза леринехь а, арахь такха ши шо хан кхайкхийра цунна. Тахана Эстемирова Натальин цIарах йолчу документацин Центран проектийн куьйгалла деш ву Дмитриевский Норвегихь, Маьршачу университетехь хьоьхуш ву.

– Нохчийчохь шолгӀа тӀом болабелла 25 шо кхачар, тӀаьхьарчу шерашкахь хилла дуккха а историн кхин долу терахьаш а санна Оьрсийчоьнан куьйгалло а, йоллу юкъаралло а тидамза дитира. Цул сов, и тӀом бара Путинан рейтинг хьалайаьккхинарг а, репрессин практикашна платформа хилла дӀахӀоьттинарг а, тӀаьхьо йерриг а пачхьалкхехь дӀасайаржийна. Хьуна муха хета, цу хиламийн рогIера шо кхачар тидаме ца оьцуш хӀунда дитира?

– Дерриге а дика гуш ду. Нагахь санна, вай Оьрсийчоьнан Ӏедалх лаьцна дийцича, дуккхаъчу агӀор йерриг а Оьрсийчоьнан юкъараллех лаьцна аьлча а, уьш дикка историна дуьхьал йу. Юкъаралла теша дӀадаханчух лаьцна цхьа могӀа мифах, цхьана декъехь шаьш кхиъна, цхьана декъехь Ӏедалан гӀоьнца, ткъа вукху декъехь цо тӀедожийна, жигара пайда а оьцуш. Уггаре а гӀарадевллачу терахьех ду стигалкъекъа-беттан 9-гӀа де (Оьрсийчохь иза билгалдоккху Толаман де санна, Европехь Дуьненан ШолгӀа тӀом чекхбаьлла де. – Ред.) йа "зуламе 90-гIа шераш".

Эскархойн лутра цабезам бу Кадыровгахьа – "церан толаман" коьрта бенефициар

Нохчийчуьра тIемаш оцу системина йукъа ца нисло, цара дуккха а товш доцу хеттарш меттахдоху. Царех мифологи йан атта дац – оцу хиламийн декъашхой дийна бу, ткъа царех болчу дагалецамаша толам бара аьлла ца хоьтуьйту. Истореш йу, масала, цIенош лелхийтарх лаьцна. Йа хӀинцалерчу эшамийн фонехь дайна, дицделла, амма хӀетте а бахьанийн-тӀаьхьалонан уьйраш гойтуш долу тӀеман эскархойн эшамаш. Ду ишта тӀеман зуламаш а. Масала, Керлачу Алдыхь нах байар, йа Оьрсийчоьнан коьртачу тӀеман Ханкалара базана уллехь дуккха а нах дIабохкар. ТӀемаш боккха лазам санна буьсуш бу, уггаре а хьалха шаьш нохчашна, уьш Кадыровн терроран кӀел дӀасалелош белахь а. Амма дуккха а оьрсашна а. "Шайн толамах" коьрта пайда оьцуш волу Кадыров ца везаш болчу оццу тӀеман нахана тIера долийча а.

Нохчийчохь хиллачу шолгIачу тIамах лаьцна боккъал а дийца доладахь, и доллу хеттарш гучудевр ду. Iедало тергамза дитина тIом болийна де, хIунда аьлча, шишанчуьра жин арахеца ца лаьа цхьанна а. Кремльна оьшуш йерш историн могIарера нарративаш йу. Ткъа пропагандо, ишта ксенофобино а Iехийна йукъаралла кхерийна, тилкхаз йаьккхина. Тахана Оьрсийчохь, халахеташ делахь а, историн рефлексин хан йац. Йа Iедалхошна а, йа бахархошна а.

Путин а, Кадыров а, Соьлжа-ГIала, 2008 шо

– Хьо Нохчийчохь хилла ву, хьан дог-ойла карчийна болу хьалхара тIом боьдуш а, шолгIачу тIамехь а. И дерриг гина волчу хьуна хетарехь, хIун башхалла йара цу шина тIамна йукъахь?

