Харжамаш чекхбевлла. Официалехь жамI дIакхайкхо 10 де дисинехь а, шеко яц дарж юха а Путинехь дуьсуш хиларх.
Харжамийн Коьрта Комиссин куьйгалхочо Памфилова Эллас дозаллица дIахьедо, 2012 шарахь президент хоржуш а яцара оццул дика къепе, каппашкахь хааелла таьжгенаш шозза кIезиг ю. 7 меттиг бен яц харжамаш юхабайта безаш - Кемерово-махкарчу, Дагестанерчу, Крснодар-махкарчу цхьацца ярташкахь, Москох-махкарчу Люберцын цхьана куьпахь.
Люберцы-гIалахь жамI юхаэцна, масала, харжамийн батта чу каппашкахь кхаьжнаш кхийсар гучудаьлча. Видео яра социалан машанашкахь цунах тоьшалла деш яьржина.
Кхаьжнаш берраш а санна теллина. 67 % харжамхоша - 73 миллион вахархочо – бовзийтина лаам. Путинехьа бу 77% гергга нах. Грудининна кхаьжнаш тесна 12 процент ца кхоччуш бахархоша. КхоалгIачу меттехь Жириновский ву – 6 % гергга. Собчакний, Явлинскийний тесна 2-ий, 1-ий %.
Президентан гIентан долахо къаставелла велахь а, Iедалх боцчу тергамхоша Кремлан самукъанечу реляцех къаьсташ, шайн кепехь, шайн хьажамца туьду жамIаш.
Харжамхойн бакъонийн тергоечу "Голос" ("Аз") боламо а гулдина кхаьжнашца лелийначу харцонийн терахь. Памфилова Эллас хазийначул массийтта бIозза дукха ду иза – 2900.
Кест-кеста даьржара прессехь кху дехачу Iай, харжамаш хIиттабо бохуш, кеп лелайо Iедало, ткъа президентан дарже хуунверг вевзаш ву, иза Путин ву, олий.
Харжамаш хила денош дуьсуш леткъа буьйлабелира нах, шайна балхахь я доьшучохь тIедожийна харжамашка даха, бохуш. Иштта дара, масала, Новосибирскерчу медицинан университетерчу студентийн арз. Тамбоверчу Iедалан белхахошна тIедожийнера Путинехьа агитаци еш арахула лела. Ткъа Тюменехь почта кхоьхьу белхахой декхаребина хиллера харжамашка нах ийзо.
Путинехьа воцчунна лела а кхераме дара цхьайолчу регионашкахула. Соьлж-ГIалахь харжаман куьпахь шена яйна харцо нахала яккха воьллачу Собчакан штаберчу векална Ефремов Игорна вен кхерам тесира, яздо Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран 391-чу куьпахь харжамаш тергалбеш Iийначу Клепиков Дмитрийс.
Москохара, Петарбухара, Казанера яхана, Дагестанехь харжамашна тIехьожуш Iийначу тобан декъашхоша шайна кхаьжнаш таппашкахь чутуьйсуш дайра, дуьхьалдевлча, бухарчара йиттира, аьлла.
Фейсбук, Твиттер, Вконтакте, Ютуб, кхийолу а интернет-хьостанаш яьхна ю Оьрсийчохь харжамийн цIийнашкахь лелийначу харцонех тоьшалла деш яьхна видеош.
…Делахь а харжамаш бирзина. Путин ву, даима а санна, "рогIера" президент.
Оьрсийчохь паргIатонех, бакъ-демократех хьоьгуш беха нах, билггал гуш ду, реза бац халкъо бинчу харжамна. Цхьаболучара банне а бац и халкъо даггара бина, кхузаман технологешшен карахь йолчу Кремло шена пайденна тесна пал бу, боху. Масала, царех ву Iилманан интеллигенцино даима а шен кхаьжнаш дIалуш волу экономист Явлинский Григорий.
"Тхо дика кхетара и процедура бакъ-харжамех тера а йоцийла: хаамийн гIирсаш цхьа кандидат вазвеш, дериг а цунна латтош а хьийзаш, цуьнгахьа болх беш административан таронаш а йолуш" – яздо Явлинскийс харжамийн лорах.
"Делахь а, - боху Яблоко" парти йиллинчу, шерашкахь кхиийначу политико, - харжамашка сан вахар дозура хийцамашка сатийсарца, политика хийца Iедал декхаре дан дезаш хиларца".