Iаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто зорбане даьккхина Лаьттан бахархошна дин лело кхочучу аьттонийн терго еш ша шарахь цкъа арахоьцуш долу тептар. Оьрсийчоь хьахош, цигахь Iедало цхьаболчу нехан динан бакъонаш хьоьшуш ю, боху тептаро. Иза бакъдац, боху, шен жоп цу сохьта хазийна цунна дуьхьал оьрсийн мозгIарша.
Дуьненна а демократин паргIатонаш хьоьхуш схьайогIучу Iаьмеркан пачхьалкхан департаментан ламаст ду, Лаьттан хIора а декъа тIехь бехачу нехан бакъонаш а зуьйш, цигарчу адамашца церан президенташ, паччахьаш, эланаш, канцлерш мел къиза бу я бертахь бу гойту шеран рапорт арахоьцуш.
Дахначу шарахь йинчу мониторинган жамI ду хIинца даржийнарг. Дуьненан ялххе а декъах хьакхалуш ду тептаро Iорадоху сакхташ. Дин шаьш ма кхетадарра лелон, я цхьа а дин ца лелон нах маьрша боцчу пачхьалкхийн могIарахь ю ткъеиттех пачхьалкх.
Масална ала, доккхачу декъанна шиIат ларалучу ГIажарийчохь бакъонаш талхайо суфийн, бусулбачу Мисарахь - керстанийн, Пакистанехь, Индонезехь - "ахьмади" шаьш шайх олу мазхаб лелочийн, керста Европехь - бусулбанийн, Китайхь - ламаистийн, бусулбанийн, иштта дIа кхин а.
Бусулба ларалучу Малхбалерчу пачхьалкхашкахь тидаме долуш хIума ду дуккха а бахархой я бойъуш я набахтеш чу бухкуш хьийза Iесалла Iорайоху низамаш. Пакистанехь, масала, Iесаяларна бехке а йина, чохьъяллош ю юкъараллин жигархо Биби Асия.
Динца лараме вацара, аьлла, вийра стохка цигахь Пенджабан губернатор Тасир Салман а, жимчу къаьмнийн гIуллакхийн министр Бхатти Шахьбаз а. СаIуда Iаьрбийн махкахь къизалла яллайо вахIабхойн мазхабе гома хьаьжначу стагна тIехь.
Стохка гурахь 500 гIаж а тухуш, шарахь набахтехь кхаба кхачийра цигахь вахIабхошка ларам бац, аьлла, шиIато Алмараб Мансур, ткъа Автрале дIавахийтира 75 гIаж а тоьхна.
Динца доьзна, и лелор я ца лелор бахьане а оьцуш, дукха дараш дина нахана стохка Нигерехь, Эритреяхь, Тунисехь, Либехь, Таджикистанехь, Узбекистанехь, Бирмехь, БахIрейнахь, кхечу пачхьалкхашкахь. Дин лело маршо йоьхуш, шаьш шайна цIе тесна, ткъеха тибетхо вегира Китайхь. Маситта килс эккхийтина, бIеннашкахь нах байъира Нигерехь. Маьждигаш лехийтина дуккха а нах хIаллакбина Иракъехь.
Дин бахьанехь нахана дахар къахьдечийн могIарахь нисъелла, демократи олу маршонан хазна шен аганахь техкийна, кхиорца, сийлаллехь йолу къоьжа Европа а.
Бельгехь, Францехь, масала, дихкина бусулба зударшна никап, я чухта тиллина цхьацца юкъарчу меттигашка баха. Иза ерриг Европана эхье ларадогIуш хIума лору Цхьанатоьхначу пачхьалкхан депортаменто ша даржийначу рапорта тIехь.
Динан маршо лакъор дуьйцуш уггаре къизачу Нигерна я Бирмана кхачочул а дукха - итт могIа - кхачабо тептаро Оьрсийчоьнна. Динан экстремизмаца къуьйсу, бохуш, шайн дин лелочу могIарчу бусулбанашна тIеIаткъам бо Iедало Къилбаседа Кавказехь.
Динан тобанашна, церан декъахошна тIелета, уьш дIалоьцу Iедалхоша, "Экстремизмана дуьхьалояр" цIе йолчу низамна тI а тийжаш, билгалдоккху тептаро. Цу тIехь Iаьмеркан Цхьанатоьхначу Штаташа емал до Оьрсийчоьно, кхераме ду бохуш, бусулбанашна туркойн шайхан Нурси СаIидан жайнеш деша дехкар а, керстанех болу "Иеговн тешаш" (Свидетели Иеговы), китайхошкара кхаьчначу "Фалуньгун" олучу динан кепан тобанаш, саентологаш хьийзош хилар а.
Дуккхаъчу оьрсийн газеташа, бусулба дин сийсаздеш, араяьхна артиклш яьржа ерриг а Оьрсийчухула, боху тептаро. Цо харцоне дуьллу Оьрсийчохь стохка террорхойн ю, аьлла, къаста а йина, 19 бусулба юкъаралла дIакъовлар, цаьрца къийсам болор.
Оцу бехкамаша аьтто бо хьакамашна муьлхха а шайна ца тайна волу бусулба стаг террорхойн могIаршка вилла, олий доьрзу Оьрсийчуьрчу хьолах долу тептаран дакъа.
Иштта бу Штатийн пачхьалкхан департаменто арахецначу рапортан чулацам. Рапорта йозан тIера шекъа дакъаделла далале аьлча санна сиха яппар-жоп делла Клинтон Хилларин хьукматна Оьрсийчуьра.
Яц жоп луш ерг Кремль, бац могIара динлелорхой - Оьрсийчоьнан килсан дай бу. Iаьмеркан дIахьедар политикан букъ тIе хаийна ду, ша таллам - хьал ма-дарра зийна а доцуш бина бу, боху зорбанехь Москохарчу Патриархатан килсанний, юкъаралланний юкъаметтигаш лелочу декъан куьйгалхочун гIовса протоирейс Рощин Георгийс.
Оццу кепехь емал до Iаьмиркахойн рапорт кхечу оьрсийн мозгIарша а. Цара шаьш лучу жоьпашкахь кега а ца до Оьрсийчохь динлелочарна мел бакъонаш йитина я ца йитина, бохург. Iаьмиркахой харц бу, уьш харц болундела, бохучу маьIнехь ду церан жоьпаш.
Ткъа мел бух болуш ду динна гонаха лелачух лаьцна Iаьмерко далхориг хуур ду Дагестанехь я ГIалгIайчохь, Нохчийчохь я Кхарачойчохь де-буьйсу даккха вагIахь рапортна жоп луш волчу могIарчу протоирейна Рощина а, эшахь патриархна Кириллна а. Ткъа оьший царна бакъдерг бохург дуьсу, хьалха а санна, я гуш а, я кхеташ а доцчохь.