– Хьалхара тIом болабеллачу заманчохь моьттура, вехаш ши лулахо вара, цу шиннан доккха дов даьлла. Цо вон тIаьхьало йитира, амма йухайеразон йолу. Оцу тIеман йуьххьехь цецвоккхура, нохчийн агIоно "кIайн каранаш" доьхна и беш хиларо, Оьрсийчоьнан агIоно гуманитаран бакъо шога талхош, йуьхьанца дуьйна и беш боллушехь. Нохчийн буьйранчаша, масала, чIагIо йича, дIахоьцура кхин дIа тIом бийр бац аьлла йийсаре лецна хилла Оьрсийчоьнан салтий. Салтийн наной тIехь дийнна автобусаш йогIура республике, шайн кIентий дIабига. Суна сайн бIаьргашна гина ду, ишта зударша Масхадовна го бина, шайн кIентий схьалахьара бохуш, дехарш деш. ХIоранца а къамел дора цо, церан бераш маьрша а дохура. Оцу беттанашкахь хилла хьал дукха дика дIагайтина "Кавказан йийсархо" притч-фильмехь.

Суна хетарехь, 1995-чу шарахь Буденновскерчу дарбан цӀийнехь закъалтхой лецначул тIаьхьа кризис хIоьттира. ТӀамо цхьа а дика ца во, массо а агIор дера хуьлу. Жимма хан йукъа йоьллачул тIаьхьа дуккха а алсам къизалла а, цӀий Iанор а, вовшашца цабезам а хилира.

Оьрсийчоьнан салтий, оьрсийн-нохчийн шолгIа тIом боьдучу хенахь

1990-гӀа шераш юккъе девллачу хенахь, йерриг а Оьрсийчоьнан юкъаралла тӀамна дуьхьал йара, суна хетарехь, цу тайпа принципиалан позици хилар бахьана долуш тӀемаш дерзон аьтто баьллера. Ас дагадоуьйтур ду, итт дийнахь губернатора Немцов Бориса Лахарчу Новгородан кӀоштахь миллион гергга куьг яздайтар. Билггал оццул дара уьш, шайн лаамехь теIийна куьйгаш, бертаза цхьанга а дайтина хIума дацара, Путинан хан йацара и.

ШолгӀачу тӀамца цхьаьна чӀагӀъелира нохчашна дуьхьал истерика. Кхузахь суна ца лаьа нохчийн юкъараллина тIера цхьадолу бехкаш дӀадаха. Амма тӀемашна юкъарчу муьрехь республикехь хилларг уггаре а хьалха Оьрсийчоьнан Ӏедалша леррина дӀайаьхьначу политикан жамӀ дара. ЧӀир эцархьама Кремльна хьашт йара хаос. ТӀемаш лаьттачу регионехь экономикан а, политикан а изоляци йар бахьана долуш алсамдевлира зуламаш а, Ӏуналла дан йиш йоцу ницкъбар а.

Оцу хеначохь радикализаци хилира Нохчийчохь а. Йуьхьанца церан коьртехь бара дика оьзда, мел а хьагӀ йолуш белахь а, амма селхана советан эпсарш а, куьйгалхой а хилла нах. Дудаевх, Яндарбиевх, Абумуслимовх, Масхадовх радикалан исламисташ бу ала йиш йац, мел чIогIа лаахь а. Ткъа 1999-гӀа шо тӀекхочуш кхечу кепара нах гучубевлира.

Аса йуха а боху, тIамо цхьа а дика ца хуьлуьйту, хьалхарчу могIаре боху цо мел а къиза болу нах. Нохчийчоь йозуш ца хиларан болам дӀаболабелира кху заманан болам санна, къаьмнийн шаьш-шайн мах хадо бакъо хиларх лаьцначу дуьненаюкъарчу низамашна тӀе а тийжаш. Уьш нийса хетара, къаьсттина дерриг а дуьнентӀехь чекхъяьллачу деколонизацин а, масала, Косовохь дӀахьош болчу хиламийн а фонехь. Прогрессех тешам бара, дуьненаюкъаралло гӀортор йийр йу аьлла а хетара. Масала, нохчий тешара халкъан легендех, уггаре а хала денош дIадевлча, Британера гӀо кхочур ду бохуш.

