Дика а, оьзда а адам хиларца Эскиева Нурсет шен цхьана гонна бен евзаш яцара хΙинццалц. ХΙинца иза ерриг Нохчийчоьнна а евза. Оьрсийн телевизионехь хаарш къовсучу «Поле чудес» («Ιаламатийн майда») программехь тоьлла иза.
ПIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан телевизионехь, Хьалхарчу Каналехь, гайтира Эскиева Нурсет. Суперловзарехь цунна кхаа дашах шиъ девзира. Программин низамашца а догIуш, толам баьккхинарг лоруш ю иза. Нурсета Маршо Радиога дийцира, ша оцу программе муха кхечира.
Эскиева: «Со даима а, сайна мукъа хан яьлча, «Поле чудес» а, «Своя игра» а ларъеш Iара. Сайн каяьллачухула кроссвордаш а йора ас. Сан нана дIаяьлла селхана ши бутт кхечи. Цкъа, со оцу программе хьожучу хенахь, ас цу чуьрчу хеттаршна сихха жоп луш хезча, цо соьга элира, Нурсет, хьо а яха езар-кха цу программехь дакъалаца, аьлла. Цига вахча, хьайх жоп делла а ма ца волий, жима а ца хилча, бохуш, ийзалуш Iара со. Эххара а цига телефон а тоьхна, цара деллачу хеттаршна жоп а делла, ишша кхечира со цига».
Эскиева Нурсет "Поле чудес" программехь дакълаца йоьдучу хенахь, ша къоман векал юйла а хууш, сингаттаме яра, юхьIаьржа хIоттарна кхоьруш. Амма дерриг а дика чекхделира, цо бахарехь.
Эскиева: «Кхоьруш-м яра со. Цара цигахь тхоьга элира, шайн каналехь шу нахана а, гергарчарна а гича а доккха хIума ду, цундела, толам баккхар дац коьртаниг . Амма сайн дагахь со реза яцара. Со толам баккха яхана яра цига. Ишта хетара суна. Суна цигахь хинболу пайда а ца гора. Со новкъа йолуш иза дара сан дагахь. Нохчийн къоман дуьхьа араяьлла а яра со».
Нурсетна Iедалан цхьаболчу даржхоша гIодина Москох йоьдуш. Амма уггаре а чIогIа хазахеттарш бу могIара бахархой, бохуш, кхидIа а дийцира «Поле чудес» программин толамхочо.
Эскиева: «Гарзанийн хьовла а, Iаж а, цига бахьа базарехь оьцуш, цигарчу зударша, шаьш-шаьш хьуна доIанаш дийр ду-хьуна, Деле хьо йоьхур ю хьуна, толам баккхий йолалахь, баьхнера соьга. И жоьпалла дара суна тIехь. Хала дара. Йохар а, дара. Уллехь лаьттачо «А» элп аьлча, ас а , иза юха аьлча, суна хиира, хьал сан Iуьналлера долуш дуйла. Амма баллаш ца йоххуш, сайгара рагI кхечаьрга дIаяхарна кхоьруш, жоьпаш элира ас».
Телехьожийла наггахь бен латош воцу Соьлжа-гIалара вахархо Руслан хьаьжна оцу телевикторине. Шен ишшта дагна там хиланза дукха хан яра, элира цо.
Руслан: «Хила ма еззара, йовлакх коьртахь хиларца а, амалшца а нохчийн зуда яра иза. Гуш дара-кх цуьнан хьекъал, доьналла, шан ларийта цунна хаар а. Нохчийчохь хIара тIемаш болуш, чуьра ара а ваьлла, дIавах йиша йоцуш, массанхьа хьийзош, аэропорте боьлхуш кисанаш дIатоьгуш, нохчочун цIе яьккхийча, иза эккха вахча санна хеташ бара.
Тахана вайна гуш ду-кх вай террористаш доцийла. Гуш ду, нохчий тахана шайн культура а йолуш, хьекъал а, доьналла а долуш нах буйла. Мел чIогIа Iаткъам бахь а, къар ца луш, шайн хIума лардина нохчаша».
Кху муьрехь Оьрсийчоьнан телевизионан майданашкахь билгалъялларг цхьа Эскиева Нурсет хилла а ца Iа. Оццу Хьалхарчу Каналехь кхин цхьа программа ю, яьккхий рейтингаш йохучарех - «Голос». Цигахь а ву нохчо, йишлакхархо Умханов Шарип, толамца къийсалуш схьавогIуш. Цхьаболчу эксперташ бахарехь, иза тоьлла чекхвала а мега. Ткъа оцу конкурсан йозаллах лаьцна аьлча, стохка цигахь толам баькхкина гIезало Гарипова Дина Евровидене яхийтира Оьрсйичоьно шен векал а йина.