Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думано Федерацин дакъойн куьйгалхой халкъе харжамашкахь билгалбохуьйтуш долу керла низам юкъадаьккхина бутт хьалха. Амма и низам кийтарлонца хΙоттийна, цо ца ло нахана, цхьа зама хьалха санна, маьршша къастам бан бакъо, иза еккъа кепана, оппозицига пачхьалкхехь демократи яц ца бахийта бен арадаьккхина а дац, аьлла хета политикаш дуккха а бу Оьрсийчохь. Кху деношкахь оцу керлачу низамца шайн мехкийн конституцеш дΙанисъеш ю регионашкара парламенташ.
Хьалхалерчуй, хΙинцалерчуй Путин Владимиран президенташлахь пачхьалкхан куьйгалхочун цΙе лелийначу, юккъерчу президента, Медведев Дмитрийс, ша дΙавоьдучу тΙаьххьарчу сохьташкахь дΙахьажийра парламентан листаршка оппозицино дерриг а Ιай протестан гуламашкахь далхийна, халкъе губернаторш харжийтарх долчу низаман чарх.
Амма дацара иза Путина шен куьйга къел премьеран даржехь виса кхачийна волчу Медведевна цΙеххьана Оьрсийчохь демократин марш бетΙийла лаьа, бохург. Дара цунна а, Кремлана а, Ιедалерчу истеблишментан дайшна а ши экха цхьана тоьпан даьндаргаца ден лаар.
Цхьаъ делахь, карара хеца йиш-х яций, хьалха ша президент волуш Путина ма-хуьллу тΙеоьзна, халкъан маршонаш Кремлан караерзош, буьйнахь латтае архаш. ШолгΙа делахь, урхаллера долуш лаьтта хьал а, Болотная майдана хьалхина бахархой а тебар. Терзанна тΙехь санна, и дуьхь-духьала хΙутту ши Ιалашо, ши гамо, йижорхьама тΙеоьцуш дара низам.
Цуьнан маьΙана цундела нисделлачух тера ду я Ιедална парггΙат шех жоп лойла а доцуш, я халкъана хецна луш паргΙато а йоцуш парламентера арадалар. Федералан дакъойн куьйгалхой халкъо паргΙатчу харжамашкахь къастош бу, боху «N 40-ФЗ» терахьца даьржинчу низаман цхьана декъо.
Ткъа шолгΙачу декъехь боху, халкъан кхоже кандидаташ бохку, къошташкахь депутаташа а, куьйгалхоша а уьш къобалбинчул тΙаьхьа. И бохург ду, цхьана кегийчу гонаша къастор бу губернатор я мехкан да хила магабе нах, цул тΙаьхьа царех шайна тайннарш язбийр бу харжамийн цΙийне воьдучу вахархочо шен кара лучу харжамхочун бюллетена тΙе.
Оцу кепо юьхьхадайо, буьззина харжам бан таро ца ло халкъана, боху къамелаш лела тахана Оьрсийчоьнан коьрта шахьарарчу а, мехкашкарчу а оппозицехь. Оцу юкъанна мехкийн конституцешка керлачу низамо хьоьху артиклаш язъеш ю регионийн парламенташ. Масала, халкъо шена тΙера куьйгалхо цкъа а хаьржина а йоцчу Дагестанан парламент а тΙехь.
Нохчийчохь тахана тΙех актуале а дац мехкаша дийцареден куьйгалхой харжаран низам. Цхьаъ делахь, махкана куьйгалхо ша президентан даржара воссале къастийна Медведевс кху Ιай – Кадыров Рамзанна цо йиллина хан кхин а пхи шо ю. Ткъа дуккха а адамийн кхетамехь, дуьне кхачалуш а кхачор доцу паччахьалла ду оцу стагехь.
Делахь а Нохчийчохь верриг а лаьттачу хьолана кΙера ву, реза волу кеп дΙакхоьхьуш лела, дош ала а ца баьхьа нах, бахар а хир дац нийса.
Махкарчу коммунистийн куьйгалхочо Ахматов Мохьмада ца лечкъадо шена хетарг. Цо иштта балхийра шен цатешам.
Ахматов Мохьмад: «Ιедал кхераделла ду хаъал. Хιунда аьлча, кху шийлачу Ιай наха, ара а бевлла, хаийтира шаьш резабоцийла. Ткъа кхайкхийнарг – иза жΙаьлина дΙаьΙахк кхоссар ду, мехкашкахь куьйгалхой хоржуьйту нахе, бохург. Цу низаман мах со воцчу политикаша а къастийна, харжамаш бац уьш, халкъан тидам бижон гΙертар ду. Цундела, лацархьама харжамашкахь дакъалецар ца оьшу тхуна. Тхан партино бакъ ца бина я Ιай а я бΙаьста а хилла харжамаш, царех дерг кхеле а делла оха. Делахь а, оццу Оьрсийчоьнан харц Ιедало арахецна низамаш а кхобуш дΙалела тхо. Оццу низамо магочу кепехь протестан гуламаш а дΙахьо. Эзарнашкахь арабуьйлу тахана нах. Со а, сан Нохчийчуьра накъостий а хилира Москохарчу Манежан майданарчу гуламехь цкъа кху Ιай».
Нохчийчуьрчу компартин декъан лидеран Ахматов Мохьмадан ойланца бехаш дуккха а бу нах. Ишттачаьрца а хилира Маршо Радион къамелаш. Мехкан дай харжар цхьана декъанна халкъан каралучу низамах а, цунна гонаха Оьрсийчохь а, мехкашкахь а лелачу боламах а лаьцна оха алссам дуьйцур ду тхешан кΙиранан а, оршоьтан а программехь.