Румынера Оьрсийчу депортаци яре хьоьжучу Гериханова Аминина гIо дийр ду ООН-о

Гериханова Амина шен кIантаца

Оьрсийчоьнан тIедилларца Румынин Iедалхоша дIаяла тарлучу Нохчийчоьнан яхархочун бакъонан гIо лаца юкъагIоьртина мухIажарийн гIуллакхашкахула йолу ООН-н Лаккхарчу комиссаран урхалла (UNHCR). Еххачу заманчохь Украинехь яьхна Гериханова, тIом болабеллачул тIаьхьа оцу пачхьалкхера араяла гIоьртинера иза.

"ООН-н урхаллин векалш юкъагIоьртина тхан гIуллакхна. Тхуна цкъачунна гуттаренна а адвокат карийна цахиларна, цара бакъонца гIо латтадо. Тхуна веллачу юристаца къамел дина ас, дуьхьало йоцуш камери чохь йолчу Аминина тIекхача а, цунна юридикан гIо латтон а бакъо луш, кехатна куьйгъяздина ас. Аппеляци чу луш а, мухIажаран статус луш а цо гIо дийр ду", - аьлла, дийцина Аминин кIентан деден вашас Бахарчиев Амрудис.

Нохчийчуьра яхархочун гIуллакх дIадахьа говзалла йолу адвокат лоьхуш бу карарчу хенахь UNHCR-н векалш, хIунда аьлча, хIокху хьолахь "терроран гIуллакхаш луьсту леррина адвокат ву оьшуш". Юристана оьшу ахча хьалхо вовшахтоьхнера Евросоюзерчу нохчийн диаспорийн гIоьнца.

Къамел динчун дешнашца, Румынин Iедалхойн векало кху деношкахь интервью эцна Гериханова Аминигара- цо дийцина, мухIажаран статус йоьхуш, кехаташ чудаларан бахьанех лаьцна.

Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" (Швеци) ассоциацино дIахьедира, Украинан президентан офисо "дош делла Гериханова Амина шен кIантаца тIелаца а, цкъанцкъа а депортаци йа экстрадици ечу кхерамна хьалха иза ца хIоттон" а.

  • МухIажарийн декъехь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалецира 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцира "Вайфонд" цхьанакхетараллехь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажир бехкейина Шеман тIамехь дакъалацарна. Пхи шо гергга хан ю Гериханова Нохчийчуьра дIаяхна, Киевехь ехаш яра иза. Цуьнан гергарчарна бакъонан гIо латтош ю нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" организаци.
  • Румынин Сучава гIаларчу кхело Зазадокху-беттан 25-чохь баттана дIаяхйира Нохчийчуьра яхархо Гериханова Амина чохь латтон хан. Гергарнаш а, иза евза-езарш а тешна бу, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу юкъараллашца цуьнан уьйраш хилла яц аьлла.
  • Зазадокху-беттан 23-чохь Асвтрин коьртачу гIалахь Румынин векалтана хьалха дуккха а нах вовшахкхетта, пикет дIаяьхьира Гериханова Аминина экстрадици ярна дуьхьал.