Маршонан агIончаша сатийсинчу Малхбузен дIахьедарш декларативехь дисира

Амма йозуш ца хиларан агӀончаш шайна гӀортор йийр йу аьлла тешна болчу Малхбузено дина дӀахьедарш декларативехь дисира. Ткъа чам балар а сиха нисделира. Советан пачхьалкхехь хилла эпсарш а, культуран гIуллакхдархой а хийцира салафизман хьехамчаша, цара шайн пӀелгаш тIехь кхетийра: дуьненаюкъара бакъонаш а, Малхбузе а - йуьззина моттаргӀанаш а, сийсазалла а хиларх.

Айхьа ойла йехьа: республикехь школаш болх беш йоцу иттаннаш шераш даьхкира, оцу заманчохь кхиъна чкъор лартIахь дешна дац. Дуккха а кегийрхойн гергарнаш байинера. Царна Ӏеминарг дара - шайн гергара нах байъинарш цабезар а, дика тIом бар а. Ишттачу нахана динан мотиваци коьрта хилира, хӀунда аьлча, цо атта жоьпаш лора.

Масхадов вийначул тӀаьхьа, къоман маршонан боламера радикалан исламизме дерзар хилира. Ткъа и хӀума Путинна пайдехь нисделира. Террорна хьалха Оьрсийчоьнан юкъаралла цхьаьнакхеттера "чӀогӀа куьг" бохучу ойланна гонаха. Дубровкехь а, Бесланехь а хиллачо дискредитаци йира Ичкерин къийсамхойн ойланашна Оьрсийчоьнан юкъараллина а, Малхбузенна а гергахь.

– Хьан кхетамца, йуьхьанца дуьйна Малхбузе Нохчийчочьнан суверенитетна тIе хIунда ца тайра? Федералхоша лелочу тIеман зуламашна бIаьргаш стенна хьаббора?

– Суна вуно дика дагадогӀу адвокат Хамзаев Ӏабдуллин а, журналистан Политковская Аннин а, бакъонашларъярхочочун Ковалев Сергейн а Европерчу а, Америкерчу а хьаькамашца цхьанакхетарш хилар, санкцийн тема йух-йуха а айъар. Наггахь пӀелг ластийна ца Ӏаш, и зулам орамца бухдаккха дезара. Нагахь Малхбузено хӀинцца Ельцине, йа хIинцца Ӏедале веъначу Путине луьра къамел дина хиллехь, тӀаккха истори кхечу кепара йерза тарлора. Дуьненаюкъарчу фондашкара ахчанца деш долу гӀо лахдеш ду аьлла къадийнехь, уьш реза хир бара билгалдаьхначу хьелашна. Бомбанаш йеттар сацор дара, тӀеман зуламаш толлур дара. Оьрсийчоь хӀетахь экономикан агӀор чӀогӀа йозуш йара Малхбузенах.

Соьлжа-ГIала, 2000-чу шеран чиллан-бутт

Цунна къегина масал ду – Косовохь дIабоьхкиа дуккха а нах гучубовлар, цуьнца цхьаьна Ханкалана гергара дачанаш йолчу "Здоровье" эвлахь карийна хьалхо федералхоша лечкъийна, тIепаза байначийн шовзткъе итт дакъа а. И дерриг а официалан зерашкара ду. Косовера хиламаша вайна гIарайаьллачу тIаьхьене далийнехь а, маьрша нах Нохчийчохь байъар тергамза дитира Малхбузено. ХIетахь Соьлжа-ГIалахь вара хьуна адамийн бакъонашкахула волу еврокомиссар, ур-атталла цунна а ца лиира МЧС-н складе ваха. Цигахь гергарчарна бовзийта аьлла иттаннашкахь кхел йоцуш байъинчу нехан декъий дара охьадехкина. Оьрсийчоьнна дерриг а гечдеш дара демократи кхуллучу некъа тIехь хIорш дагахьбалламе эксцессаш йу аьлла хеташ.

