Росавиаци: Пригожин а, Уткин а хилла доьхначу кеманахь

Embraer Legacy кема. Гайтаман сурт

Тверь-махкара Бологовскан кIоштахь кхаарин суьйранна кема доьхна, цу тIехь хилла, Росавиацино чIагIдарехь, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхо Пригожин Евгений.

МЧС-о дIахьедина, борта тIехь исс стаг вара, уьш берриш а белла аьлла. Росавиацино хаамбина, пассажирийн тептарехь Пригожинан цIе а йара.

ТIаьхьо урхалло зорбане даьккхира ворхI пассажирах а, экипажан декъашхойх а лаьтта тептар. Пригожин воцург а, цу тIехь ву Уткин Дмитрий ("Вагнер" цIе лелайора цо) – ЧВК-н цхьахволу командир, йаздо Свобода Радиос. Иштта тептаре йазвина ву Пропустин Сергей, Маркарян Евгений, Тотьмин Александр, Чекалов Валерий, Матусеев Николай, экипажан кхо декъашхо а. Пригожинан структурийн цхьахволу командир ву Чекалов Валерий, зорбанаша чIагIдора, "Ровер" цIарца вевзаш ву иза бохуш. Маркарян, Тотмин, Пропустин, "База" телеграм-канало тидам барца, украинхойн "Миротворец" проектан базехь бу уьш, ЧВК "Вагнерца" боьзна нах санна.

Кема доьжначу меттигехь, хаамабарехь, итт дакъа карийна. Дийцарехь, декъий чIогIа даьгна ду, цкъачунна бевзина бац уьш. "Интерфаксо" дIахьедина нах лоьхуш, кIелхьарбоху операци йирзина аьлла.

Кема охьадужу мIаьрго видео тIе дIайазйина, "База", Mash телеграм-каналаша йаржийна и.

Нах бехачу меттигехь охьадоьжна ду кема. Цигахь даьхначу суьрташ тIехь гуш йу бортан номер, хетарехь, RA-02795.

ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочун Пригожин Евгенийн доларчу бизнес-джетан номер йу и. Кема дужуш йаьхна вижеош а йу зорбне хIиттийна.

Официалан комментареш цкъачунна йац кема дохарх лаьцна, кеп-кепара версиш йуьйцу зорбанашкахь а, телеграм-каналашкахь а, борт тIехь эккхийтар дина а боху, ПВО-н системица дохийна бохурш а бу. Талламаш болийна аьлла, чIагIдо. Бехкзуламан гIуллакх долийна "хIаваан кемана эксплуатаци йаран а, кхерамзаллин низамаш дохорна" аьллачу Iедалан къепехула.

Пригожинан структураша а официалехь аьлла хIума дац. ЧВК "Вагнерца" йоьзначу Grey Zone канало йаздина, кема "ПВОн гIирсашца дохийна".

Доллу дуьненахула дIасалелачу кеманийн терго йечу Flightradar24 сервисан чоьтаца, Пригожинца доьзна Embraer Legacy 600 кема гIаьттинера Москван кIоштахь Санкт-Петербурган агIор даха. Шех лаьцна хаамаш бан доладелира иза Москвахь 17:46 минот йаьллачу хенахь дуьйна. Координаташ ца йуьйцура цо, амма Flightradar24 сервисан аьтто хилира кхиндерг хаа, кема доьдучу тIаьххьарчу миноташкахь хилларг.

18:11 минот йаьлча бизнес-джет бархI ах кчакхарма лакха делира, цул тIаьхьа оцу локхаллехь горизонталехь доьдура иза. Кхин дIа хиллачу масех миноташкахь жимма лакхадолуш, йуха а охьадогIуш доьдура, ткъа 18 сахьт 19 минот йаьлча, 52 йа 53 секундехь охьадожа доладелира.

22 секундехь охьадуьйжира и шиъ ах километарна, цул тIаьхьа цаьргара кхин хаамаш ца хилира. Бохам хиларх кеманхоша хаамаш беш ца хиллера кхин дIа.

