Your browser doesn’t support HTML5
“Суна аллерги хуьлу оцу “демократи” дашах"
Iер-дахар, цуьнан мехаллаш моссаза хьахало а хеза терминаш «демократи», «либерализм».
Шина маьIнехь лела уьш юкъараллашкахь: цхьана декъо сий до, язйо, дуьне дикалле дуьгу институташ лору, кхечара пайда оьцу оцу терминех стаг бехван дош лохучохь.
ХIун ю демократи? Муха кхетайо либерализм шайн-шайн кхетам болчу политикаша, могIарчу наха?
Блиц-жоп иштта ду интернетерчу хьостанашкара схьалахьийна, ладоьгIча, масала, Оьрсийчоьнан премьерна Медведевна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыровна я президентна Путинна хетарехь.
Медведев: “Демократин юкъаралла иза дика кечбинчу, дешначу, лаккхара синкхетам болчу нехан юкъаралла ю. Оьрсийчохь, шеко яц, демократи ю".
Кадыров: "Со, тахана, халкъ вайца ду, халкъ, вай халкъаца ду, дуй хьуна, вай цхьаьна ду. Иза демократи ю, дац, кхетий хьо. Демократи - иза халкъо куьйгалла леладо до бохург дац, кхетий хьо. Демократи – иза Iедал а, халкъа цхьана хилар ду".
Путин: "Ткъа демократи хIун ю? Вайна дика хаьа. «Демос» - иза хIун ю? – Халкъ. … "Демократи" – иза «халкъан бакъо".
Шен кара шегара дарж деллачу лакхарчу хьаькамаша санна, дош лохуш къа а ца хьоьгу, ма-хеттара боху Кадыровс, хIун ю демократи шен кхетамехь.
Кадыров: “Суна аллерги хуьлу оцу “демократи” дашах".
Иза лакхарчу тIегIанерчу политикашна хетарг ду. Ткъа муха кхетайо демократи, либерализм политикан могIарчу тIегIан декъахь белахь а, Оьрсийчохь бевзаш болчу цхьаболчу политикаша?
"Хатта муьлххачу а либерале..."
Шевченко Максим – дуккха а наха, къаьсттина кавказхоша, лоруш а, дош лелаш а журналист-политик ву. Цунна демократи, либерализм шена уггаре хьалха дин доцчу нехан мехаллаш ю,. Маймалх шаьш схьабевлла боху нах ша дийнатан могIара хIиттабо, боху.
Шевченко: «Цхьатерра хIуманаш ду, Малхбаленна делахь а, Малхбузенна делахь а. Вай ша адамах дийцахь, Европаца вайн кхетам шалха болуш бу. Маршо адамна коьрта ю аьлла къастийна, борша-сте бохург а тIехь тIекъал а доккхуш, гомосексуализм, масала. Адам маьрша ду шена ма-луъу хила, боху Европан вахархочо.
Хатта муьлххачу а либерале, цо эр ду шуьга, вай маймалх схьадевлла, эволюци а еш. Вайна иштта ца го. Вай ваьш Дала кхоьллина лору, Везачу Дала. Вай яц дийнаташ.
Европахой кхетар боцуш ду вай бохург. Вай тайп-тайпана ду. Адам дуьнентIе далар а го вайна кхечу кепара.
Маршонах, адаман муьлха бакъонаш ларъян еза бохург къастош, ду юкъара цхьадерг. Амма ю вешан башхаллаш а.
Адамах болу кхетам вай стенна тIеэца беза цераниг? Суна хетарехь, вай цхьаьнакхета деза, оцу лаккхара кхетам болчу дийнатийн дуьненна дуьхьал латтархьама, вай лолле лаца богIучарна дуьхьал. Вайга, вай кхуллуш дуьйна елла маршо дIаяккха богIучарна дуьхьал.
Хилийта вайгара маршо вайна бале а, Достоевскийс ма-аллара, низамах хаьдда, шен къайле йолу маршо, амма ю иза вайн маршо".
Дарвинизм демократица, либералан мехаллашца иэбечу Шевченкон кхетам цуьнаниг бу. Алссам бу оцу кепехь кхетамашца иэбелла нах а. Ерриг а Оьрсийчоь хьожучу телевизионашкахула а тIехь хеза либералах «либераст» олуш а, оьрсийн боьхачу дашах «демократ» термин таръеш а.