Оьрсийчоьнна дерриг а гечдеш дара демократи кхуллучу некъа тIехь хIорш дагахьбалламе эксцессаш йу аьлла хеташ

Къизачу тӀеман зуламашна хаа а хууш, бӀаьргаш дӀакъовларо эххар а Гуьржийчохь тӀом баьккхира, ГӀирма схьайаккхийтира, тахана Украинина дуьхьал агресси йеш йу. Малхбузе Iехош йара туьйранашца, ахь "вон нахаца" йохк-эцар лелон мегар ду, тӀаккха уьш дика хир бу бохуш. "Шийлачу тӀамехь" толам баккхар олуш дерг говза доцуш дӀаделира Кремлан кхуьуш йолчу империн амбицешна. Путина и накъосталла деш йолу дипломати эгIазалла санна тӀеийцира.

Толам баьккхинчарна наб озийначу хенахь, и оцу гIала къола дан баьхкинчу мародерех лаьцна олуш илли ду Галичан. Кхузахь а цунах тера хьал ду – шийлачу тIеман толамхой буьйшина Iашшехь Кремльна йухаделла ахча.

Академико Сахаровс олура: "Сан пачхьалкхана Iаткъам бар а, гIортор йар а ду оьшуш". Малхбузе тӀеӀаткъам бан дуьхьал хиларо цул тӀаьхьа а цхьа могIа тIемаш хилийтира. 70 шарахь тоталитаран эксперимент лелийначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан йукъараллина гIо оьшура, цхьана сохьтехь йукъаралла демократин хир йу бохучуьнга а сатуьйсийла йацара.

– Малхбузенан ирке хиларо кхачийна-те карарчу хенахь Европан йуккъехь дӀахьош болчу тӀаме?

– Путинна дика бевза Ӏедалан чам. ХӀара Сталинан тайпанан политик ву, башха хьекъале а, дешна а воцуш, амма гезгаш чуьра банки чохь хьан хIун дIакхоллур йу бохучух дика кхеташ волу. Хьовсал, цо Кадыров муха кхиийна, шех тера волчуьнгахьа гIурту тераниг.

– Хенаца а, дахаран зеделлачуьнца а кеп-кепара долу ши адам – цхьаъ Ленинградан кевнийн кIелошкахь кхиъна ву, КГБ-хь болх а беш. Ткъа вукхуьнан бералла тIеман хенаца нисйелла, цо оьрсийн мотт а буьйцу беркъа - и шиъ вовшашна гергара муха нисвелла?

– Кадыровс ледара буьйцу оьрсийн мотт, ткъа Путинна нохчийн мотт хаъане а ца хаьа, амма цу шиннан йукъара цхьа мотт бу – Iедале лаам хилар. Цу шинна а иза уггар а лакхара мехалла йу, цуьнан дуьхьа хIуъа а шаьшингара далийта кийча а ву и шиъ.

– Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь ахьа кхоьллира Оьрсийчоьнан-нохчийн доттагIалла цIе йолу Йукъаралла. Цу хенахь царна йукъахь доттагIалла хуьлийла дарий?

- ДоттагIалла хила магарх хаттар ца лаьттара, оха и доттагIалла гойтура. Оха бархI шарахь нохчашца цхьаьна белхаш бира – оьрсаша а, нохчаша а. Кхеташ ду, проблемаш а йара, муьлххачу а дийна йолчу юкъараллин вовшахтохараллехь а санна, амма цуьнан декъашхойн къомах хиларца йоьзна йацара уьш. ХӀунда аьлча, тхоьца а, тхо долчахь а болх бинарг къамел дан лаам болуш вара. Оццу Закаев Ахьмадца (цу шерашкахь Ичкерин хьалхара вице-премьер - Редакцин билгалдаккхар) а атта дара къамел дан, цхьадолчу хеттаршца тхан ойла бIостане хиллехь а.

