Оьрсийчохь кхин белхаш бан бакъо йоцу Малхбузера адамийн бакъонашларяран цхьанакхетараллаша шайн белхахой а, церан доьзалш а цу махкара арабохуш ю. Цу арабаьхначарна юккъехь Оьрсийчоьнан бахархой а бу. Нохчийчохь тIемаш буьйлабелчахьана кхерамазалла бахьана долуш ишттачу юкъараллаша Малхбузе дIабаха гIодина дуккхаъчу нохчийн юкъараллин жигархошна а, журналисташна а.
Iамеркахойн Къоман демократин институтий, Дуьненаюкъара республикан институтий – и ши цхьанакхетаралла ю кху деношкахь сихонца шайн белхахой Оьрсийчура Малхбузене, уггаре а хьалха цхьанатоьхначу Штаташка, дIабуьгуш.
Дукхаъчу шерашкахь Оьрсийчохь кхиаме белхаш бина йолчу цу шина институто цу махкахь хIара шо доладелча дуьйна схьа юкъедаьлла долу „Дозанал арахьарчу агентех“ низам бахьана долуш кхин шайн проекташ кхочушъян бакъо йоцуш, Оьрсийчура офисаш дIа а къевлина, шайн белхаш дIаберзийна.
Церан белхахоша БиБиСи телевирадиокампанин журналисташка динчу мукIарлонца, тIаьхьарчу хенахь оьрсийн къайлахчу сервисан белхахой кест-кеста „хьошалгIа“ хIуьттуш хиллера уьш болчу, цу шина юкъараллийца болх беш болу Оьрсийчоьнан бахархой Малхбузенан шпионаш хиларна бехке бан йиш ю шайн, цундела шайца болх бича тоьлу шуна, боху къамелаш а деш.
Цундела, шайн белхахойн кхерамазаллийна сагатдеш, цара уьш массо а дозанал арабаьхна шайн доьзалшца цхьаьна.
Дуьненчохь дуккхаъ ю кхераме хьал кхолладеллачу адамийн бакъонашларъярхошна а, журналисташна а, яздархошна махкара бовда я кхечу агIор кIелхьара бовла гIо деш йолу фондаш а, цхьанакхетараллаш а. Нохчийчохь тIемаш буьйлабелча дуьйна схьа хийла вайнехан жигархошна а гIо дина цара, Малхбузе дIабаха а, цигахь а, мел кIезга а, хьалхарчу муьрехь дIатарбала а.
Иштта дуьненаюкъарчу цхьанакхетараллийн гIоьнца масех шо хьалха Соьлжа-гIалара кIелхьара а ваьккхина, Норвеге дIавахийтинчех ву вевзаш волу нохчийн адамийн бакъонашларъярхо Гисаев Ахьмад. Цуо дуьйцу шен ца ваьлла нисделлачу махкахваларх лаьцна.
Гисаев Ахьмад: „И тIом Нохчийчохь дIаболабелча дуьйна кхерам адамийн бакъонашларъярхошна а, журналисташна а хилла а бу, Путин Iедале веъчахьана и кхерам алсам баьлла а бу. Со суо а ву цу оьрсийн пачхьалкхехь кхерам хиларна дуьненаюкъарчу цхьанакхетараллаша араваьккхинчарех цхьаъ. Штаташкара пачхьалкхан департамент а яра, „Фронтлайн“ юкъаралла а яра, „Мемориал“ а, кхин а цхьацца тобанаш а яра со аравоккхуш гIо деш.
Со цу махкара араволучу дийнахь а Шереметьевохь цу оьрсийн Iедалхоша саца а вина, кехаташ дIа а даьхна, хIума лелийра, амма соьца хиллачу Францерачу цхьана журналисто ша, со дIа ца хецахь, дIагур вац, элира цаьрга, цул совнаха оха иштта „Мемориале“ а, кхечу адамийн бакъонашларъярхошка а и хIума дIа а хаийтира, цул тIаьхьа бен ара ца валийтира цара со“.