"Набахте хийшабо конституци ларъе аьлла гIевттинарш а"
Нохчийчохь гуманитаран талламийн центран директор ву Эльсункаев Надирсолта. Цо дийцира Маршо Радиога, ша муха кхетайо демократи, либерализм, царна стенна бисина Оьрсийчохь боберан меттиг.
Эльсункаев: " Демократин къилба вайна коьрта хила деза, хIунда аьлча, вайн къоман ламасташца догIуш ду иза, нохчаша шаьш-шайн дахар дIалело кхоьллинчу демократин ламасташца.
Со кхета, 1991-чу шарал тIаьхьа демократех болу кхетам, либерализмах болу кхетам эшна, Оьрсийчоьно а Iаьвшина бала демократин институт юкъаяьлча. "Демократи", "либерализм" терминаш оцу эшамаша къел йитина, хетарехь.
ТIаьххьарчу 30 шарахь Оьрсийчоьно ловш болу и баланаш лаьттина бац, суна хетарехь, кху 100-150 шарахь а.
Делахь а, вай демократе кхийдар дуьтийла дац. Суна хетарехь, иза вайна пайде а ю, ца хилча а ца йолу. Иштта, суна хетарехь, цунах дийца догIу, компромисс карон еза Оьрсийчуьрчу политиканний, динанний элиташна. Ерриг а пачхьалкхна юкъара мехаллаш, кхетам оьшу, иза товш хила беза массо а къаьмнашна.
Оьрсийчоьнан конституци хила а тарлора иза-м. Ткъа таханлерчу хьолехь набахте хийшабо конституци ларъе аьлла гIевттинарш а. Империн кхетамо къаддо адам, нехан синош, экономика. Империн экспериментийн цхьа тIаьхьало бен ца хуьлу - цара баккхий бохамаш бохьу".
"Суна бевза нах-м бу оцу маршоне сатуьйсуш"
Украинехь веха Гелисханов Муса, иза могIара вахархо ву. Цо ша иштта кхетадо элира Маршо Радиога Оьрсийчохь стенна бу «демократи», «либерализм» боху дешнаш, цунна бухахь дерг бIостанехьа кхетадеш нах.
Гелисханов: «Коьртаниг вайна гуш ду, оьрсийн карахь цхьа хIума а дац. Суна гонах оьрсий а бу, царна лаьа-кх демократехь баха. Амма оцу къоманна хьалхабевллачарна ца лаьа.
Суна бевза нах-м бу оцу маршоне сатуьйсуш, цунах кхеташ. Телевизорехула гойту-кх «Путинехьа», «Оьрсийчоьнан цхьааллехьа» бохуш, ткъа дахарехь кхин сурт ду.
Вай, нохчий, цкъачунна нахана некъаш гойтучохь дац. Вешан къастам а бина, цхьалха баьлла бац вайн некъ тахана. Нахана хьехамаш бан жимма тIаьхьа дуьсуш ду вай».
“Либерал”– къинхетам, оьздангалла, адамалла бохург ду"
Лондонерчу Баталов Аптина а ца го "демократи", "либерализм" бохучу терминашца цхьа а вон.
Баталов: “Сан кхетамехь, “либерал”– къинхетам, оьздангалла, адамалла бохург ду. "Демократи" - халкъо, махко Iедал хоржуш, и Iедал дIакхоьхьуш хилар ду.
Пачхьалкхан баххаш демократин, либералан мехаллашца дозар, Iилмано кхеторехь, ду халкъо шена, шех хIора адам, цуьнан бакъонийн, маршонийн ларам а беш, паргIат дахар кхоллар. Liberalis – «маьрша», латинийн маттахь, δημοκρατία – «халкъан карахь Iедал», желтойн маттахь.
Тахана модехь ду и ши ниIмат емалдар. Делахь а, Iедална а, алссам бахархошна а герга волчу Шевченко Максиман кхетамца ца богIу могIарчу наха вайна хазийна кхетамаш. Демократи, либерализм тухуш-Iуттуш лаьллина а, лалла еза дахарера, аьлла хета цхьаболучарна. Оцу контрасто дакъаза доккху шайн а, ерриг а Оьрсийчуьрчу нехан а дахар, боху кхечара.