Гайтаме масал: 2000-чу шарахь Лахарчу Новгороде далийра нохчийн бераш лоьрийн а, социалан а реабилитаци йан. Меттигерчу хаамийн гӀирсаша дIакхийкхадора, бакъонашларъярхоша "террорхой" балош бу бохуш, ткъа журналисташа шайна "дийна нохчо" гайтар доьхура. Цхьа хан йаьлча, бераш адаптацех чекхдевлча, изза журналисташ кхайкхира. Аьхкенан лагеран ийначу тобанна йукъабевллачу церан аьтто ца баьллера оьрси мила ву, нохчи мила ву къасто. Уьш хеттарш дан буьйлабелира. Бераша – оьрсаша а, нохчаша а – ироница жоп делира: "Шайнна хаал!" аьлла.

Оьрсийчоьнан оппозицин ледарло хIун йу аьлча, цуьнан векалша ойла ца йо, и проблема муха луьстур йара олий, цара цуьнан терго а ца йеш санна хетало.

Нохчийчу леста со цкъа а ца Iоттавелла, со оьрсийн къомах хилар бахьана долуш соьга цабезам гайтина меттигах. Пачхьалкх санна Оьрсийчоьно инзаре хӀуманаш лелийна Нохчийчоьнца, амма Нохчийчохь даима а кхетам бара вахархочунна а, пачхьалкхана а, оьрсашна а, "федералхошна" а йукъахь йолчу башхаллех.

Дуккха а халкъаш шена чохь дехачу, даим а тIемаша а, девнаша а лестийна йолчу Кавказан культурин йукъара билгало йу хIара. Даим а чима йукъара гIаьттина йу иза. Иштта декъадалар чӀогӀа мехала ду лулахошца юкъара мотт лахархьама а, массо а массарна а дуьхьал, массо а хӀаллаквечу тӀаме ца валархьама а.

– Тахана зарратан чхьонкар дIасалестош, доллу дуьненна кхерамаш туьйсучу Путинах Путин Нохчийчуьра шолгIачу тIамо вина?

– Цхьа а шеко йоцуш. Нохчийчоь цунна зеран тӀулг хилла дӀахӀоьттира, цигахь цо шен ницкъаш а, кепаш а зийра. Ткъа цо толам а баьккхира. Оцу тӀамо цу стеган уггаре а лахара а, сийсаз а йолу амалаш коьрта йира. Цо гайтира цунна ницкъ бар а, шантаж йар а вуно эвсаре политикан кепаш хилар. Цхьана хенахь Путинан амалш цуьнан гергарчарна бен бале йовла йиш йацара, амма тахана царех дерриг а дуьненна бала хилла.

– ШолгIачу тIамах дечу къамелан жамI дийр ду вай. И бирзира? Йа берзаза бу?

– Дуьненаюкъара хьалха хиллачу Югославин бехктакхаман трибунало динчу классикан маьӀни тӀе а тевжаш, чоьхьара герзаца йолу конфликт йирзина лоруш йу машаран барт барца. Оцу тIе кхачале, иза лаьтташ йу, тIом белахь а, бацахь а. Кхин цхьа хӀума ду, трибунало хӀетахь чоьхьарчу конфликтан агӀо хӀаллакйина хьал дӀахӀоттийна ца хилар. Иза муха нисделира Нохчийчохь дуьненаюкъарчу гуманитаран бакъонан массо а хила тарлуш долу низамаш а дохош. Цигахь герзаца дуьхьало йар буьззинчу барамехь дӀадаьккхира, ткъа тӀеман хьоло некъ биллира диктатурана.

Нагахь санна Оьрсийчоь, 2024-чу шеран чиллан-беттан 24-гӀа де тӀекхаччалц, авторитаран пачхьалкх хиллехь, амма тоталитаран пачхьалкх йацахь, тӀаккха тоталитаран анклав кхоьллина федерацин цхьана къаьстина субъектехь. Путинан лаамза лелочу колбехь кхиийначу гомункулусан Кадыровн Iедал - 2007-чу шерашкара схьа дуьйна цхьана а низамашца доза доцуш ницкъ барна тӀехь а, дерриг а ирчачу, Сталинан кепара культа тӀехь а лаьтташ ду.

