Машенашна чуьра кир таллах а, иза Украине дIакхачорах а болу хаамаш бен-бен бу. Reuters агенталло бинчу хаамца, "Донецк – Изварино" цIе йолчу дозанан пунктехь оьрсийн машенашна чуьра кир талла буьйлабелла Украинин Iедалхой. КесталгIа цигга схьакхача безаш бу Европехь кхерамазалла ларйаран а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин векалш а.
Изза тIечIагIдо Фейсбукехула Украинин Малхбалехь тIеман операци дIахьочу ницкъийн пресс-центро а. „Украинин агIор кир толлуш 59 тергамхо ву. Царна юккъехь 41 Украинин пачхьалкхан дозан векал ву, ткъа иштта I8 дозан йолахо а ву. Оьрсийн машенашна тIера кир, цкъачунна йолчу информацица, Луганске хьур долуш ду“, - аьлла яздинера цу террорхошна дуьхьал йолчу операцин пресс-центро.
Цуьнца цхьаьна Украинин Къоман кхерамазаллин сервисан прессица болхбаран векал волчу Лысенко Андрейс динчу дIахьедарца, оьрсийн агIоно цкъачунна цхьанна а кепара я информаци а, я документаци а елла яц, шаьш дохьучу кирах лаьцна. Цундела, и кир официала украинхоша схьаэцар оьшуш долу кехаташ оьрсаша схьаделлачул тIаьхьа бен долалур дац.
BBC News агенталлин корреспондента, карарчу хенахь гуманитаран кир эцна йоьлхучу машенашна уллохь волчу, хаам бо, и болх кIиране бала а там бу, бохуш. Цуо дийцарехь, Украинин дозанхоша оьрсийн машенаш шайн махка дехьа йовлуьйтур йолуш ю, амма бац и машенаш ларйеш цаьрца новкъахь болу волонтераш а, Оьрсийчоьнан бохаман министраллин белхахой а, - беккъа цхьа машенийн шопарш бен. Оьрсийн векалшна метта гуманитаран колонна ларйийр ю Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран цхьаьнакхетараллин белхахоша.
Цу юкъана пIераскан дийнахь оьрсийн гуманитаран гIо эцна боьлхучара шайн машенаш чуьрчу кире хьовса кхайкхинера кху масех дийнахь кIирбелла шаьш тергонехь латтош болу Оьрсийчуьра а, Малхбузера а журналисташ. Шайгахь цхьа а тайпа ца магийна йолу хIумнаш, хуьлда иза герз я оьккхуьйтургаш, йоцийла массарна а дIагайта Iалашонца цара журналисташна ган а гойтуш схьайиллира ткъех машен.
Цу машенийн сарташ оцу сохьта интернет машанехула дIаса а даьржира. Тешаша дийцарехь, ткъа иштта цу сарташна тIехь гуш ма-хиллара, гуманитаран гIоьнна хьажийначу сурсаташна юккъехь тайп-тайпана гарзнаш а, дуга а, жимчу берийн даарш а, шишанашна чохь хи а, ткъа иштта арахь дIавуьжу галеш а ду.
Бакъду, цхьа а юхьIаржо йоцуш дIа ца дирзира и хIума. Журналисташа, уггаре а хьалха Financial Times газетин корреспондента Уивер Кортнис зорбане даьхначу сарташна тIехь гуш ду, машенаш эхан ахна а юьзина ца хилар. Нана йоккхачу кир лелочу машен чохь дIо цхьана маьIIехь Iоьхкуш гуш масех итт хир долуш кехатан гIутакха ду, кхин дIа йолу меттиг еса ю. Журналиста чIагIдарехь, и тайпа ах-еса машенаш 280 фурех лаьттачу коврахь дуккхаъ ю.
Интернет машанехь Украине хьочу оьрсийн гIоьнна гуонахьара хьал тидамехь латточу блоггерша оцу сохьта кхардаме цIе тиллира цу башхачу гIоьнна „гуманитаран хIаваъ“, аьлла. Ткъа шайн агIор оьрсаша и хIума шаьш лерина дина ду иштта, аьлла, мукIарло динера, нагахь санна новкъахь цхьа машен йохахь, цу тIера кира катоьхна кхечунна тIе дилла атта хилийтархьама.
Мухха делахь а, и вуно еха гуманитаран ковра, схьахетарехь, кхин а еххачу ханна дозанна уллохь лаьттар йолчух тера ду, агIонаш цу киран кхоллам билгалбаьккхина ца йовлуш.
Ткъа цу юкъана цхьана кхечу хаамо сингаттам кхоьллина Украинера хьал тергонехь латточаьргахь. ПIераскан буса оьрсийн тIеман техника къайлаха доза а хадийна, Украинина чугIуртуш шаьшна шайн бIаьргашца гина бохуш чIагIдо гуманитаран кир эцна йоьду оьрсийн ковра ларйеш дозанна уллохь буьйса яьккхинчу цхьаболчу Малхбузерачу журналисташа. Царна юккъехь бу The Guardian а, The Telegraph а корреспонденташ.
Сихонца оьрсийн къайлахчу сервсисаша пIераскан дийнахь дацаре дина долу и коста бакъхилар чIагIдира Литван арахьарчу гIуллакхан министро Линкявичюс Антанаса. Цуо дийцарехь, оьрсийн 70 тIеман машенах лаьттачу коврано яханчу буса къайлаха хадийна Украинин доза. И хилам Брюсселехь сихонца кхайкхийначу Евробертан саммитехь бийцаре бийр болуш бу.