Дукха ахча кхочурш леха Москох а, Сибрех а…
Оьрсийчуьрчу бахархошна юкъахь, алапаш дуьстича, кIоргга Iаннаш Iохкийла гойту шо доьрзуш пачхьалкхан ститистийн урхалло Росстато бинчу талламо.
100 000 сом а, сов а алапа оьцу оьрсийчоьнхойх 4,1 проценто.
Массарел а дукха алапа бутт боьрзуш доьзале хьо Оьрсийчоьнан уггаре шийлачу мехкашкарчу а, Москох бехачу а наха. Ямал-Ненцойн махкахь болхбечех доьалгIачу декъанна кхочу 100 эзар сов сом.
ШолгIачу меттехь ю Чукотка – 21 процент.
Москох болхбечех 17 процент бахархошна кхочу даккхий ахчанаш.
Сибрех а, кхиболу шийла мехкаш а кхобург мехкдаьтта, деза маьIданаш ду. Ткъа Москох дIагуллло уггаре дукха ахча, иштта, иза даккха хууш болу нах а.
Амма букъду, Москох хьалхара ю массарел кIезиг а, массарел дукха а алапаш наха оьцучу меттигашлахь.
Уггаре кIезиг алапа кхочучу регионашлахь ю Оьрсийчоьнан юкъ а, къилбе а.
Оьрсий шайлахь кIезиг бехачу къаьмнийн мехкашкахь, даима а санна, сов кIезиг бу белхаш, тIех лахара ду алапаш. Иштачу регионашкахь ах проценте кхочуш-ца кхочуш бу алапа 100 эзар соьмал сов кхочу нах.
Кавказах дерг аьлча, белхалойн доьалгIачу декъан алапа 10 эзар соьме а ца кхочу. Ткъа ша схьаэцча, Дагестанехь балхара оьцу ахча оцу бараме цакхочурш 35 процент бу, Кхарачой-Чергазийчохь – 30,5 процент.
Белхаш боцчу Оьрсийчоьнан регионийн билгало ю кхин цхьаъ а: къахьега меттигаш кIезиг мел хили а йоккха ю схьаоьцучу алапийн башхаллаш. Иза дика го Къилбаседа Кавказехь.
Белхаш бечу нехан юккъера алапа а ду Оьрсийчохь кеп-кепара. Лакхара алапаш лучу регионашкахь юккъера алапа 60 эзар соьме кхочуш делахь, Къилбаседа Кавказехь иза дац 15-20 эзар бен.
Ткъа Нохчийчохь?
Ерриг а Оьрсийчоьнан регионашца алапийн хьолаца Нохчийчоь юьстича, иза 81 -гIачу меттехь ю (85 регионашлахь). Болх а беш, цунах 100 эзар сов сом а кхочуш еха Нохчийчуьрчу хIора 100 эзар белхалошлахь 0,59 процент.
Балхахь болучех 29,5 процент нах бу Нохчийчохь шайн алапа 10 эзар соьме а ца кхочуш. Бехашболучарний, къенчарний юкъара ор а ду цигахь угаре кIоргачех. Кхушара болхбечийн юккъера алапа кхаьчна 14 эзар соьме (Москох иза 3-зза дукха ду). Схьаоьцу алапа доьзал кхаббал дац болхбечу нахах эха декъан.