Михальченко Лидия
Кхушара ца еана Дуьненаюкъара ЦIен ЖIар Кавказе. Биъ бутт бу цо цигара шен тIаьххьара офис дIакъевлина. Стенна нисделира ишта, муха бирзина регионехь 26 шарахь бина болх? Цунах лаьцна дуьйцу ЦIен ЖIаран Оьрсийчуьрчу декъан пресс-гIоьнчаллин белхахочо Бальзамова Галинас.
- 1992-чу шарахь, хIирийн-гIалгIайн конфликтца доьзна болийра оха болх Къилбаседа Кавказехь. Бохам хиллачарна гIодора, байна нах лохура. Хенан йохалла офисаш ехкира цигарчу массо а мехкашкахь. 26 шера чохь гIодина ши миллион вахархочунна.
Яккхий программаш юкъаехира оха Нохчийчохь тIемаш лаьттачу заманашкахь. Юкъарло лелийра оха хIетахь Оьрсийчоьнан ЦIен ЖIараца – дукхахболучарна ца хаьа изий, тхой вовшашца йоьзна а йоцуш, ши хьукмат юйла.
90-чу шерашкахь дарбанаш дора наханна, дарбан хIусамашна гIо латтадора – молханаш, лоьрашца тренингаш. Наханна кхача боькъура, чохь ца хилча цадолург лора оха. 1997-чу шарахь хи латтийра Соьлж-ГIалин бахархошна, тхешан резервуараш хIиттайора, молу хи кхоьхьура. ШолгIа тIом Нохчийчохь иккхича, цигахь а, гонахарчу республикашкахь а бепиг доттура, мехаза дIасадоькъура наханна.
- Шаьш кхочушйинчу уггаре яккхийчу проектех лаций алахь.
- ТIом боьрзучу баьлча, я бирзича, журналисташ дIабоьлху оцу кризис иккхинчу меттера, нах тидамза буьту Iедало а. Ткъа шаьш-шайггара метахIуьттуш ма даций дохийна цIенош. Ца карорш лоьху гергарчара шайн байна нах. Гатто хIутту тIом бирзича. Тхо бахархошца дуьсу оцу муьрехь. ГIо до наханна дахар битаме далош, меттахIоттош. Микроэкономика кхуллу царна гонах.
Нохчийчохь оха накъосталла дора тIехь майрош боцуш, берашца бисинчу зударшна.
Тхан белхахоша бизнес-план хIоттош гIодора шен гIуллакх дIадоло дагадеанчунна, аьтто бора оьшу гIирс эца. Ярташкарчу наха шайна зIакардаьхни я бежна эцар доьхура. ХIуманаш тега хууш болу зударий а богIура тхуна тIе. Цкъа цхьана юьртарчу зудчунна бераш школе дахийта кечдира оха, цунна шена совгIатна чарх а елира. Ткъа и зуда хиллера вуно дика хIуманаш тега хууш, болх цо боллошшехь бевлира цунна клиенташ. РогIерчу шарахь шен бераш ша даьккхинчу ахчанца школе хьовсийра оцу зудчо.
Кхин цхьа доьзал а дагахь лаьтта суна. Да дечкапхьар вара. ТIамо ши ког боцуш витинера иза. Цо шен цхьана цIаьлга чохь дечках гIуллакхаш дан долийнера, амма бацара оьшу гIирс. Оха ийцира цунна иза. Цул тIаьхьа итт шо даьллера, тхуна и стаг виц а веллера. Тхан цхьа белхахо, нохчех вара иза, туькана ваханера шен хIусаме текх эца, оцу туьканахь гина цунна и оха гIодина хилла зIаьIапхо- дечигпхьар. Бизнес шор а елла, тоьлла совдегархо а волуш, дIахIоьттинера иза – тхан белхахо текх эца ваханчу туьканан да хиллера и стаг! И санна йолу истореш дукха ю тхан.
- 1996-чу шарахь арахьара тIебаьхкина лоьраш, шун 6 накъост, вийра дарбан цIийнехь. Муха дара шуна оцу хьелашкахь болх бан?
- Оцу бохамо вуно боккха тIеIаткъам бира. Тхуна бина а ца Iийра, чIогIа халчухIиттина бара Жимчу АтагIара бахахой, церан хьеший ма барий и лоьраш. Цул тIаьхьа Европера, Iамеркара медикаш дIабахара, арахьарчу тхан коллегаша ханна сацийра шайн болх. Юхабаьхкира, тIехIиттийна хаш а долуш, амма лоьрийн амалехь дац шайна гонах герзахой а баьхна болх бар. Амма 2012-чу шарахь бен мукъа ца девлира тхо тхаьш лардечу герзахойх. Зулам диначеран Iалашо кхеташ яра – лоьраш кIезиг мел хуьлу а, кIезиг нахана гIодало ЦIечу ЖIаре.
-Хьо хьуо маца хилира Кавказехь дуьххьара?
- 2010-чу шарахь яхара со Нохчийчу. ТIеман ларш гур ю моьттура сайна. Амма Соьлжа-ГIала гича, коллегаша бовхачу безамца тIеэцча, едира соьгара шийла ойла. Кхин бу Кавказера нах. Цхьа шатайпа, тIекаре ду адам, Москох санна бекъа бац нах къамелца. Цара, массара а санна, шайга-шайга кхойкхура хьошалгIа, суна тайра и мохк, делахь а хаа дезаш дара суо хьошалгIахь юйла.
- Аш Нохчийчохь болх бечу заманахь Iедалца муха яра шун юкъаметтигаш?
- Iедало магийча бен дац цхьаьнхьа болх бойла. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллица бина барт бу Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖIаран. Цундела карабо мотт бухарчу хьаькамашца. Церан гIоьнца къа а хьоьгу тхан белхахоша.
- Гуманитаран гIо лечкъадора хIетахь, дуьйцу хийлачо. Шуна хаалорий ишта меттигаш?
- Хила тарло иштаниг миччанхьа а. Оха массо а кепашца кхетабора нах, хоуьйтура тхаьш хIун, хьанна, муха дIасайоькъу.