Кегийчу гIаланашкара алапийн тIегIанех хIоттийначу рейтингехь тIаьххьара меттиг кхаьчна Нохчийчоьнна

Гайтаман сурт

Регионашкара кегий, йаккхий гIаланашкара бахархоша оьцучу алапийн тIегIанан гайтамехула Нохчийчоь аутсайдер йу. Оцу кепара рейтинг* зорбане йаьккхина информацин РИА Новости агенталло.

Официалехь йуккъерчу барамехь 26,7 эзар сом алапа оьцуш хиларца 82-чу меттигехь нисйелла Нохчийн республика. ТIаьхьайуьссучу пхеаанна йукъахь йу иштта Къилбаседа Кавказера регионаш: ГIалгIайчоь (29,3 эзар сом), ГIебарта Балкхаройчоь (32,6), Дагестан (31,1), Кхарачой-Чергазийчоь (33,7). Рейтинган чакхенера схьа лерича йалхолгIа меттиг дIалоцу ГIалмакхойчоьно (34,1).

Лидершлахь йу – къилбаседанан регионаш, Урал а, Генара Малхбале: Ямало-Ненецкан, Ненецкан, Ханты-Мансийскан а, Чукотскан а автономин гонаш, Магаданан кIошт.

Рейтинган авторша билгалдоккху, оцу регионашкахь индустри кхиъна хилар.

* Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а зераш йукъаэцна рейтингехь, амма ца лерина оккупаци йинчу Донецкан, Запорожьен, Луганскан, Херсонан кIошташкара хьал.

  • Белхазаллех хIиттийначу зерашкахь иттаннашкахь шерашкахь Къилбаседа Кавказан мехкаш тIаьххьара хуьлу – болх бан хан йолу нехан терахь лакхара доллушехь, кхузахь белхан меттигаш нисйеш йац.
  • ГIалмакхойчоь – пачхьалкхера регионашлахь шолгIачу меттигехь йу кредиташ эцначех: Экономикехь жигара болчу бахархошлахь банкан кердиташ дIадала декхаре берш бу 133,9 процент. Цхьана шарахь цхьана стага охьадилла дезарг 158 эзар соьмана лакхадаьлла 896,6 эзар соьме кхочуш.
  • Белхазаллин тIегIанехула регионашлахь тIаьххьарчу меттигехь йу ГIалгIайчоь. 2023-чу шеран тIаьххьарчу кварталехь республикера болх бан хан йолчу нахалахь и гайтам 27,4% бу.