Оьрсийчоьнан низамца бIоста а нислуш, мел морзах долуш делахь а, Нохчийчохь, кхушара дуьххьала а доцуш, тIемалой цIаберзо, цара ен дуьхьало къарьян, Iедалехь болучара шуьйра пайдаоьцучу некъах цхьаъ бу, цIерачарна тIеIаткъам бар, церан лааме, могашалле хьаьжна а доцуш, уьш хьаннашка кхийлар, маьхьарий а доьттуьйтуш, цаьрга ломан даккъаш, аьрцнаш а гездойтуш, къахьегийтар.
«Чекхдаьллачу кIиранах тхо шозза дигна лелийна хьаннашкахула. Кху кIиранах кхин цкъа а даха дезаш ду а аьлла. Тхоьга зIе тухур ю, хIоккху хенахь, кху меттехь хила, аьлла. ТIаккха тхо цу меттехь хила дезаш ду, валар-висар хилла ца дисахь.
Йиллинчу метте ца веънарг полицин урхалле дIа а вигна, хьийзор ву. Етташ ницкъ-м бийр бац хир бу, амма керчаш а, цига ваха велар-кх со, аьлла хоьтуьйтуш, холча-м хIоттор ву. Тхоьгара хIун даьлла-м ца хаьа. Шозза дойуш ду-кх тхо дийна доллушехь, цкъа лаамера бевллачу доьзалхоша дайина,тIемалойх дIа а кхетта, шолгIа кху Iедало садоIийла ца юьтуш, дойуш а ду тхо».
Иштта къамел до чекхдаьллачу кIирнах шозза, гIаролхой санна, юххебевлла Iедалан герзахой а болуш, лаьмнашкахула вигина лелийначу Нажи-Юьртан кIоштан вахархочо.
Цо дийцарехь, тилбелларш цIабоьхуш, кхойкхуш, бертаза лаьмнаш зийнарш 10-15 стагах лаьтташ хилла тоба ю, дукхахдолчу декъана Ножай-юьртан а, Веданан а, ШуьйтIан а, Шелан а кIоштийн бахархой.
И бохург дац цаьрца аренца йолчу кIошташкара бахархой ца нисло бохург. Теркан аьрро бердаца Iуьллучу Шелковск-кIоштера яхархо ю Залпаъ. Цуьнан шичин кIант ву кхо шо хьалха дуьйна а гIаттамхойх дIакхетта. Цо дередо, шайна и велла я дийна ву ца хаьа, бохуш. Амма цуьнан цIеравалар мел баледаьллехь а, боху Залпаа, цуьнан цIеранаш садаккха а, садола а буьттуш бац кест-кеста схьахIуьттучу низамхоша. И ю дуьйцуш цу хьокъехь.
Залпаъ: «Даьлларг хIун ду а ца хууш, хьийза-м бо нах. Сан шичин кIант ву хьаннашка дIавахана. Дийна ву-вац а ца хаьа. Цунна сагатдеш, дуьххьала дIа, леш йоллу нана а. ХIора дийнахь схьахIуьттуш полицин белхахоша а садуу. ЦIийнда а дIавуьгу, ваша а вуьгу. Уьш схьабоьхуш, хьаннашкахула а лелабо. Хьийза-м бо. ХIара маца чекхдер ду а ца хаьа. Лаа а лууш, шен кIант хьуьнах хьан вохуьйтур ву? И вахчхьана а цомгаш хилла-кх сан шича».
Шен къамелехь Залпаъ тешна ю, Iедалдайша цу кепара могIарерчу нахана тIеIаткъам баро, нехан дегнашкахь Iедале болу тешам бойъуш, цабезам а, оьгIазалла а дебош, Iедалний, бахархошний юкъахь херо кхуллу, аьлла.
Наха тоьшалла а деш, тIемалойн могIарш тIедуьзначу кегийрхошна юкъахь кIезиг бац, ваша, шича-маьхча бахьанехь, полицин белхоша дIа а буьгуш, барт-хаттамаш беш, яллочу гIелонна, кхин дIа детта са а ца хилла, цIерабевлларш.
Хьоло нахехь кхуллу ойла иштта ю: стогаллера а ваьккхина, сийзазвойтуш, хIумма а йоцург а хилла вехачул, велла дIавалар гIолехьа ду. Ала дашна, вайнехан, «котам а хилла вехачул, нIаьна а хилла валар гIолехьа ду» бохучу кицанна жоп луш бу и хьажам. Бакъду, Iедалехь болучарна, полицин урхаллин хьаькамашна-м ирх-пурх а ледара евзачух тера ду вайнехан халкъан барта кхолларалла.