Меттанаш лакъорна тIера расизман биста кхаччалц

Your browser doesn’t support HTML5

Оьрсийн мотт - коьртаниг, кхиберш - десерт

Алпаут Рамазан

Оьрсийчуьрчу хьолах лаьцна хаам арахецна кегий къаьмнаш Iалашдарх йолчу дуьненаюкъарчу конвенцин консультативан кхеташоно. Оьрсийчоьнан Iедало 2016-чу шарахь еллачу информацин а, Кхеташоно 2017-чу шарахь Москох, Мурманскехь, Тюменехь, ГIезалойчохь, Краснодарехь бинчу талламийн а буха тIехь хIоттийна иза. "Idel.Реалиин" корреспонденто толлу Кхеташоно бинчу белхан жамIаш.

Доккхачу декъанна документо довзуьйту Кхеташоно Оьрсийчуьра меттанийн политикаца доьзна дина зераш. Авторша билгалдоккху Оьрсийчохь оьрсийн мотт массо бахархошна кхочу юкъарло тIечIагIдеш мотт хилар а, оцу хьелашкахь пачхьалкхехь лелачу официалан дIахьедарша кхидолчу меттанийн мах леррина лахбеш хилар а.

- Iедалхойн риторикехь а, Iедалан хаамийн гIирсашкахь а Оьрсийчуьрчу юкъараллашна пайде яц бохучу контекстехь гойту мулти-синмехаллаш – оцу ойланашца адамаш тоьтту къаьмнашна юкъара башхаллаш халкъанна кхераме ю, "могIарш гатбан беза" бохучу кхетамна тIе, боху бинчу талламо.

Бина тидамаш тIечIагбеш, масалш а даладо Кхеташоно.

- Теллинчу хена чохь дешаран хьукматашкахь алссам дIахедийна къаьмнийн меттанаш Iамо луш хилла сахьташ а, меттигашкарчу меттанашкахь дешар а. Дешаран реформа цхьана агIонна тIехьажийна дIахьо – оьрсийн мотт баржорна. Оцу хьоло гаттабо кегийчу къаьмнийн, дукха хьолехь шайн даймехкашкахь дехачу адамийн меттанашна кхочу аьттонаш, хаамбо документо.

Цо бахарехь, еш хилича а, терго кегий къаьмнийн синмехаллийн цхьана агIонна бен яц еш – эшаршна, хелхаршна.

-Хьалха а санна, кегий къаьмнийн синбахам бовзуьйту цхьацца хьукматашкахула дIахьочу барамашкахь, амма цара ца бохьу цхьа а пайда, фолклор толлучу говзанчашна доцург, билгалдоккху талламчаша.

Динан гаранашкахь йолчу кегий тобанашна бен тIеIаткъам

Бусалба наханна а, даьржина лелаш доцчу динийн векалшна а Оьрсийчоьно тIех шуьйра дуьхьал доху экстремизмах долу низамаш, ши мотт лелачу мехкашна, масала, ГIезалойчоьнна, официалехь духьал хIоттайо скептицизм (цадашар), аьлла хета Консультативан кхеташонна.

Оьрсийн матто хьоьшу массо а меттанаш

"Оьрсийн матто кхидолу меттанаш охьатеIадо", "къаьмнийн меттанашна дац деш гIо", яздо Кхеташоно. Оцу бахьанийца нехан аьтто бац шайн республикашкахь пачхьалкхан ларалуш болу ненан меттанаш Iамо, билгалдоккху цо.

Оьрсийн мотт баржор жигара а доккхуш, къаьмнийн меттанаш охьатеIо болийна 2006-чу а, 2012 а шерашкахь тIеэцначу дешаран реформаша а, 2009-чу шарахь юкъаяьккхинчу Пачхьалкхан Юкъарчу экзамено а, боху талламчаша.

Расизм а, ксенофоби а

Низамаша яржочу дискриминацех лаьцна аьлла ца Iаш, тергамчаша яздо кегий къаьмнашна дуьхьал лелачу ксенофобех лаьцна а.

Кхеташоно хаамбарехь, кегий къаьмнашна духьал шуьйрра яьржина лела дискриминаци, юкъа цим тийсар, расизм. Амма кIезиг ду Оьрсийчохь и санна долу зуламаш совцийна ала масалш – дац царна деш таIзар, чIагIдо Кхеташонан документо.

Сибрехара помораш, гIезалой, эрзя, мокша

Къаьмнийн векалшна шаьш оцу я кхечу къомах ду ала духьало йина масалш а даладо Кхеташоно. И тайпа дискриминаци ловчех ду, цо бахарехь, масале эцна долу Сибрехара къаьмнаш.

― 2010-чу шарахь ерриг а Оьрсийчоьнан бахархой багарбечу барамехь интервью оьцучу статисташа "сибрехан гIезалошна" хьоьхура къоман цIе деккъа "гIезало" аьлла язъяр, мокша, эрзя къаьмнийн векалшна – "мордва" шайх алар. ХIетахь хIоттийначу бахархойн тептарша гайта а гойту "мокша" къоманна тIеязбелла нах цIеххьана совбовлар. Цундела, масала, 2002-чу шарахь 47406 стагах лаьттина мокша къам 2010-чу шарахь официалехь лахделла 4178 стагна тIекхаччалц, боху документо.

Деккъа дIа, цIе хилийтархьама

Кхеташоно бечу хаамца, Оьрсийчоьно шен президентан векалийн могIаршкахь бац ца бахийта кхобу адамийн бакъонаш тергалъен омбудсменаш.

- 2017-чу шарахь марсабаьлла къовсам лаьттира ГIезалойчохь меттанаш, бухараниггий, оьрсийниггий, къийсалушчу хьелашкахь. Амма оцо цхьа а вахархо ца гIаттийна омбудсмене орца деха, цецъюьйлу Кхеташо.

Изза хьал ду массо а мехкашкахь санна – къаьмнийн меттанаш хIаллакбеш хиларца кIезиг бала бу омбудсменийн, билгалдоккху документо.

ГIалгIазакхашкара ницкъ

Пачхьалкхо гIалгIазакхех пайдаоьцу ша бахархой кхерош дIахьочу балха тIехь, яздо Кхеташоно.

- Консультативан Кхеташо саготта ю кегий къаьмнийн векалшна дуьхьал дIахьочу дискриминацин политикехь Оьрсийчоьно гIалгIазакхех пайдаоьцуш хиларна – герз караделлачу церан дакъоша гIелойо бахархошна, боху документо.

Цо дийцарехь, 2014-чу шарахь Сочера Олимпиадина гонах кепе латто араваьккхира 1000 гIалгIазакхи, кара полисхошначул алсам бакъонаш а елла. Краснодарехь нахаца къамелаш динчу Кхеташоно билгалдоккху махкара бахархой гIалгIазакхех кхоьруш хилар – царна полисхошначул а алсам ца деза славянех доцу къаьмнаш.