Запорожьен кIоштара Оьрсийчоьно оккупаци йинчу администрацин хьаькамо ЧВК "Вагнеран" векалшна тIетевжина чIагIдо, Пригожин а, Уткин а кеманчохь хилла, и шиъ кхалха а кхелхина бохуш. Шайн хьасташна тIетевжина, Пригожин кеманчохь хилла бохуш, йаздо "Фонтанка" гIирсо, Ксения Собчака а, BRIEF телеграм-канало а. Grey Zone канало йаздина, "Оьрсийчоьнан йамартхоша вийна" Пригожин аьлла.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн къоман кхерамзаллин Кхеташонан векало Уотсон Эдриена дIахьедина, Вашингтонехь гина авиабохамах хаамаш, Пригожин борт тIехь хиллехь, "цхьа а цецвийла оьшуш дац" аьлла. Пригожинах лаьцначу хаттарна жоп делла США-н президенто Джо Байдена. Цо бахарехь, цунна хууш дац хIун хилла ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочух, амма "цецвер вац", иза кхалхар бакъ хилахь. Иштта Байдена билгалдаьккхина, Оьрсийчохь кIезиг дерг хуьлу Путинна хууш доцуш.

Журналисто Захаров Андрейс хьасташна тIетевжина чIагIдо, Пригожин а, ЧВК "Вагнеран" куьйгалла а селхана Африкера Оьрсийчу баьхкина хилла.

Бохам хуьлучу мIаьргонехь хIаваэхь кхин а цхьа кема хилла, Пригожинца доьзна, - RA-02795 номер йолу бизнес-джет. Москвара Санкт-Петербурге доьдуш хиллера иза, Подмосковьера Остафьево бизнес-авиацин аэропортехь охьа а доьсинера. Цкъачунна информаци йац, мила хилла цу тIехь. Цхьа могIа телеграм-каналаша йаздира, доьхначу кеманахь Пригожин ца хилла хила а тарло, шолгIачу кеманахь вахана хила хьесап ду аьлла. Амма цунна а кхин тоьшаллаш дац.

  • Нийса ши бутт хьалха ЧВК "Вагнеран" тобанаша, Пригожина куьйгалла а деш, герзашца бунт гIаттийра Москва баха, Оьрсийчоьнан Iедалхоша карчам бар ду иза элира. Оцу йукъанна дохийра Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн масех беракема а, кема а.
  • Пригожинна дуьхьал айдина хилла бехкзуламан гIуллакх йукъахдаьккхира, ткъа "Вагнеран" йолахой Лукашенко Александрца барт а хилла, Беларуси дIабахара. Дукхахйолу хан Пригожина Оьрсийчохь йьаккхира.
  • Марсхьокху-беттан 21-чохь Пригожинца йаьккхина видео йаржийра, цу тIехь цо дIахьедира, ша Африкехь ву аьлла, дIакхайкхийра керла нах тобане гулбеш ву ша аьлла.
  • Пригожин Евгенийн – совдегар ву, дукха хенахь дуьйна Оьрсийчоьнан перзидентаца Путин Владимирца уьйрашкахь а волуш. Ресторанан бизнес лелош хиларца вевзира иза дуьххьара (Кремлера нахана йуург латторна "Путинан кхачанхо" аьлла, цIе тиллинера цунна) ; тIаьхьо Пригожина а, Уткина а ЧВК "Вагнер" вовшахтуьйхира – Кремлан интересашкахьа Шемахь, Африкехь, цул тIаьхьа Украинехь а тIемаш бина герзашца вовшахтоьхна формалехь доцу дакъа дара и. Стохка ЧВК йукъа эцнера иттаннашкахь Оьрсийчоьнан набахтешкара тутмакхаш. Йолахоша кхиамаш бохура тIамехь – доккхачу декъанна, бIаьста Бахмут схьайаьккхира церан тобанаша. Бунт эккхийтаран бахьана хIоьттира тIеман министраллица хилла конфликт. Шен политикан тIедахкарш а хьалхатоьттура Пригожина. Бунт йирзинчул тIаьхьа политикех лаьцна ца дуьйцура Пригожина, наггахь бен нахана йукъа а ца волура иза.
  • Пригожинан цIе иштта йоьзна йу троллийн фабрикашца а, церан болх Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь харжамашка йукъагIиртира аьлла, тидира. Америкехь троллийн фабрика кхоьллина аьлла, Пригожинна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллинера, Оьрсийчоь тIамца Украине гIортале хьалха санкцийн тептаршка йазвина а вара иза.