Your browser doesn’t support HTML5
ДуьнентIехь я, аьр вай, Оьрсийчохь, мел хуьлу дика я вон шина хьесапехь туьду социалан машанаша. Хедабечу мехаша къастабо уьш хедабечу нехан шайн бакъ мехаш а.
De mortuis aut bene, aut nihil – Беллачех я дика ала, я хIумма а ма ала. Хьекъал долчу наха 2500 шо сов хьалха баьхна иштта. Цул тIаьхьа дуьнентIе дуьйлучу дуккха а чкъоьрнаша лар а дина.
Ткъа вайн заманан кхин бу битамаш, кхетамаш, кхардамаш, сардамаш…
Селхана санна ду тахана а Оьрсийчохь вевзачун кхалхар, махканна хилла бохам бийцар-хьахор.
Шема эпсарш, цаьрца артисташ, журналисташ эцна доьду кема дохарх баккхийбераш халахеттачел а алсамбевлча санна ойла кхоллало, масала, Фейсбук теллича.
«Цхьаболучара кхиберш бехкебо нехан деIахкаш тIехь бохьбоьгIучу нахана хелхаран бохь бийгIа боьлхуш беллачу нехан деIахкаш тIехь бохьбегIарна» - аьлла ю цхьана нохчочун пост.
Цунна буха язйина комменташ:
- Бакъх ду иза!
- Хуьлда и велларг мостагI а, бусалбано бугIур бац бохь адаман деIахкаш тIехь.
- Ткъа керстано бугIий?
- МостагIчун валарх воккхавер дихкина ду.
- Ткъа со-м ву, ша хьераваьлча санна, бохь бугIуш!
Вукхо: -ХIорс-вай !
Беллачу нахах Фейсбукехь пост хIоттийначух ву вевзаш волу журналист-нохчо, «Дош» журналан коьртачу редакторан гIовс Дудуев Iабдулла. Бохамбаьлча нахалахь ойла шалхаяларо гойту пачхьалкхо вай цкьа а метта а догIур доцчу кепехь шина декъе декънийла, вуно кхераме ду пачхьалкхера хьал, яздо цо.
Дудуев: «Сан кхетамехь, ши агIо талла догIу, нохчашна хетарг а, ерриг а Оьрсийчохь хетарг а. Нохчаша иза, цхьаболучара, Делан кхелаца дузу, нахаца къизалла лелочарна шайна а йолу дуьхьал къизалла, боху цара.
Оьрсийчохь цхьана хенахь нохчий хала нах бу, цундела Iедал а хила догIу цаьрца шога аьлла хетара нахана. Ткъа тIаьхьо Iедало ша нохчашца леллийна къизалла ерриг а Оьрсийчухула яржийра. Цундела оьрсашлахь а бу алссам пачхьалкханна вон хилча, пачхьалкх къобалъечарна вон хилча, баккхийбераш.
Нохчийчохь тIом боьдуш а богIура цига шайн федералашна концерташ яла оьрсийн артисташ. Уьш вайнаха оццу къизачу салтийн могIара бохий, цабезамца тIе а оьцура…»
Иванов Антон цIе лелаечо яздо Фесбукехь: «Вайга боху доггах кадамбе.Ткъа вай кадам бан безарш новкъабевлла, шаьш Iедалан леш хиларна. Оцу тIера доло деза хиллачух долу дерриг а къамел. Кремлерчу хьераваьллачо бIеннаш эзарнаш байийтина, бойуьйтур а бу. Ткъа вайга бохург – тезеташка хIитта, догцIенна а хIитта! ХIитталой ткъа, ерриг а кийтарло ган а гуш?»
…Амма, муха а, хIуъа а лелахь а, оьздачу нехан гIиллакх веллачунна хьалха даима а хилла цхьаъ - De mortuis aut bene, aut nihil – Беллачех я дика ала, я хIумма а ма ала…