Маршо радио: Гисаев Ахьмадан дика евзаш цуьнан белхан накъост яра 20I0 шарахь Соьлжа-гIалахь цхьана цабевзачу наха лаца а лаьцна, ГIалгIай махка дIа а йигна, цигахь йийна хилла йолу адамийн бакъонашларъярхо Эстемирова Наташа.
Иза а яра цхьана муьрехь, цуо бечу белхашна а, язъечу артикалшна а реза боцучу ямартхоша кхерамаш тийсар бахьана долуш, махках яьккхиначарна юккъехь - цуьнан кхерамазалла Iалашъярхьама. Амма Наташа, дозанал арахь дукха хан ца йоккхуш, юхайирзира ДегIастана. Цул тIаьхьа дукха хан ялале шена кIело йина Iачу чаьлтачийн карах кхелхира иза, бохуш, дуьйцу Гисаев Ахьмада кхин дIа а.
Гисаев Ахьмад: „ХIинца вайца йоцуш йолу Наташа Эстемирова, Дала декъал йойла иза, 2008 шарахь цунна кхераме хиларна Лондоне дIайигнера, цигахь кхо бутт баккха бийзира цуьнан. Амма кхин цул сов цигахь Iен ца елла, цIаеара иза, цул тIаьхьа иза дIа а кхелхира. Иштта масалаш дуккхаъ ду.
Панфилов Олега язйинчу киншки тIехь цуо далош долу терахь 37 стаг ву, Нохчийчохь вийна, Путин Iедале веъчахьана. Царех 7 стаг тIепаза вайна ву, вуьш 30 стаг вийна карийна ву“.
Маршо радио: Нохчийн журналисташна юккъехь а бу дуккхаъ, царна тийсина хилла кхерамаш бахьана долуш, дуьненаюкъарчу цхьанакхетараллаша сихонца, кхелхьарабохуш, дозанал арабаьхнарш. Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Британехь а, Францехь а, Норвегехь а дIатарбелла уьш цу юкъараллийн гIоьнца.
Амма дукха бу хIинца а, верна-ваккхаран зила тIехула лела а лелаш, муьлхачу а мIаьргонехь кхераме хьал хIотта а йиш йолуш, хIетте а къайлаха а, гуш а шаьш беш болу белхаш ца буьтуш, лелаш болу жигархой ДегIастанахь, Къилбаседа Кавказехь а, йоллучу йокхачу Оьрсийчохь а.
Нагахь санна цхьана юкъараллин жигархочунна я журналистана кхераме хьал хIоттахь, хьаьнга мохь ала беза цуо я хьаьнгара орца кхача йиш ю цуьнга, аьлла шега хаьттича, иштта дийцира Гисаев Ахьмада.
Гисаев Ахьмад: „Уггаре а хьалха уьш кхета беза, Оьрсийчохь царна дан гIо доцийла. Иза дицдан дезаш хIума ду. Билгалдаьккхина хила деза, гIаскхийн пачхьалкхехь цхьа а шапаIат хир дац ларвала лууш волчунна. Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларъечу цхьанакхетараллашца зIене вала веза, уьш дуккхаъ йолш а ю. Масала, Фронлайн ю иштта цхьа юкъаралла. Иштта кху Европерчу пачхьалкхийн Iедалшца зIене ваьлча, цара а гIо до, махкара аравала а, юха юхьенцарчу хенахь чохь Iе меттиг хилийтарца а, ахчанца а“.
Маршо радио: Нохчийчура тIемаш болабелчахьана ДегIастанахь вийна доллучу дуьнентIера а I00 сов журналист, царех I8 нохчо а волуш. Дуккъах шайн корматаллийца а, похIмаллийца а, амма иштта доьналлийца а, бакъонехь къийсарца масала гайтинарш бара царна юккъехь.
Дукха хан йоцуш схьайиллина Соьлжа-гIалахь журналистикан музей, дийначийн а, байъинчийн а сийдан лерина йолу. Хир юй те цу музейчохь Эстемирова Наташина лерина эскпонаташ я маьрша Нохчийчохь баха а, болх бан шайн аьтто ца хиларна, карарчу хенахь Малхбузенехь бехачийн цIераш хьахийна бохург тамашийна хета.