Оьрсийчура боберашна орцахваьлла оьрсийн Iамеркахо Д’Джеймус Александр

Iамерка -- Д'Джеймус Александр ву Килиманджаро ломахь.

Д’Джеймус Александр Оьрсийчохь вина ву. Чолакх ву аьлла дас-нанас дIатесна бобер санна кхуьуш хилла иза Iамеркерчу доьзало ша дIавигале. Ткъа хIинца цо шен дахарехь баьхначу толамашна юкъахь ду Килиманджаро олучу лома вахар а.
Д’Джеймус Александра дийцархь, иза цуьнга дан делла Iамеркерчу наха шайн доьзале иза дIаэцар бахьана долуш. Цундела кху деношкахь Оьрсийчохь боберашна дуьхьал тIеэцна долу низам юхадаккхийта хьожур ву ша аьлла, араваьлла ву иза.

21 шо долу Д’Джеймус Александр Iамеркерчу Техас штатера колледжан студент ву. Ша санна тахана мачаш лело хьакъдолуш ду аьлла хета цунна кхин долу чолакх долу бераш а. Цу мачаша аьтто бина цуьнан Килиманджаро олучу лома ваха. Амма 6 шо хьалха Оьрсийчура цхьана боберийн хIуамехь хан йоккхуш цуьнан цу тайпа мачаш яцара. Уьш оьшуш а яцара цунна, хIунда аьлча цуьнан когаш лелаш бацара.

Александр цхьаъ ву Iамеркерчу бахархоша шайн доьзале а эцна хIинца кхин долу шаьш санна долу бобераш Iамерке дахкийтар доьхкуш Оьрсийчохь тIеэцначу низамна дуьхьал девллачу берех.

Оьрсийчоьнан Iедалша тIеэцна долу низам адамийн бакъонаш йохош ду аьлла хета Д’Джеймус Александрна.

Д’Жеймус Александр: «Цу низамца а догIуш, беранна гIоле хир ю, нагахь иза Iамеркерчу доьзалехь кхуьуш ца хилахь. Иза националистийн политика ю. Суна хетарехь, иза доккха зулам дар ду. Иза гIалат а ду, кхета хала долу, хIунда аьлча, хIора а беран коьрта бакъо ю доьзалехь даха, и доьзал муьлххачу а къомах хиларх.

Бераш Iамерке доьлхуш дац Iамеркахой хила Iалашо йолуш. Уьш цига доьзал хиларе сатесна доьлхуш ду. Нагахь доьзалехь даха боберан аьтто балахь, иза цуьнга ца дайтар цхьана а адамаллица догIуш дац».

ГIуран-беттан 28-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира куьг таIийначу Iамеркерчу бахархошна бобераш шайн доьзале эцар доьхкуш долчу низамо хIу хир ду ца хууш дитина эзарнаш бераш. ТIейогIучу хенахь иза хьакхалур ду 700 000 Оьрсийчура боберах.

1992-чу шарахь дуьйна Iамеркерчу хIусамаша шайн доьзалшка эцна 60 эзар гергга бер. Царна юкъахь ду дуккха а заьIап бераш. Оццул дукха Оьрсийчура бобераш дигина дац кхечу цхьана а пачхьалкхо.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо боберийн низаман проект сихонца тIеэцначул тIаьхьа Д’Джеймус Александр аравелира цуьнах низам ца хилийта гIулчаш яха.

ГIуран-беттан 20-чу дийнахь цо интернетехь петици яржийра цу низамна дуьхьал. Цунна къелла цхьана кIиранчохь куьйгаш таIийра 11 000 стага.

(Http://www.gopetition.com/petitions/voice-of-the-child.html)

ГIуран-беттан 26-чу дийнахь Паралимпийн ловзаршкахь дашо мидал яьккхинчу Оьрсийчура схьаяьллачу Iамеркерчу МакфадденгIара шайн доьзалехь кхиийна йолу Татьянас и петици дIакхачийра Вашингтонехь йолчу Оьрсийчоьнан векалалле.

Д’Джеймус дуьйцу, шен истори уггара дика тоьшалла дара Путине цара кхайкхам беш дало мегар долу бохуш.

«Сайн дахарехь, жима волуш дуьйна цкъа а сайн доьзал хир бу аьлла хетта вацара со,- бохуш яздо Д’Жеймуса.-Сан дас-нанас дарбанан хIусамехь витира со, заьIап ву аьлла. Соьца цигахь хан йоккхуш дара 100 гергга бер. Уьш массо а заьIап бераш дара.

Церан бала болуш бацара церан дай-наной. Цу берийн цIийнехь вуно ледара хьелаш дара. Шийлачу Iай йовхо ца хилара. Аьхка хи ца хилара. Дешаран процесс ледара яра. ЦIаналла юьйцур а яц вай. ЗаьIапхошна оьшуш болу гIирс тоьаш бацара. Амма уггара доьхнарг дара цхьа а стаг хьо везаш а, оьшуш а ца хилар".

Амма Д’Джеймусан аьтто хилира цIеххьана шен дахар хийца. Боберашна гIо деш йолу Happy Families International Center кхоьллина йолу Шагинян-Нидхэм Наташа хилира 2006-чу шарахь Пензан-коштIахь Лахара Ломов-гIалахь долчу боберийн цIийнехь филм йоккхуш.

Цигахь гира цу зудчунна чIургаш тIехь долчу у тIехь дIасалелаш волу Шулчев Александр. Шагинян-Нидхэма гIо а деш, иза дарба лаха Iамерке вигира Майкла а, Элена Д’ЖеймусгIара.

Техасерчу Даллас-гIалахь Александрана, лелаш боцу ши ког дIа а баьккхина, хийцина меженаш ехкира. ТIаккха и кIант везавеллачу Д’ЖеймусгIара шайн доьзале ийцира иза. Александара дуьйцу цара кхаъ белира Iедалхошна, и процесс сихъяр Iалашонца бохуш. Цуьнан 15 шо дара, ткъа кхечу доьзале дIавала мегар долу хан цхьа шо даьлча чекхйолуш яра.

Оцу хенахь дуьйна цуьнан дахар хийцаделла. Иза когсалазаш хахка а Iамийна, цунна стипенди а делла Техасерчу Остин-гIалахь йолчу университетехь деша. Стохка Мангал-баттахь Д’Жеймус Александр вахара Килиманджаро цIе йолчу лекахчу лома.

Ткъа хIинца ша санна долу берийн хIусамашкахь долу бобераш политикан демагогийн гIурбанаш хилийта ца лаьа шена бах цо.

Д’Жеймус Александр: «Зорбанан гIирсийн йийсарехь йолчу Оьрсийчохь къийса хала ду. Амма сайга далуш дерг дийр ду аса. Аса дуьйцур ду, со цу дехкарна дуьхьал хилар. Аса баш дукха хIума ца дина оьрсийн маттахь Оьрсийчурча аудиторина тхайн хьал дуьйцуш.

Амма со дагахь ву кхузахь, Iамеркан доьзалшкахь, дехачу берех лаьцна дийцарш гулдан а, и дийцарш Оьрсийчурча зорбанан гIирсашкахь, жимчу газеташкахь даржо а».

Колледж чекхяьккхича Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш тоеш болх бан дагахь ву Д’Джеймус Александр. Бераш кхечу пачхьалкхашкарчу наха шайн доьзалшка эцар чIогIа лазаме хаттар ду аьлла, хета цунна.