Оьрсийчуьра а, цига Юккъерчу Азера баьхкина а нах насвай (нас) олучу кΙур боцчу томканах баха дагахь ю Пачхьалкхан Дума. Цунах лаьцна рапорт кечйина Маршо Радион корреспондента Рекнагел Чарлза.
ПΙераскан дийнахь Оьрсийчоьнан Думано шолгΙа ладегΙарш дΙадаьхьина насвай тасар доьхку низам дийцаре деш.
Доккхачу декъанна, Юккъерчу Азера схьадаьлла а, цигарчу нахера оьрсаша а, кавказхоша а, кхечу къаьмнийн векалша а тΙеэцна а долу и кΙур а боцуш дегΙах дΙакхетаден томка бахархошка дитийта Ιалашо ю депутатийн.
Азиаташ Москох а, кхийолу мегаполисаш а яьхнна хиларе терра, бале яьлла Оьрсийчоьнна насвай – аьлча а, и йийраш, юхкурш, оьцурш.
Низам эшар а, иза тΙеэцаран гΙуллакх айдинарг а ду Думера Либералан-демократин партин дакъа, кампанин коьртехь шен лидер Жириновский Владимир а волуш. Насвай ехкаро Ιалашбийр бу оцу коьчале марзбелла оьрсийн кегийрхой, аьлла, яьккхина фракцино низаман проект кхоже.
Жириновскийн гΙовса Носов Дмитрийс дΙахьедира, насвай тосучех 95 процент бераш ду, иза цигаьрканел йораха йолундела, аьлла. Ткъа и юхкурш бу, боху Носовс, Москох нуй мел хьоькхуш болу азиаташ – уьш цигахь беннаш эзарнашкахь хилар тΙе а тухуш.
Насвай – томкан ченах шатайпа кеч а йой, гарголгашка ерзош коьчал ю. Иза багахь а латтайой, цунах долу никотин цΙийх дΙаоьйту и лелочара. Оьцу меттигаш яра хΙинццалц базарш, томкан туьканашка яланза яра иза.
Цхьаболчарна хΙинца Оьрсийчоьнан Дума насвай ехка араялар а хета шатайпа национализман демарш. Иза азиаташца а юзуш, царна рогΙера гΙелояран мур боло гΙерта Жириновскийн парти а, цунна тΙетийжарш а, бохура Маршо Радиоца къамелаш динчу узбекаша а, таджикаша а, гIиргIизаша а.
Узбекистанера ву Москох Ιаьржа белхаш беш веха Алишер. Цо ша дуьтур дац боху насвай тасар.
Алишер: «Ас иза лелийна, лелор а ю. Кхузахь дуккха а бу тхайнаш, цара а латтор ю иза суна. Жима беттанах 5 туьма доьху. Иза цигаьрканел йораха а ю, цигарканал кΙезиг зене а ю дегΙана».
Азехь йина ца Ιаш, Кавказехь а еш ю наха насвай. Я зен-зуламе лоруш а яц низамо и кечъеш туху ингридиенташ.
Ша насвай адамаша кхоьллина ду маситта бΙе шо. Цхьа Оьрсийчоь хилла а ца Ιа и лелор ехка лаам болчу пачхьалкхийн могΙарахь. Азерчу мехкаша а гΙаттайо цуьнца йолу проблема кест-кеста. 2008-чу шарахь Туркменистанан президента Бердымухамедов Гурбангулыс низам даьккхина насвай кечъян а, йохка а, таса а доьхкуш.
Лоьраша бахарехь, могашаллина баккъала а зуламе хΙума ю насвай. Корта хьийзор, юучух дог даккхар, кийра мустбар, ткъа ехха иза балдаш кΙел туьйсуш бехачарна балдех рак-цамгар кхетар – лела бохамаш бу, боху медицинан говзанчаша.
Иштта довзуьйту оцу хьокъехь Оьрсийчоьнан «Анти-Рак» юкъараллан декъашхочо, профессора Левшин Владимира.
Левшин: «Могашаллина боккха Ιаткъам бо насвайно. Дукха мехкашкахь дихкина ду и лелор. Соьга алалур дац, цунах мел, хΙун туху и кечъечара, амма ца тухуш-м ца юьту хΙумма - томкин хΙур а, кира а. Юккъерчу Азехь иза лелочаралахь балдашна рак кхетта нах дуккха а бу».
Оьрсийчоьнан Думано низам деношкахь тΙечΙагΙдийр ду. Амма ала дац, мел пайда бохьур бу цо никотинах са Ιабош насвай тосучу бухарчу божаршна а, тΙебаьхкинчу гастербайтерийн могашаллина а.