Тахана Кадыровн практикаш цхьана декъехь дӀасайаржийна йерриг а пачхьалкхехь а, Украинин оккупаци йинчу территори тӀехь а. Юкъарчу хьесапехь, суна хетарехь, Кадыровн Путинна лерина йолу Нохчийчоь цхьа шатайпа Платонан идеалан пачхьалкх йу, иза чӀогӀа реза ву и кхуллуш хиллачу зеделлачунна. Ткъа иза доллу дуьненна дӀасадаржо лаьара цунна.

Соьлжа-ГIала, 2005 шо

Вукху агIор аьлча, Нохчийчуьра тIом бирзина бац. Цо гойту Украинера хиламаш, шина а агIор нохчийн дакъоша дакъа лоцуш болу. Чухула йолу, ноткъа йина чов санна хIума ду хIара. Коьртачу Iедалан ницкъ лах ма баллара, Къилбаседа Кавказехь лаьттачу девнан пуржен йасталур йу, тIаккха хила деззарг хир ду. Дуккха а цIий Iенар ду. ХIунда аьлча, кхерамна а, ницкъабарна а тIехь машар бойла дац.

Оьрсийчоьнан оппозицин галдаьлларг хIун ду аьлча, цуьнан векалша ойла ца йо, и проблема муха луьстур йара-те аьлла, хетарехь, царна и гуш а йац. Муьлхха а демократин, Путин дIаваьллачул тIаьхьа хиндолчу Iедалехь - Оьрсийчоьнна кхин а цхьа шанс лахь – уггар а хьалхара хаттар хир ду Нохчийчуьра а, йоллу Къилбаседа Кавказера а кризисах. Амма таханалерачу, пачхьалкхан хинболчу кхолламах дуьйцучу оппозицин повесткехь и хаттар данне а дац.

Боккха кхерам бу, хьалха санна империн кепашца йуха а сацам барна. Нохчийчохь хиллачу тӀамах Оьрсийчоьнан демократин эксперимент чекхъйаларан юьхь хилла. Суна чӀогӀа лаьара тӀейогӀучу хенахь йуха а кIомсарийн керлачу гоне ца ваха.

  • 2006-чу шарахь Гамбургехь, Дмитриевскийс кхоьллинчу Оьрсийн-Нохчийн хаамийн агенталлана преми йелира Герд Буцериусан цIарах "Малхбален Европан маьрша пресса - 2006" цӀе йолу. Оццу шарахь ша Дмитриевскийна а, цуьнан накъостана Челышева Оксанина а делира Лондонехь Amnesty International организацин кхерамечу хьелашкахь адамийн бакъонашларъяран журналистикехь къахьегарна аьлла.
  • 2007-чу шеран гIадужу-беттан 30-чу дийнахь Финляндехь официалехь дӀаязйира Оьрсийн-Нохчийн доттагӀаллин юкъаралла. Куьйгалхо хаьржина Дмитриевский Станислав, ткъа цуьнан когаметта хаьржира Финляндин бакъонашларъярхо Мартинсон Ева.
  • Охан-баттахь йуха а билгалдаьккхира Нохчийчохь Машаран де: 15 шо хьалха, 2009-чу шарахь, кхузахь официалехь дӀайаьккхира "контртерроран операцин" раж - оьрсийн Ӏедалша иштта цӀе тиллина республикехь хиллачу шолгӀачу тӀамана. ХӀокху хенахь Кадыров Рамзана Нохчийчохь "терроризмна тӀехь тӀаьххьара толам баккхар" Нохчийчохь президент хиллачу шен деца доьзна ца Iаш, президентана Путин Владимирца а дуьйзира. ХӀун жоьпалла ду тӀамах Путинна тӀехь а, баккъал а Кадыровс цунна баркалла стенна бохуш ду а – Кавказ.Реалии сайтан материалехь ду.