Репрессеш лайначу къаьмнех лаьцна текст хийцина историн керлачу книгехь

Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказерчу йукъараллин гIуллакххоша, хьаькамаша а шога критика йиначул тIаьхьа Сталинан депортацех лаьцна текст хийцина школашна леринчу историн книги тIера. ХIинца оцу къаьмнашна лелийна хиллачу репрессех исторера "бохаман агIо" аьлла, Гитлеран оккупанташна гIо латтийна боху дIахьедарш "бух боцуш" ду боху. "Оккупантийн агIончаш" аьллачу декъехь йуьссур йу и текст, йа книгин кхечу декъе йоккхур йу, дуьйцуш дац.

Оьрсийчоьнан культурин министр хилла волу Мединский Владимир ву книгин цхьаволу автор. Книга хийцорах дIахьедина Baza а, гIалгIайн The Magas Times а телеграм-каналаша. Baza-н хаамашца, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалле дIахаийтина хийцамех.

Книгехь хийцамаш барх хаамаш официалехь тIечIагIбина бац. Иштта хууш дац, хIинцле а школашкахь лелош йолу историн книгаш хуьйцур йуй керлачаьрца.

Ширачу редакцин текст йу хIара – Iаьржачу басца билгалдаьккхинарг книги тIехь санна ду:

"ГIалмакххоша, нохчаша, гIайгIайша, балкхароша, гIирман гIезалоша оккупанташца 1943 – 1944 шерашкахь йукъаметтигаш лелоран буха тIехь ГКО-но (Пачхьалкхан дуьхьалонан комитет. – Ред. билг.) оцу къаьмний СССР-н чоьхьара пачхьалкхалла дIайаккха сацам бинера, коллективан таIзар деш – нуьцкъаха малхбалерчу регионашка уьш дIабохош (депортаци йеш). Зуламхошна, мостагIчун агIончашна йина ца Iаш, дуккха а бехк боцучу наханна дуьхьал лелийна репрессеш. Дукха баланаш лайна дIабохийначу наха. Церан хьокъехь бакъо меттахIоттийра 1953 шарахь".


Кералчу редакцин текст йу хIара – Iаьржачу басца билгалдаьккхинарг книги тIехь санна ду:

"Сийлахьчу Даймехкан тIеман муьрехь, тIекхочуш фронт йолуш, ГКО-но бух боцуш йамартлонна бехкедина къаьмнаш 1941 – 1944 шерашкахь махках дахар бохам хилла дIахIоьттира. Нуьцкъаха депортацина кIел нисделира 12 къам, шайн латтанел сов, къоман-дозанан автономех бевлира уьш. Йоццачу хенашчохь бIеннаш эзарнаш нах пачхьалкхан кхечу агIоне дIабохийра – Сибреха, Йуккъерчу Ази. Цхьацца дIакъаьстина болчу йамартхошца цхьаьна бохам хилира аьттехьа бехке боцучу, советан Iедална муьтIахь болчу наханна. Царах цхьаберш ЦIенчу Эскарехь тIом бина бара. Дукха баланаш лайна дIабохийначу наха. Церан хьокъехь бакъо жим-жима меттахIоттийра 1953-2014 шерашкахь. СССР-хь, цул тIаьхьа Оьрсийн Федерацехь а къаьмнашна дуьхьал лелийначу репрессийн хьокъехь царна буьззинчу барамехь реабилитаци йаран барамаш болийра".
  • Къилбаседа Кавказерчу цхьамогIа йукъаралхоша йемалйира керла арахецначу школашна леринчу Оьрсийчоьнан историн книгашна. Книгехь респрессешна кIел нисбеллачу нахах лаьцна сийсазалле къамел хилар билгалдаьккхира шайн реакцешкахь йукъаралхоша.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца Мединскийн арахецарца йолчу историн книгин йерриг зорба йухаэцна, дIахьедина республикан парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада. Нохчийчоьнан куьйгалло Iилманан министраллица дийцаре деш ду, репрессеш лелийначу къаьмнех лаьцначу коьртехь хийцамаш бар, амма тIаьхьо шен пост дIайаьккхира цо.
  • СССР-н къаьмнашна депортаци йарх лаьцна дакъа хуьйцур ду школашна леринчу Оьрсийчоьнан исторех лаьцна книгаш тIехь, дийцина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида шен телеграм-каналехь. И тема луьстур йу репрессешна кIел нисделла къаьмнаш дехачу регионийн куьйгалхойх лаьтташ йолчу белхан тобано, иштта Iилманан министраллин куьйгалло а, дIахьедина хьаькамо.